Цунна шен ирс сцени тIехь карийна

Шайн лулара бераш схьа а  гулдой, цаьрца ловзаргаш хIиттош, эшарш лоькхуш, Хеда ловзучу хенахь цуьнан 5 шо бен дацара. ХIетахь ханна жима хиллехь а, цо цу хенахь къастийна ала мегар ду шена дукхаеза корматалла. Иштта, шайга хьошалгIа гергара нах баьхкича а, йиш лакха хIуттура йоI. Гергарчарна-м моьттура, йоккха хила йолаелча цо эшарш, хелхарш дуьтур ду, амма иза иштта ца хилира…

IMG-20150910-WA0040

ЦIера ВаларгтIера ю Тутаева Хеда. Цхьана ханна Оренбургехь Iийна церан доьзал. Цигарчу №2 йолчу юккъерчу школехь дийшира цо 1-чу классера 4-чу классе кхаччалц. Цул тIаьхьа шайн юьрта ВаларгтIе цIабирзира уьш. Школе яханчул тIаьхьа, эшаршка, хелхаршка болу безам совбелира йоьIан. Школехь тайп-тайпанчу даздаршкахь, цхьаьнакхетаршкахь ша дакъалацарх йоккхаера иза. Иштта, школехь культурин декъехула хуьлу цхьаьнакхетарш дIадахьар а цунна тIедуьллура. ТIаьхьо районан, гIалин конкурсашкахь дакъалаца йолаелира Хеда. ТIехьа-Мартан районан Культурин цIийнахь а хелхарш Iамадора цо. Иза иштта дара аьлла ца Iаш, дешар тIехь мало ца йора цо. Дика дешарца чекхъяьккхира Хедас 9 класс. Цо муьлха дешар хоржур ду, цхьа а шеко йоцуш, гергарчарна а, цуьнан нийсархошна а хаьара. Нохчийн пачхьалкхан Культурин а, искусствон а колледже деша яхара иза. Хууш ма-хиллара, вайн республикехь похIме кегийрхой харжарна лерина тайп-тайпана кастингаш хуьлу. Ишттачарех йолчу кастинге яхара Хеда.

«Вайн республикин «бевзаш болчу артисташна хьалха а хIоьттина, йиш лакха езар бахьана долуш, со гIайгIане яра. Ас чIогIа сагатдора сайгара ледарло яларна кхоьруш. «Баркалла ду хьуна, хаза хан» йиш лекхира ас цигахь, со чекх а елира», – дийцира Хедас. Иштта юкъаяхара иза хIетахь «Шовда», карарчу хенахь «Фирдауз» цIе йолчу йоьIарийн  ансамбле. Иштта дIаболабелира къоначу Хедин кхоллараллин некъ. Ансамблехь коллективаца болх бина ца Iаш, карарчу хенахь шен сольни программи тIехь а болх беш ю иза. «Фирдауз» ансамбль юкъахь иза йолу 5 шо гергга хан ю. Культурин, искусствон колледжехь дешна а яьлла иза хIокху шарахь. Нохчийн Республикин Куьйгалхочун цIарах делла Баркаллин кехат ду йоьIан, иштта, ансамблан дуьххьарлерчу сольни концертехь билгалъяларна елла мидал а ю. Цунна иза доккха дозалла хета. Тешна хуьлийла ду, хан-зама яьлча, бевзаш болчу артистийн могIарехь Хедин цIе а хирг хиларх.

З.ЛОРСАНОВА
    Авторан сурт  

№105, еара, 17 сентябрь, 2015 шо 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: