Ерригроссин IV-гIа радиофестиваль дIаяьхьира Симферополехь

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун  Кадыров Ахьмад-Хьаьжин сийнна лерина «Кавказан аз» цIе  йолу Ерригроссин IV-гIа  фестиваль  дIаяьхьира  Симферополехь  10–12-чуй  сентябрехь. Цигахь дакъалоцуш яра Нохчийн Республикера делегаци. Цу юкъахь  вара вайн регионан къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат, республикин кегийрхойн  гIуллакхашкахула  волу  министр Тагиев Мурат, цхьамогIа  кхиберш.

IMG_0754_w1200_h800

ХIокху шеран юьххьехь  фестивалан  вовшахтохараллин  комитето  конкурсаш  дIакхайкхийра  хIокху  номинацешкахула: «ХIора  дийнан хаамийн  выпуск», «Тематически программа», «Iуьйренан шоу».

Кху шарахь  регионашна  юкъара  фестиваль аьлла статус йолуш  хиллачу  фестивалана  Ерригроссин фестиваль  аьлла статус елла хIинца. Цундела ларамаза  а дацара конкурсехь  дакъалоцуш  ерриге а Россера  – ГIирмера Сахалине кхаччалц  йолчу регионашкара  радиожурналисташ хилар. Ткъа жюрихь бара Ставрополан крайра, Къилбаседа-ХIирийчоь – Аланера,  Дагестанера, Адыгейра, кхечанхьара  цIеяххана  журналисташ.

Хьалхарчу дийнахь, министран Дж.Умаровн тIедилларца  йоккха «горга стол» вовшахтуьйхира Нохчийчоьнан  къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн  министерствон зорбанан а, хаамийн а департаментан  директора, республикин  журналистийн  Союзан  председатела Хатуев Ислама. Цигахь  дакъалецира  хаамийн «ТАСС» агентствон, Россин субъектийн пачхьалкхан органийн, радиокомпанийн векалша.

Оццу суьйранна дIадаьхьира конкурсан жамIаш дар. Цуьнан дакъалацархошна а, хьешашна а хьалха  къамел динчу Дж.Умаровс билгалдаьккхира дуьненахь а, махкахь  а хуьлуш болчу политикин, экономикин,  социальни, культурни хиламех халкъ, юкъаралла нийса  кхеторехь хаамийн  гIирсаша  мехала маьIна лелош хилар. «Къаьсттина  воккхавевеш ду  фестивалана  Нохчийн Республикин  хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров  Ахьмад-Хьаьжин  цIе  тиллина хилар. Лаьа шун  массеран а ондда могашалла, ницкъ, кхоллараллехь кхиамаш, дикачу гIуллакхашкахь  аьтто  хуьлийла», – элира  министра.

Циггахь Севастополан Iилманийн Академин вице-президента Коротков Игора Нохчийчоьнан Куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане дIало  аьлла Умаров Джамбулате д1аелира «ГIирма Республикин Iилманийн Академин сийлаллин  академик»  цIе  йолу  дашо мидал.

Цул тIаьхьа  дIадаьхьира  конкурсан  толамхошна совгIаташ  дIадалар. Уьш дIадалар дийхира Дж.Умаровга. «ХIора  дийнан хаамийн  выпуск» номинацехь  хьалхара меттиг яьккхира Башкортостанерчу радиостанцис. «Тематически программа» номинацехь – Чувашерчу  радиожурналисташа, «Iуьйренан шоу» номинацехь  – Сахалинерчу журналисташа. Толамхошна а, фестивалан дакъалацархошна а Баркаллин кехаташца, Дипломашца, мехалчу хIуманашца совгIаташ дира.

IMG_0750_w1200_h800

Фестиваль ерзийра йоккхачу концертаца. Цигахь  дакъалецира тайп-тайпанчу  регионашкарчу артисташа. Цу хьокъехь  хаам бира  Нохчийчоьнан  къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн  министран  хьалхарчу заместитела Абдулмуслимов Сайд-Селима.

Д.АНАДЕВ  

№104, шинара, 15 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: