Цкъа цхьана цхьаьнакхетарехь хьалха Москван мэр хилла волчу Лужков Юрийс Эсамбаев Махьмуде элира: «Махмуд, ты настоящий къонах!». Цу дешан маьIна девзарш хазахетарца куьйгаш детта буьйлабелира. Ткъа и дош ца хуурш, шайна уллехь Iашболчаьрга хетта буьйлабелира, М.Эсамбаев чIогIа велавелла, суна дагадеана хилар мара кхетийтинчу дешан маьIна. И цхьаьнакхетар ларамаза дац.
Тахана, «Хьайбах: таллам дIахьош бу…» книшгин хьалхалера кеп тоечу хенахь, цхьана стагах лаьцначу дийцарна тIе нисъелира со. Цу стеган цIарна уллехь хIиттош ду «къонах» боху дош. Хьайбахахь хиллачу бохаман теш хилла волу Закриев Саламбек ву цигахь вуьйцург (хIинца-м дийна вац иза, Дала гечдойла цунна). Шуна дерриге а кхетийта, и стаг вевзачу наха дийцинчух цхьа кийсиг ялор ю ас: «Кхин цхьа бохам нисбелира Закриев Саламбекан доьзална тIе. Бевдда боьлхучу зударийн а, берийн а тобанца цхьана яра цуьнан зуда Сацита, карахь шо кхаьчна кIант Сайхан а волуш. ХIетахь доьхкуш ма-хиллара, бер йовлакхца букъа тIе дихкинера цо, иштта яда атта дара. Сацитина уллехь яра доьзалхочух йолу Эльгакаева Мелимат а, йоьлхучу жимачу йоьIан куьг лаьцна кхин цхьа къона зуда а.
Цхьанхьара герз детта долийра. Хьалхаха Мелимат охьаюьйжира, тIаккха къона зуда. Сацита а юха юьйжира. Хилларг хиъна волу Саламбек цхьана воккхачу шина стагаца байъинарш лаха вахара. Дукха ца Iаш тIекхечира уьш бохам хиллачу метте. Еллачу Сацитина тIехула Iуьллуш вара Саламбекан жима кIант. ЧIогIа лазийначу, леш йолчу зудчуьнга мухха а, йовлакхах бина шад схьабастабелла хилла. Цхьа тамашийначу бIаьргашца хьоьжура бер шена тIехIиттинчу нахе. Цхьа де а, буьйса а даьккхинера кIанта ненан докъанна уллехь.
Саламбек воьхнера. Уггаре а хьалха цуьнан коьрте деара: хIинца, ша вовза а вевзина, баккхийчу нахана хьалха кIант шена тIеозалург хилар. «ХIан-хIа, иза ма хилийталахь. Ма хилийталахь…», – доьхура Саламбека Деле, баккхийчу нахана тIехьа а лечкъаш. Шен дегIе хьаьдда шийла хьацар хаалора цунна. Нохчийн Iадаташца догIуш дац баккхийчу нахана хьалха бер хьастар. Саламбека даима лардора и Iадат. ХIинца а, шена уггаре а хала йолчу минотехь а, баккхийчу нахана хьалха юьхьIаьржа хIуттучул, шен кIант велла хуьлуьйтур вара цо.
Ткъа кIант-м, шен ненан шийлачу дегIах схьа а ваьлла, лачкъа гIерташ, генна вуьйлучу шен дена тIеволавелира, такха а текхаш.
«Делан дуьхьа, дIа ма таттахь иза», – дийхира баккхийчу наха, берана некъ буьтуш. КIанта, лаьттачарна ша тIе ма кхаьччинехь, тIе а текхна, меллаша шен ден когаш мара боьхкира… Баккхий нах боьлхура…». Иштта къонахий хилла нохчийн къомах. Дала дайн Iадаташ дIатасарх лардойла вай.
ЧАГАЕВА Тамара