Цхьа-ши дош…

Сийлахьчу Маккахь боккха бохам хилла. ХьаьжцIа (Аль-Хьарам) шордеш белхаш беш йолу йоккха башенни кран чIогIа мох балар бахьанехь, охьайоьжна. Оцу бохамехь 105 стаг кхелхина, 240 гергга стаг лазийна.

                                                  ***

Индин цхьана шахьарахь газ иккхина. Цигахь лаххара а 80 стаг кхелхина, лазийнарш шозза алсам бу.

                                                  ***

Синай ахгIайренан къилбаседехь Мисаран эскарша ондда тохар дина «Иблисан пачхьалкх» гIеранашна, царна юккъера 60 сов стаг хIаллак а веш. Чевнаш йинарш цхьа бIе сов хир бу.

                                                  ***

Хонкарахь юха а эккхар хилла. И зулам диначохь ши полицейски кхелхина. Эккхийтар дарна бехке лоруш бу Курдистанан белхахойн партин декъашхой.

                                                  ***

Ч1огIа догIанаш даьхкинчул тIаьхьа хиш дестарца доьзна Iаламан бохам хилла Японехь. Пхи стаг велла, итт стагах хилларг цкъачунна хууш дац.

                                                  ***

Иерусалимерчу маьждигехь палестинхой а, израилхой а вовшахлетта. Вийна стаг вац. Амма лазийнарш иттаннаш бу.

                                                  ***

Европин мехкашка схьаоьхуш болчу мигрантийн барам лахлуш бац. Деккъа цхьана кIирандийнахь Германерчу Мюнхене кхаьчна 12 эзар мигрант.

                                                  ***

Украинин Iедалан эскар тIаьхьарчу цхьана шарахь шозза алсамдаьлла. Тахана цуьнан могIаршкахь 280 эзар бIаьхо ву.

                                                  ***

ХIокху кIиранах Россин а, Евросоюзан а, Украинин а векалша дийцаре дийр ду Украинна Iаьнан муьрехь газаца кхачоярца а, цунах мах схьабаларца а доьзна гIуллакхаш.

                                                  ***

Молдовин Президент а, Премьер-министр а цхьаьнакхийтира США-н посолца Д.Петтитца. Посола дIахьедира бахархойн митингаш ян бакъо хилар, цаьрца юкъара мотт каро безаш хилар.

                                                  ***

Таджикистанехь гIаттам бан гIоьртина хилла инарла Назарзоде вийна бохуш бина хилла хаам нийса цахилар чIагIдо пачхьалкхан шуьйрачу хаамийн гIирсаша. Дийцарехь, иза лаьмнашкахь лечкъаш лелаш ву.

                                                  ***

Россехь кIирандийнахь дIадаьхьира харжамийн цхьааллин де. Оцу дийнахь мехкан 84 субъектехь харжамаш дIабаьхьира, 21 субъектехь губернаторш хаьржира, 11 субъектехь – регионийн депутаташ.

Снимок.JPGtttttt

                                                                         ***

Россин Президента В.Путина куьг яздина дуьненахь гIараваьллачу корматаллин боксерана, дуьненан чемпионна, Iамаркахочунна Рой Джонсонна (жимачунна) Россин гражданство яларан хьокъехь долчу Указна.

 №104, шинара, 15 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: