Нохчийн халкъана а, цуьнан куьйгаллина а «диканиг хуьлийла» лууш болчу цхьаболчу шуьйрачу хаамийн гIирсашна рогIера кхин а цхьа бахьана даьлла харцо кхолла, эладита даржо, кIайниг Iарждан гIорта. Амма хIинца шайна хетачу жамIашка кхача аьтто ца бели церан. Дукхах болчара, лаккхарчу тIегIанан даржашкахь а тIехь, къобалдеш тIеийци Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дина рогIера «девне» дIахьедар.
ХIун бахьана дара электронни гIирсаша оцу дIахьедарна сел боккха тидам тIебахийтар, сел чIогIа бала кхачарца иза дийцаре дан, иза емал дан гIортар? ГIуллакх доллу дукха хан йоццуш прокурора Билобровеца дехарца Южно-Сахалинск гIалин суьдан суьдхочо Перченкос шен сацамца шена юкъахь Къуръана тIера сураташ а долуш йолу «Деле доIа дар, Исламехь цуьнан маьIна а, меттиг а» аьлла йолу книга экстремизман чулацам болуш ларар.
Муьлххачу а бусалба стеган дагах кхетар болуш сацам бара иза, ма-дарра аьлча, Исламан дуьненахь шен башхачу гIуллакхашца дика вевзаш волчу Кадыровна-м муххале а. Уггаре а хьалха цо дагадаийтира дуьненахь цхьаъ ах миллиард болчу бусалбанаша Деле кхайкхар, шайн гIуллакхаш «Аль-Фатихьа» дешарна тIера дIадолош хилар. Цундела оцу гIуллакхах шена хетарг, шалхонаш йоцуш, ма-дарра дIа а довзийтира.
Суьдхочо а, прокурора а бинарг шайтIанан, питанчин болх хиларна тидам тIе а бохуьйтуш. Уггаре а хьалха Россин Генеральни прокуратурина а тIехь, хаамийн гIирсашна ца дезаделларг царах шайтIанаш алар дара. Кхузахь дагадаийтира бакъонан лехамашна тIегIерта дезаш хилар, цушинна бух боцуш харц цIерш тахка мегарг цахилар. Амма «дицделлера» дуьненахь бехаш болчу цхьаъ ах миллиард бусалба нехан дог-ойла цара йохийна хилар.
ТIаккха шайтIанех шайтIанаш ца аьлча долурий, нагахь бина сацам церан амалшца богIуш хилча? Цуьнга хьаьжжина дара бакъволчу бусалба стага делла жоп а: Къуръанан сурат экстремизман амал йолуш хиларан хьокъехь болу сацам тIеэцна суьдхо а, прокурор а шайтIанаш, питанчаш хилар чIагIдира. Иштта тидам тIебахийтира Россин законаш а, хьашташ а лардаран меттана оцу кепара болчу сацамаша махкахь къепе хиларна, кхерамазаллина кхерам туьйсуш хиларна. Цул совнаха вайн махкахь дехаш долчу тайп-тайпанчу динийн векалшна юкъара барт бохо гIертар а лара догIу иза.
Оцу гIуллакха тIехь Кадыров Рамзанан массарал хьалха гIо лаьцначарах вара Россин муфтийн Кхеташонан сопредседатель Аширов Нафигулла. Цо дийцарехь, муфтиято арз яздийр ду Южно-Сахалинск гIалин суьдо бинчу сацамна дуьхьал. «Говорит Москва» радиостанцина ша еллачу интервьюхь цо дIахьедира оцу кепара йолчу текстех лаьцна светски суьдан сацамаш бан бакъо цахиларан хьокъехь.
Оцу сацамца доьзна Кадыров Рамзана дина дIахьедар шаьш даггара къобалдеш хилар дIахаийтира Нохчийн Республикина тIера Россин Пачхьалкхан Думин депутаташа. Иза суьдан лакхарчу тIегIанашкахь бохабайтарна тIехьажийна шайн тIегIанехь шаьш билггал гIуллакхаш дийриг хиларан хьокъехь дIа а хьедира.
Оцу хиламца доьзна «Стеган бакъонаш ларъярехьа» аьлла болчу боламан куьйгалхо Пономарев Лев доккхах долчу декъана реза ву Р.Кадыровс динчу дIахьедарца. Цунна хетарехь, и тайпа бух боцу сацамаш тIеоьцу Iедалшна шаьш муьтIахь хилар гайта гIерташ болчу шайн гIуллакх ледара девзаш болчу суьдхоша а, эксперташа а. Iедало тидам тIебахийта безара иштта хьал нисдарна, амма цкъачунна хуьлуш хийцамаш бац.
