Россин Федерацин Президентан майхьлера №600 йолу Указ кхочушдаран Iалашонца субъекташкахь беш боккха болх бу. Амма иза хIора а субъектехь тайп-тайпана бу. Указ кхочушдарехь долчу Нохчийчуьра хьал а довзуьйтуш, тхан хаттаршна жоьпаш делира Нохчийн Республикин гIишлошъяран а, хIусамийн-коммунальни бахаман а министран декхарш кхочушдеш волчу Сакказов Iалимус.
– Iалиму, сих-сиха хеза №600 йолу Указ дуьйцуш. Уггаре а хьалха цу указан ма-ярра цIе а, Iалашо а йовзийтахьа тхуна.
– Россин Федерацин Президентан В.Путинан 2012-чу шеран 7-чу майхьлерчу указийн могIарехь ду №600 йолу Указ а. Атталлина №600 йолу Указ аларх а, цуьнан ма-ярра цIе «Россин Федерацин бахархошна бегIийлаш а йолуш, эцалур йолчу механ хIусамаш яран а, хIусамийн-коммунальни хьелаш тодаран а агIонаш» ю. Цу Указан Iалашо цIаро а йовзуьйтуш ю, кхидIа тIетоха хIума а доцуш.
– Вай дуьйцуш долу Указ кхочушдарехь хIун гIулчаш яьхна Нохчийчохь?
– Россин Федерацин майхьлера №600 йолу Указ кхочушдаран Iалашонца, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Р.Кадыровн тIедилларца республикехь тIеэцна регионан программа, 2013-2017 шерашна лерина а йолуш, чохь Iен кхераме лерина йолчу хIусамашкара бахархой республикин фондерчу керлачу хIусамашка дIакхалхоран Iалашо йолу.
– 2017-чу шеран 1-ра сентябрь тIекхачале, Дала мукъ лахь, республикехь 20I2-чу шарахь талламаш а бина, чохь Iен кхераме ю аьлла, къастийна йолу хIусамийн фонд дIаяккха дагахь ду вай. Цу шарахь бинчу талламашца къастийначу фондан барам 50,5 эзар квадратан метр ю я 191 гIишло.
– Программа болх беш йолу шолгIа шо ду. ДIадаханчу 2014-чу шарахь цуьнца боьзна, бинчу белхан жамIаш муха ду?
– ДIадаханчу шарахь, цу программица доьзна а долуш, вай 6 доккха цIа дина, 9 эзар сов квадратан метр барам а болуш. И 6 цIа дина а даьлла, дIадалар бахьана долуш, 180 петар чу вахана 592 стаг. Царна кхаьчна йолу и петарш чохь берриге а аьттонаш болуш ю. Иштта ду-кх 2014-чу шеран жамIаш.
– Карара шо а чекхдала герга дахана. Кху шарахь шаьш беш болчу балхах лаьцна хIун эр дара ахь?
– Карарчу хенахь, тхан министерствос Соьлжа-ГIалин Ленински районехь 7 гIат долуш долу 3 цIа даран белхаш бу дIахьош. Кхуьй а цIа «Трампарк» олучу куьпахь ду. Декабрь баттахь бахархой чубаха кийча а хир ду. Цу цIенош чохь 10 эзар сов квадратан метр ю. Чохь Iен кхераме лерина йолчу 30 гIишло чуьра нах кхалхор бу цу 3 цIа чу. Доккха хIума ма ду иза!
– Программа еккъа цхьана Соьлжа-ГIалахь кхочушъеш ю?.. Я кхечу меттигашкахь а бу беш белхаш?
– Хаттар иштта даларо халахоьтуьйту… Соьлжа-ГIала республикин пачхье яра аьлла, цуьнгахь озабезамаш беш ма дац тхо. Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, ша хIара программа юкъаяккхар тхуна тIедуьллучу хенахь къастийна а ма дара, цхьана Соьлжа-ГIала хьийзаш а ца Iаш, дийнна республикехула бан беза и болх аьлла. Соьлжа-ГIалахь а, Хьалха-МартантIехь а, ГIойтIахь а, Теркан районан Горагорск поселкехь а я беш, я бан болон безаш бу цу программица боьзна болу белхаш.
– Финансашца кхачояр мичхьара ду : Соьлжа-ГIалара я Москвара?
– Финансийн доккхах долу дакъа Москвас шена тIелаьцна ду. Нохчийн Республикин Куьйгалхочо къобал а йина, вайн республикин программин проект Москва яьхьча, боккхачу кхиамца чекх ма яьллерий… Москвас 75 процентана финансийн декхарш шена тIе а лоцуш. Цундела Соьлжа-ГIала тIеоьшуш долу 25 процент декхарш такхий бен декхарийлахь яц. Кхузахь суна ала лаьа, 75 процент финансийн декхарш Москвас шена тIелаьцна еккъа цхьа вайн республикин проект бен яц. Цхьайолчу регионийн проекташна 21– 28 процент бен декъа ца яхана Москва. Проектийн дикалле хьаьжжина ду Москва декъе яр. Цо гойту, вайн Iедало и проект кечъярехь мел чIогIа къахьегна. Проектаца боьзна болу берриге а белхаш дIабирзинчул тIаьхьа, иза регионан Куьйгалхочун стоьла тIе кхача езаш ю. Цо къобалйича бен, Москва дIахьош яц. Вайн проект Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана къобалйича, Москвас къобалйира. Иза дара 2013-чу шарахь. Хенаца а яра вайн республика уггаре а хьалхарчеран могIарехь. Иштта хьал ду-кх Россин Федерацин Президентан 2012-чу шеран 7-чу майхьлера №600 йолу Указ кхочушдарца.
– Iалиму, Дела резахуьлда хьуна тхан хаттаршна кхоччуш жоьпаш дала хан карорна!
— Дела реза шуна а хуьлда!..
Интервью дIаяьхьнарг –
И.ХАСАХАНОВ
№104, шинара, 15 сентябрь, 2015 шо