Ахматова Раиса дагалацаран суьйре

100800231

Хууш ду, дечунна дийриг кхочийла. Цул сов, беркатечу адамах а, гIуллакхах а беркат а долу алсам. Ишттачунна карах долуш а, иза  билггалчу беркатечу хоршахь дIадахьа хууш а бу «Даймохк» телекомпанин куьйгалла а, белхахой а. Цунна тоьшалла хилира селхана Айдамиров Абузаран цIарахчу Нохчийн къоман библиотекехь дIадаьхьна цхьаьнакхетар – нохчийн халкъан поэтесса Ахматова Раиса дагалацаран суьйре.

Кхузахь гулбеллера поэтесса дика дагайогIурш а, цуьнца цхьаьна балхахь хилла болу накъостий а, иза схьаяьллачу юьртарчу школера дешархой а, студенташ а, доцца аьлча, поэтессин кхолларалла евзаш а, цунах а,  ала  дош дерш а.

Цхьаьнакхетар дIахьочу, Нохчийн Республикин хьакъйолчу журналиста Газиева Азас билгалдаьккхира:              ­– Нохчийн халкъан поэзин сирла седа хилла йисина нохчийн йоI, зуда яра Ахматова Раиса. Тахана вай гулделла цуьнан  иза дагалаца а, цунах, хьакъ доллу, дика дош ала а.

Поэтессин атта ца хиллачу дахаран а, кхоллараллин а некъах дийцира дуккха а шерашкахь цуьнца цхьаьна болх бина волчу  философин Iилманийн доктора Гадаев   Вахас:                                                                                                                 GE DIGITAL CAMERA

– Халкъо лоруш, езаш, къаьсттина кегийрхошца ойла цхьаьна йогIуш яра иза. Кхечу къаьмнийн меттанашка гочйина а, цара езаш тIеэцна а яра цуьнан поэзи.  Шен къоман орамах цуьнан кхолларалла хиларна, евзара иза массанхьа а. Вайн къоман дозалла хиллачу Эсамбаев Махьмудца цхьаьна йогIура Раисин цIе. И шиъ довзарна девзара вайн къам дуьненахь а.   Шен къоналлехь Раиса шена йовзарх а, цуьнан стихаш тIехь ша «Нене» цIе йолу йиш лакхарх а, цул тIаьхьа шайн кхолладеллачу гергарлонах а лаьцна  дийцира Нохчийн Республикин халкъан артисткас Дадашева Тамарас:

– Цу хенахь а, хIинца а цунна ала доккха баркалла ду сан, массо а ненан йоьIан даггара и дешнаш цо яздарна. Дала декъалйойла иза.  Нохчийн къам махкахдаьккхинчу муьрехь шена Ахматова Раиса йовзарх а, къоман бакъонаш меттахIитторехь цо динчу гIуллакхах а лаьцна дийцира нохчийн  журналистикин къаночо Магомаев Салавдис.  Шайна Раиса йовзарх а, цуьнан поэзех а дийцира Iилманчас Ибрагимов Мовсара а, яздархоша Исмаилов Абус а, Шамсудинов Бувайсара а, Бурчаев Хьаьлима а, Кусаев Iадиса а. Поэтессин стихаш тIехь яхна эшарш дIалекхира Дадашева Тамарас а, а, къоначу эшаршлакхархочо Белалова Радимас а, Дудаев Зеламхас иллеш элира. Суьйре чекхъяллалц йийшира Ахматова Раисин ша схьаяьллачу юьртах, ден кхерчах, Даймахках, ненах, безамах лаьцна башха байташ. Лаккхарчу деган айамца уьш йийшира цуьнан къоначу юьртахоша, ШаIми-Юьртарчу юкъарадешаран №1 йолчу школин дешархоша Наурбиева Iайшата, Саралиев Мохьмада, Арсамерзоева Фатимас, Дудаева Марема, Саралиева Iайшата, Арсамерзоев Муслима, Цуцугова Румисас. Суьйре ерзош, гулбеллачарна баркалла а олуш, А.Газиевас билгалдаьккхира:                                   – Нохчийн зуда, суна схьахетарехь, иза, дукхахьолахь къинхетамо йицйина гIайре ю. Зуда хила даима а ду хала. Къаьсттина хала ду нохчийн зуда хила. Ахматова Раисина ша лехна ирс ца карийнера. Амма иза цунах доьзна дацара, цуьнан синан локхалле кхача охIла волу накъост уллехь цахилар дара. Бакъду, иза Дала дика делла хилла хилар гуш ду цуьнан сирлачу поэзехь. Халачу зиэрех чекхйолуш, Раисас дIакхехьнарг цуьнан синан ондалла яра. Къам, мохк безар дара. Иза цуьнан байташкахь гуш ду. Нохчийн зударийн дагара хаьара цунна, цо иза могIанашка дерзадора. Цундела йисина иза вайн иэсехь. Хьанал къахьегна, нохчийн зударийн даггара ала дош долуш, нохчийн къоман йоI яра Ахматова Раиса. Дала декъалйойла иза.

Т.САРАЛИЕВА 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: