Ирча кхаъ кхаьчна Сийлахьчу Маккара. ГIишлошъяран белхаш бечу хенахь КаIбатана гуонаха долчу Аль-Масджид Аль-Хьарам маьждигана тIе кран йоьжна. Дуккха а нах кхелхина. Лазийнарш а бу. Цкъачунна болчу хаамашца, бохаман бахьана хила тарло чIогIа баьлла мох. СаIудан Iедалша хаам бо I05 стаг кхалхарх а, 240 гергга стаг лазорах а лаьцна. Хьаьждаран Россин векалаллин хаамашца, бохамехь кхелхинчарна юккъехь вайн махкара хьаьжой бац. Ас даггара кадам бо кхелхинчеран доьзалшка. Дала гечдойла царна. Суна лаьа лазийнарш сихха толойла. Дала маршалла дойла царна», – бохуш ду Инстаграмехь йолчу Кадыров Рамзанан агIон тIехь.
Хууш ма-хиллара, нохчийн хьаьжойн хьалхара тоба Соьлжа-ГIалара СаIудан Араве ХьаьжцIа яхара 6-чу сентябрехь. Соьлжа-ГIалара СаIудан Араве ваханарг верриге а 2600 стаг ву.
С.МАДАЕВ
№104, шинара, 15 сентябрь, 2015 шо
