Гуьмсахоша жигаралла гайтира

Россин кхечу 83 регионехь  санна, 13-чу сентябрехь Нохчийн Республикехь  а дIабаьхьира харжамаш. Уьш Гуьмсан районехь  хилира. Харжамаш бира Гуьмсан  гIалин  меттигехь  шаьш урхалла  даран а, Керла-Бена  юьртан а органашка. «ХIара  харжамаш дIабахьар  доьзна  ду  гIалахь  керла юрт  йилларца а, иза  территорешка  екъарехь  хийцамаш  бина  хиларца а. 2014-чу шеран  сентябрехь Гуьмсехь референдум хилира. Цуьнан  жамIашца  гIалин  декъа  тIехь Керла-Бена юрт кхоьллира. Цуьнца  доьзна сацам бинера  депутатийн советан декъашхойн болх  сацо а, хенал хьалха харжамаш дIабахьа а», – хаам  бира Нохчийн Республикин харжамийн  комиссин председатела Байханов Iумара.

Цо иштта дийцира Гуьмсе  гIалин  депутатийн  кхеташоне  хьалхатеттинарг 98 кандидат  хилла  хиларх, хила  везаш  верг  24  депутат  волуш. Ткъа Керла-Бенахь  харжа  везаш  верг  10 депутат хилла хиларх лаьцна. Оцу меттигашка  шайн кандидаташ хьалхатеттира «Единая  Россия», «Справедливая Россия», «Патриоты России», «Российски общенародный союз» политикин  партеша.

Харжамашкахь  жигара  дакъалецира Гуьмсе  гIалин а, Керла-Бена юьртан а харжамхоша. Цо таро елира  харжамаш кхиамца  дIабахьа  а, депутаташ  харжа а. Юьхьанцарчу жамIашца  дукхах болчу  харжамхоша  кхаж тесна «Единая  Россия» партин  векалшкахьа. Чаккхенан  жамIаш  республикин харжамийн  комиссис  герггарчу  деношкахь  довзуьйтур ду.

С.ХАСАНОВ 

 №104, шинара, 15 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: