ПохIме Iилманча, дика вовшахтохархо

(Нохчийн Республикин Iилманийн академин академикан, физикин-математикин Iилманийн  докторан Керимов ИбрахIиман – 60 шо)

скачанные файлы

Тахана республикехь  а, генна цуьнан дозанел арахьа а дика евза Iилманчин  Керимов ИбрахIиман  цIе, къаьсттина геологин  Iилманан хьаьрмахь. Ларамаза ца хилира цуьнан Iилманан новкъа валар а. Школехь волуш дуьйна а вара ИбрахIим физика, математика, царна гергара  долу  дешаран  кхин  низамаш а кIорггера Iаморе  хьашт  долуш. 9–10-чу классашкахь  волуш  цо  кхиамца дийшира  Москварчу пачхьалкхан  университетан (МГУ-н) физикин-математикин  школехь а (заочно).

И.Керимов вина 1955-чу шеран сентябрь беттан 15-чу дийнахь Казахстанан Семипалатински областан  Чарски районан Чарская  юьртахь. 1964-чу шарахь Даймахка цIа а боьрзий, Грозненски районан Iалхан-ГIалахь  Iен-баха дIатарло кхеран доьзал.

1972-чу шарахь,  Iалхан-ГIалара №1  йолу  юккъера школа  чекх а йоккхий, академикан  М.Д.Милионщиковн  цIарах  йолчу  Соьлжа-ГIаларчу мехкадаьттан  институте  деша  воьду хинволу Iилманча. ХIетахь  оцу дешаран учреждене  деша хIотта атта дацара. Цкъа  делахь, мехкадаьттан промышленностана  говзанчаш кечбаран институташ иштта  дукха а яцара, шолгIа делахь, СССР-хь тоьллачех  цхьаъ  лоруш хиллачу  цига  деша  баха луурш дукха хуьлура. Вуьшта  аьлча, кIорггера  хаарш  доцчунна йихкина  яра  цуьнан неIарш. Оцу институтан «МаьIданаш талларан геофизически  методаш» факультетехь  доьшуш волуш гучудолу  кIантехь Iилманан-талламан  белхашка лаам хилар. ПохIме студент  шайн тидаме  оьцу хIетахь  институтехь  болх беш  хиллачу гоьбевллачу Iилманаша Г.П.Забаринскийс, Г.М.Сухаревс, Б.К.Лотиевс, С.С.Итенберга. Церан тIеIаткъамца хуьлу  Iилманан некъ къастор а. Институт чекхъяьккхича, цигахь балхахь  вуьту И.Керимов, аспирантурехь деша а доьшуш. Оцу  шерашкахь шен куьйгалхочуьнца геолого-минерологически Iилманийн докторца, профессорца, Россин хьакъволчу геологца Б.И.Лотиевца  цхьаьна  цо  юкъаяьккхинчу методах шуьйра  пайдаийцира Краснодарски крайхь, Малхбузе  Кавказехь а  мехкадаьтта лоьхуш  дIабаьхьначу талламан геофизически белхашкахь.

1984-чу шарахь И.Керимовс кхиамца чIагIйо геолого-минерологически Iилманийн кандидатан диссертаци. ХIетахь дуьйна цуьнан Iилманан а, хьехаран  а болх мехкадаьттан институтах бозабелла бу, ма-дарра аьлча-м, Iилманан новкъа иза  ваьккхинарг а и институт ю.

Бакъду, оцу дешаран учрежденин дахарехь шен маьIне  лар йитина ша ИбрахIима а. 80-чу шерашкахь геологоразведочни факультетан декан волуш, дуьххьара ИбрахIима  вовшахтуьйхира кхечу пачхьалкхашкарчу  студенташца болх бар.

Ерриге а республикина санна, хала даьхкира институтана 90-гIа шераш. ТIамо йохийра гIишлош, хIаллакбира  Iаморан-Iилманан бух – библиотекаш, лаборатореш, дIаоьхура  говзанчаш. 1992–1997-чуй шерашкахь институтехь тайп-тайпанчу  даржашкахь  волуш  – кафедрин заведующи, Iаморан-методически  балхехула  проректор, институтан  ректор – цо шен ницкъ кхочург дерриге а дира институт ларъян гIерташ, оцу  халчу шерашкахь экологин кафедра  схьаелла а ларийра, цхьамогIа Iилманан статьяш а, ткъа иштта «Нохчийн Республикин  мехкадаьттан  комплексан геоэкологи» монографи  ара а хийцира.

IMG_1027

Бакъду Ичкерин Iедалшца юкъара  мотт ца  карийра ИбрахIимна.  1997-чу шарахь  цхьана  ханна Москва дIавоьду  иза. Амма де-буьйса  доцуш, институтан хьашташна ведда лелачуьра (хуьлуш баркалла а доцуш) мукъаваларх хаарца  пайда ийцира цо. Шен дахаран некъ Iилма хаьржина  волу ИбрахIим Россин Iилманийн академин  О.Ю.Шмидтан цIарахчу Лаьттан физикин цхьаьнатоьхначу институтан докторантуре  деша  воьду.

