Жимачу Хьавас 488 книга ешна

С.В.Михалковн цIарахчу Берийн республикин библиотекин ешархочо, Соьлжа-ГIалин №1 йолчу гимназин 3-чу классан дешархочо Джаубатырова Хьавас Ерригроссин «Самый читающий школьник» конкурсехь (дукха хан йоццуш хилла и конкурс) 3-гIа меттиг яьккхина. Нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь 488 книга ешна цо.

IMG-20150916-WA0006

Карара шо Литературин шо ду аьлла  дIакхайкхийна хиларца доьзна вовшахтоьхна яра билгалъяьккхина конкурс. Цигахь дакъалаца таро хилира Россин школийн 1-чу классера 11-чу классе кхаччалц болчу дешархойн. Билгалдаккха деза, Берийн библиотекера 10 ешархочо оцу конкурсехь дакъалаьцна хилар. Уьш берриге а конкурсан лауреташ а хилира. Хьавас цигахь 3-гIа меттиг яьккхина хилар боккха кхаъ бу.

Ханна жима елахь а, вуно чIогIа хьекъал а, кхетам а болуш йоI ю иза. Школехь дика дешна ца Iаш, хаддаза книгаш йоьшу цо. Цуьнан дас-нанас дийцарехь, школе яхале дуьйна а книга еша хууш ю иза. Цхьаболчарна нохчийн мотт дика хууш хуьлу, ткъа кхечарна – оьрсийн мотт. Хьавана  нохчийн а, оьрсийн а меттанаш хаьа. ПарггIат йоьшу цо нохчийн, оьрсийн меттанашкахь йолу книгаш. З.Сулейманован, Ж.Махмаевн книгаш йоьшуш къаьсттина хазахета цунна, оьрсийн яздархошна юкъахь С.В.Михалковн кхолларалла дукхаеза.

Лакхахь хьахийначу конкурсехь совгIатан меттиг яккхар бахьана долуш цуьнан аьтто хилира Московски къаьмнашна юкъарчу книгийн гайтамехь хила. Цунах йоккхаера йоI.

Хьавах лаьцна дийцира Берийн библиотекин директоран заместитела Хожаева Дешис: «2013-чу шарахь дуьйна кху библиотекин жигара ешархо ю Хьава. Оха вовшахтухучу дерриге а цхьаьнакхетаршкахь, конкурсашкахь дакъалоцу цо, цул сов,  наггахь цхьаьнакхетарш дIадахьар а тIедуьллу оха цунна. Иштта, «Аьхка ешаран программин»  тхьамда а хаьржира иза. Оха дIахьочу конкурсашкахь дуккхазза а толамаш баьхна цо». Библиотекин куьйгалло елла Сийлаллин грамоташ а, дипломаш а ду цуьнан.

З.ХАСИЕВА
Авторан сурт

№105, еара, 17 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: