ХIокху деношкахь А.Айдамировн цIарахчу къоман библиотекехь «Чеченский драматический театр» (автор А.Гапаев), «Школа игры на дечиг-пондаре» (автор М.Ясаев) книгаш а, «Репертуарный сборник для музыкальных школ и училищ» (автор М.Ясаев), «Вежарий Гримм» (автор Т.Чагаева) гуларш а йовзийтар дIадаьхьира. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин культурин министра Дааев Хож-Баудис, Россин Федерацин Яздархойн союзан декъашхочо Саиев Iумара, Россин Федерацин хьакъйолчу артисткас Багалова Зулайс, иштта кхечара.
Хьалхара дош олуш вистхилира Дааев Хож-Бауди. Цо элира: «ХIара книгаш арахецар вайн къомана мехала гIуллакх а, совгIат а ду. Вайн къоман музыкин ширачу гIирсийн истори а, уьш Iаморан кеп а хаа еза вайна. ХIинццалц аьтто ца хиллехь а, хIинца «Школа игры на дечиг-пондаре» книгех пайда эца таро ю вайн. Къаьсттина вайн кегийрхошна пайдехь хир ю иза. Вайн замане схьакхаьчнарг вай лар ца дича, тIейогIучу тIаьхьено а бехк буьллур бу вайна. Суна баркалла ала лаьа книгийн, гуларийн авторшна а, царна тIехь къа мел хьегначарна а».
«Чеченский драматический театр» книга арахецарх самукъадаьллачу Багалова Зулайс шена хетарг элира оцу книгех лаьцна. «Нохчийн драматически театрах, цигахь белхаш бинчу актерех тахана кIеззиг хIума хаа йиш хилар а доккха беркат ду аьлла хета суна. Муьлххачу автора шен ойланца, кхетамца язйо книга. Цундела, цо язйинарг цхьана кепара ца го массарна. Цхьаболчарна дика хета тарло иза, кхиболчарна кхачам боцуш хета тарло. Бакъдерг дийцича, и книга кхеташ а, чулацам болуш а хийтира суна, – элира цо.
Берашна хаза кхаъ бу «Вежарий Гримм» гулар арахецар. Цунах шена хетарг дийцира С.В.Михалковн цIарахчу республикин берийн библиотекин директора Сайдумова Зулайс. Циггахь цо йовзийтира Ерригроссин «Самый читающий школьник» конкурсехь 3-гIа меттиг яьккхина йолу Джаубатырова Хьава. Нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь 488 книга ешна цо. «Вежарий Гримм» гулара юкъара «Мерза худар» туьйра дийшира йоIа. «Школа игры на дечиг-пондаре» книга арахецар дика гIуллакх хилар тIечIагIдеш, Соьлжа-ГIалин Мэрин культурин департаментан берийн оркестро дечиг-пондар лакхарехь шайн хьуьнарш гайтира. Цу тIехь дерзийра книгаш а, гуларш а йовзийтар.
З.ИСАЕВА
№105, еара, 17 сентябрь, 2015 шо