1999-чу шеран гурахь Нохчийчу  юха а тIом беара. Цуьнан дур-р Соьлжа-ГIалина гена а далале, 2000-чу шеран бIаьста, дIадоладелира дешаран учрежденеш меттахIиттор. Хала мур бара иза – Соьлжа-ГIала меттахIотталур яц,  ВУЗ-аш Гуьмсехь, Аргунехь, дIатаръян еза бохурш бара. ХIетахь Республикин куьйгаллехь хилла Кадыров Ахьмад-Хьаьжа жимма малвеллехь  и иштта хила  тарлуш дара. Оцу  халачу  муьрехь  Россин Федерацин дешаран а, Iилманан а министран омрица  мехкадаьттан  институтан  коьртехь  юха а Керимов ИбрахIим  чIагIвира (2000-чу шеран  мартехь). Йоццачу хенахь институтехь буьззинчу барамехь дешаран процесс дIайолоро гучудехира ИбрахIиман вовшахтохараллин хьуьнарш.

Олуш ма-хиллара, тIулга тIехь тIулг ца буьтуш, йохийна институт меттахIоттор  атта хIума дацара. Студенташна охьаховша  меттигаш нисъяр а, Iай йовхо  латтор а, хьехархой  схьагулбар а, царна  белхан  алапа хилийтар а, оьшучу литературица  кхачояр  а, Iаморан лаборатореш вовшахтохар  а, кхин а мел дара уьш, тахана  цхьа ша-шех хилла а хеталуш, хIетахь шайна  тIехь  ондда къахьега дезаш хилла гIуллакхаш. Амма, оцу  чолхечу  заманахь институтан ректор хилла И.Керимов а, цуьнан  накъостий а дика  ларийра  шайна  хьалха  лаьттачу декхаршца. 2007-гIа шо кхаччалц бира цо  мехкадаьттан  институтан  ректоран болх.

Оцу юккъехула  ша докторантурехь  дешначу  институтехь 2004-чу шарахь  физикин-математикин Iилманийн  докторан диссертаци  чIагIйо цо.

Карарчу хенахь ерриге а ойла  тIеерзийна Iилманан декъехь  къахьоьгуш  ву Керимов ИбрахIим. 2002-чу шарахь  дуьйна  Россин Iилманийн академин  Iилманан-талламан комплексни  институтан (КНИИ РАН) геологин, геофизикин, геоэкологин  отделан куьйгалхочун  болх беш ву иза. 2008-чу шарахь  дуьйна  оццу институтан  директоран  арахьарчу зIенашкахула  заместитель а  лаьттира. Цуьнан Iилманан белхан лаккхара мах хадор  хилира 2007-чу шарахь  И.Керимов Нохчийн Республикин  Iилманийн академин  бакъонца волу декъашхо  (академик) харжар.

Тахана Нохчийн Республикин Iилманийн  Академин вице-президент а, Лаьттах долчу Iилманан отделан куьйгалхо а  ву иза.

Карарчу хенахь  йолчу шайн Iалашонех лаьцна  дуьйцуш, И.Керимовс билгалдоккху:

– Цхьана хенахь  берриге а  махкахь а (СССР ю юьйцург) евзаш яра  геологийн, геофизикийн Соьлжа-ГIалара школа, масийтта институт  яра  (Соьлжа-ГIалара мехкадаьттан  институт, СевКавНИПИнефть, ГрозНИИ, иштта кхин а) гоьбевлла бевзаш Iилманчаш бара (П.П.Забаринский, Б.К.Лотиев, Г.М.Сухарев, С.С.Итенберг…). Вайн Iилманчийн Iилманан-талламан белхех шуьйра  пайдаоьцура лаьттан  маьIданаш толлуш. Республикехь лаьттинчу тIеман хьелаша доккха зиэн дира геологин  Iилманна. Дукха говзанчаш республикера дIабахара. Тахана чIогIа оьшуш ду геолого-геофизически школа меттахIоттор, и оьшуш хилар гуш а ду. Шен маьIданашца  чIогIа  хьал долуш ду вайн латта. Мехкадаьтта, газ хилла а ма ца Iа  вайн лаьттан кийрахь, гIишлошъяран коьчалш, дарбане, довха хиш, тайп-тайпана металлаш, шовданаш ду, кIора болуш меттиг  а ю вайн-м. И маьIданаш талла говзанчаш оьшу. Оцу декъехь тхайн ницкъ кхочург дан гIерташ а ду тхо. Iилманан-талламан комплексни институтехь, Академехь отделаш ю, кIез-кIезиг вовшахкхеташ говзанчаш бу,  арабуьйлуш Iилманан белхаш бу. Доцца аьлча, карарчу хенахь тхайн коьрта  Iалашо йина оха хьалхатеттинарг геологийн, геофизикийн Соьлжа-ГIалара школа меттахIоттор ду-кха.

