Кху деношкахь Соьлжа-ГIалахь «Олимпийск» спорткомплексехь дIаяьхьира 2000–2002-чуй шерашкарчу кегийрхошна юкъахь паргIатчу кепара охьатохархлатарехула Республикехь хьалхеяккхаран турнир. Цигахь дакъалоцуш бара Гуьмсера, Курчалойра ДЮСШ, РДЮСШ, Грозненски районера ДЮСШ №1, Шелковски районера, Хьалха-МартантIера, ДЮСШ Гехи юьртара, Шелан районера, Аргун гIалара, ТIехьа-МартантIера, Соьлжа-ГIалин Старопромысловски районера, Теркан районера, Соьлжа-ГIалин Ленински районера спортсменаш. Къийсадаларш дIадаьхьира кхаа дийнахь.
Шайн-шайн йозаллин категорешкахь билгалбевлира толамхой. Хьалхара меттигаш ехира: Абуев Асхьаба (32 кг) – ДЮСШ Гуьмса гIала, Азиев Ахьмада (35 кг) – ДЮСШ №1 Грозненски район, Умаров Асхьаба (38 кг) – Шелан район, Барзаев Шоипа (42 кг) – Шелан район, Джабраилов Ислама (46 кг) – РДЮСШ, Чимхантаев Iумара (50 кг) – ДЮСШ Гуьмсан район, Эпендиев Бекхана (54 кг), – ДЮСШ Курчалойн район, Эльдаров Турпал-Iелас (58 кг) – ДЮСШ Курчалойн район, Юсупов Адама (63 кг) – РДЮСШ, М.Макаева (69 кг) – Старопромысловски район, Анзоров Хьамзата (76 кг) – Хьалха-Марта, Джамханов Ибрах1има (85 кг) – ДЮСШ Курчалойн район, Сербиев Мохьмад – Iелас (100 кг) – Хьалха-Марта, Куашев Ахьмада (120 кг), Теркан район.
ШолгIа меттигаш ехира Эльтамиров Аптис (32 кг) – ДЮСШ Курчалойн район, Умаров Асхьаба (38 кг) – Шелан район, Уматгериев Iарбис (46 кг) – ДЮСШ №2 Гехи юрт, Садулаев Хьамзата (54 кг) – ДЮСШ Гуьмса гIала, Загаев Асхьаба (69 кг) – ДЮСШ №1 Грозненски район, Эльдарханов Хьасана (100 кг) – Шелан район. КхоалгIа меттигаш ехира Мальцагов Ислама (42 кг) – ДЮСШ №1 Грозненски район, Хадисов Вахас (50 кг) – ДЮСШ Аргун гIала, Асламбеков ИбрахIима (58 кг) – РДЮСШ, Дударов Турпал-Iелас (85 кг) – Теркан район, Гадаев Хьамзата (100 кг) – Хьалха-Марта. Оцу кхиамашка вайн спортсменаш кхачийнарш бу, уьш Iамийна церан тренерш Р.Тутаев, Б.Шахтамиров, Х-Б.Шамшудиев, У.Сулейманов, И.Нукаев, Ш.Устарханов, А.Бадалов. Турнир чекхъяьллачул тIаьхьа спортсменашна Нохчийн Республикин греко-римски, паргIатчу кепара охьатохархлатарехула йолчу Федерацин цIарах лаккхара совгIаташ дира.
З.ШИШХАНОВА
№105, еара, 17 сентябрь, 2015 шо