Нийсонан боцу сацамаш тIеоьцуш болчу суьдхошна а, прокурорашна а таIзарш дар лоьхуш Кадыров Рамзана къамел дарна бехкевеш болчара дицдан ца деза бух боцуш болу сацамаш тIеоьцуш болчу Iедалийн векалийн гIолаца мегарг цахилар, билгалдаьккхира регионашна юкъарчу ассоциацин бакъонаш ларъяран «Агора» организацин куьйгалхочо Чиков Павела. Цо дийцарехь, дуккха а шераш ду материалаш экстремизман чулацам болуш ю-яц ларар къастийна цхьалхадаккха дезаш долу. Цунах бакъонца берриге а махкахь гIуллакх деш йолу цхьа конвейер хилла дIахIоьттина. Эзарнаш тексташ, книгаш, листовкаш язъеш болчу авторшна санна, уьш дIасаяржош болчарна а боккха кхерам болуш гIуллакх ду иза.
Бакъонаш ларъярхочо чIагIдарехь, цу тIехь нийсонан кхиэл йийр ю бохург дийца оьшуш а дац, хIунда аьлча суд дIаяхьа тарло материалан автор вехаш воцчу гIалахь, ур-аттал цуьнга хаа а ца хоуьйтуш, суьдан кхеташоне а ца кхойкхуш. Оцу кеппара, цуьнан таро ца хуьлу шена хетарг довзийта. Шайх теша хала долчу эксперташа дакъа а лоцуш, къайлах дIахьош йолчу кхеташонехь къастадо иштта гIуллакхаш. Цундела суьдхойн, прокурорийн гIо лоцучу хенахь вай дицдан мегар дац царах дукхах болчара деш дерг юкъараллин хьашташ лардаран дуьхьа деш цахилар.
Тайп-тайпана ду Ислам-динна деш долу тIелетарш, иза емал дан гIертар. Масала, «Сова» юкъараллин эксперта Кравченко Марияс дийцарехь, Россин суьдаша кес-кеста лору Ислам-динан литература экстремизман чулацам болуш. Цо дагадаийтира Къуръана тIехь долчу аятех кхетош Кулиев Эльмира язйина книга ехка гIертар. 2013-чу шеран 17-чу сентябрехь Новороссийск гIалин Октябрьски районан суьдо, гIалин транспортни прокуратуро дехарца экстремизман чулацам болуш лерира цуьнан «Смысловой перевод священного Корана на русский язык» книга. И бахьанехь динах тешаш болчара йоккха гIовгIа яьккхира оцу гIуллакхца доьзна. Бина сацам дIабаккха дийзира.
Цунна хетарехь, «Деле доIа дар, Исламехь цуьнан маьIна а, меттиг а» аьлла йолчу книгина анализ еш эксперташ шайна тIедехкинчу декхаршца билгалдина доцург дан гIоьртина Южно-Сахалинск гIалахь. Церан бакъо яцара текстан юридически мах хадо, цу юкъахь экстремизман билгалонаш ю-яц ала. Иза суьдан декхар ду.
Суьдхочуьнгара девлла гIалаташ даррехь гуш доллушехь, хиллачунна къера хила кийча волчух тера дац Южно-Сахалинск гIалин суьдан куьйгалхо Чухрай Александр. И сацам тIеоьцуш суьдера гIалат даьлла хила тарло аьлла хеташ ву иза Цо чIагIдарехь, хьесапе эца деза суьдхоша нийса боцу сацамаш тIеоьцуш меттигаш нислуш хилар. ТIаккха цара баьхна кхиамаш гайта гIерта. Цхьана а кепара хаалуш дац динах тешаш болчарна хьалха бехказавала гIортар. Суьдхошна дагахь яц церан дегнашна шаьш йина чевнаш, ишттачу «балхо», сацамаша мехкан суьдан дийнна системех билггал ойла кхуллуш хилар. Оцу дерригено ондда шеко кхоллайолуьйту суьдан куьйгалхочо шайн белхан дикаллех лаьцна далийначу бакъдолчара. Царах Iехо гIертачул шен куьйгаллина кIел болу суьдхой шайн декхар законо ма-лоьхху кхочушдан хьуьнаре хилар теллича нийса хир дацара? ШайтIанийн амале а ца доьрзуьйтуш.
Л.МАГОМАЕВ
№104, шинара, 15 сентябрь, 2015 шо