И.Керимовх лаьцна дуьйцуш, нийса  хир дацара цуьнан юкъараллин балхах ца аьлча  а. Нохчийн Республикин юкъараллин  палатин дешаран а, Iилманан а комиссин куьйгалхо а, ткъа иштта Iилманийн Дуьненаюкъарчу Пагуошски комитетан  декъашхо  а ву иза. Юкъехула аьлча, И.Керимовн дIадолорца  вовшахтоьхна  яра  2010-чу шеран апрелехь  Соьлжа-ГIалахь хилла йолу Регионашнаюкъара Пагуошски Симпозиум.

ГIобанхойн (Кубански) пачхьалкхан технически университетан а,  С.И.Вавиловн цIарахчу естествознанин, техникин  историн институтан а Iилманийн  докторийн  диссертацеш чIагIъяран диссертационни  кхеташонийн декъашхо ву И.Керимов.

2011-чу шарахь дуьйна цуьнан дIадолорца д1ахьош ю «Геология, геофизика и геоэкология Северного Кавказа» темина Ерригроссин Iилманан-технически конференцеш. Цара дика Iаткъам бо Москварчу, Казанерчу, Ростоверчу, Ессентукерчу, кхечу гIаланашкарчу  Iилманан учрежденешкарчу Iилманчашца  гIуллакхаллин уьйраш чIагIъян. Оцу белхан  беркате тIаьхье лара  догIу  И.Керимов а, «ЦНИИгеолнеруд» Iилманан-талламан институтан директор Е.М.Аксенов  а коьртехь  волуш (жоьпаллин  редакторш), авторийн тобано зорбане кечйина «Минерально-сырьевые ресурсы ЧР» монографи.

Iилманан 150 сов белхан автор ву И.Керимов. Царна юкъахь ю масех монографи а, ткъа иштта иза редактор волуш, зорбане евлла  справочникаш а («Полезные  ископаемые  Чеченской Республики», «Гелогия  нефтяных месторождений Тереко-Сунженкой нефтегазоносной области»).

Боккха болх бо ИбрахIима Iилманан тIаьхье кхиош а. Иштта, И.Керимов Iилманан куьйгалхо  а  волуш,  чIагIйина цхьаъ Iилманийн докторан а, шиъ Iилманийн кандидатан  а диссертацеш. Карарчу хенахь  цуьнан куьйгаллица  диссертаци чIагIъян  кечвелла  цхьаъ докторант а, кхоъ аспирант а ву.

Iилманехь а, юкъараллин дахарехь а цуьнан къинхьегаман  хьуьнарш билгалдаьхна  «Нохчийн Республикин  дуьхьа   хьуьнарш гайтарна» мидалца, «Нохчийн Республикин  Iилманан хьакволу  деятель», «Россин  Федерацин  корматаллин лаккхарчу дешаран сийлаллин  белхахо» цIерш яларца. Иштта, ша жимчохь  дуьйна сатийсина  Iилманча  хила болу  лаам дахарехь кхочушхилла ИбрахIиман,  цо гIуллакхца гайтина  ша  похIме Iилманча а, Iилманан  белхан  дика вовшахтохархо  а хилар.

ХIара къамел Нохчийн Республикин Iилманийн академин президентан, историн  Iилманийн  докторан Гапуров  ШахIруддин дешнашца дерзо лаьа.

– Вайн дукха кIезиг бу физикин-математикин  Iилманийн докторш, царех цхьаъ  ву   Керимов ИбрахIим. Билггал похIме, воккха  Iилманча ву И.Керимов. Цуьнан цIе  Россехь  евзина  ца Iаш, дуьненан  Iилманан гуонашкахь а евза, Iилманан белхаш зорбане  буьйлу  Москвахь  «Iилма» издательствехь. Цуьнан Iилманан белхашкара масалш даладо дозанал арахьарчу  изданешкахь. Къаьсттина билгалдаккха  лаьа  ИбрахIим  Iилманан  дика  вовшахтохархо  хилар. Цунна тоьшалла ду мехкадаьттан институтехь цо  меттахIиттийна Iилманан лаборатореш, тахана  къона  говзанчаш  кечбарна  тIехьажийна  цо беш  болу  болх.  Iилманехь  баккхийчу  кхиамашка кхаьчна иза, амма цуьнца  ца хаало  цуьрриг  а  куралла, тешаме  дика  накъост, вуьззина  къонах  ву. Ткъа  коьртаниг – шен гIуллакхана  охIла  волуш стаг ву, шен  цIийца, сица  Iилманча  ву. Меттиг  баьллачуьра, Iилманийн  академин  президиуман а, республикин  Iилманан ерриге  юкъараллин а  цIарах вина 60 шо кхачарца   ИбрахIим  даггара декъалван  а лаьа. Iилманехь  кхин а лекха  лакхенаш йохуш, Дала кхин дуккха а шерашкахь могаш-маьрша вахавойла  иза.

 

Хь.АБОЛХАНОВ

№104, шинара, 15 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: