Нохчийн Республикин Халкъан хьехархо Честаева Вера кхалхарца доьзна
«Кхелхина Кадыровн орденлелорхо, Нохчийн Республикин Халкъан хьехархо Честаева Вера. Шен дерриге а дахарехь болх бина цо Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу Хоси-Юьртарчу юккъерчу школехь. Оьрсийн мотт а, литература а хьоьхуш яра иза. Вера Васильевнин хьехаран белхан стаж 55 шо дара», – яздира Инстаграмехь йолчу шен агIон тIехь Кадыров Рамзана.
Иза хилира Честаева Вера дIаюллучохь, кадам бира еллачун гергарчаьрга а, бевза-безачаьрга а.
«Цуьнан дешархой бара Ахьмад-Хьаьжа а, со а, сан йижарий а, воккхах волу ваша а, Мусин Медни а, ткъа иштта бIеннаш бIаьхаллин совгIатийн кавалераш а. Хоси-Юьртахь массарна а дукха а езара, сий деш, лара а лорура Вера Васильевна», – боху кадамехь.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочун,
Правительствон пресс-служба
№104, шинара, 15 сентябрь, 2015 шо