Иштта яра кху деношкахь М.Ю.Лермонтовн цIарахчу пачхьалкхан оьрсийн драматически театрехь керла мур дIаболош хIоттийначу спектаклан цIе
Французийн драматурган Ж.-Ф.Реньяран пьеси тIехь хIоттийна спектакль чIогIа забаре, беламе, хьовсархойн самукъадоккхур долуш ю. Воккхачу стеган, Жеронтан, Эраст цIе йолу вешин кIант хIуъа дина а воккхачу стагана хьалха диканиг хилла, шех бIоболийта лууш ву. Дерригенна а бахьана Жеронт кхелхинчул тIаьхьа цуьнан бахам шена биссийта лаар ду. ТIаккха Эрастан таро хир ю шена езаш йолу йоI, Изабелла яло.
Эраст, Изабелла, Жеронтан хьадалчаш, Лизетта а, Криспен а воккха стаг кхалхаре сатесина ду. Амма Жеронт дика лелаш, шен бахам цхьанна а тIеязбан сиха вац.
Хьовсархошна юкъахь дуккха а студенташ а, дешархой а бара. Церан яьххьашка хьаьжча гуш дара церан самукъадалар. Баьхкинчара езаш тIеийцира спектакль.
З.САГАЕВА
№105, еара, 17 сентябрь, 2015 шо