9-чу сентябрера 13-гIа сентябрь кхаччалц дзюдон федерацис Красноярскехь дIаяьхьира Россин чемпионат. 62 регионера 500 сов спортсмен вара цигахь дакъалоцуш.
¼ финалехь Красноярскерчу дзюдоисташа толам баьккхира Центральни федеральни округерчу спортсменашна тIехь – 9:5. Сибирерчу спортсменаша Москварчу спортсменаш тIехь – 8:6, коьртачу латарехь а цара толам баьккхира стохка чемпионаш хиллачу Уралерчу спортсменаш тIехь – 9:5. Чемпионатехь дакъалоцуш хилла Нохчийн Республикера ялх спортсмен юкъавахна Россин вовшахтоьхначу командина. Пхеамма мидалш а яьхна.
ДегIан йозалла 66 кийла йолчу категорехь леташ вара Шамилов Якъуб. Пхеа латарехь толам а баьккхина, иза финале велира. Коьртачу латарехь Дагестанерчу спортсмена эшор бахьана долуш, цо 2-гIа меттиг яьккхира.
ДегIан йозалла 81 кийла йолчу категорехь леташ хиллачу Сулейманов Iумар-Хьаьжас а, финалехь Москварчу Рябов Сергейс эшор бахьана долуш, 2-гIа меттиг яьккхира.
Денильханов Iаьрбис (66 кг), Яшуев Ислама (60 кг), Жамбеков Сайд-Эмис (90кг) 3-гIа меттигаш ехира.
Л.ИБРАГИМОВА
№105, еара, 17 сентябрь, 2015 шо