Декхаршца кхиамца лараво

Стагана лазар деача я иза лазийча цунна уггаре а хьалха орцах кхочург сихачу гIоьнан машенахь волу шофер ву, шеца цхьаьна лоьраш а болуш.

Царах цхьаъ ву Шелара Закаев ХIарон. Иза вина 1953-чу шеран 7-чу мартехь. Берийн бераш а долуш ву иза. Цуьнца цхьаьна сихачу гIоьнан машенан шофер ву цуьнан кIант Шарпудди а. Иза а ву 2006-чу шарахь дуьйна и болх беш.

Ханна воккха велахь а, мало йоцуш, хьанала къахьоьгу ХIарона шен атта боцучу балха тIехь. 14 шо хан ю цо Аргунерчу №1 йолчу больницехь сихачу гIоьнан машенахь болх бен. Шен дахаран 44 шо балхана дIаделла цо. Тайп-тайпанчу меттигашкахь белхаш бина цо.

«Белхан дийнахь дукха нислой хьан цомгашчу нахана тIе вахар?», – аьлла шега динчу хаттарна жоп а луш, иштта дийцира ХIарона:

«Дера, сих-сиха даха дезаш ма хуьлу тхо. Дийнахь массийттанхьа доьлху Аргунехь. Воккхалле, жималле хьаьжна доцуш, дукха адам ду могашалла галъяьлла».

Новкъахь машенийн авареш хиллачу меттигашка а кхойкху шаьш бохура цо. Балха тIехь дика болх барна больницин куьйгалло цунна Сийлаллин  грамоташ елла.

Хууш ма-хиллара, чIогIа хала гIуллакх ду сихачу гIоьнан машенан шофер хилар. ХIунда аьлча цхьанхьара зIе тоьхча, цига мелла а сиха дIакхача веза, юха иза, хьалхара гIо диначул тIаьхьа, больнице дIакхачо веза.

Делахь а, оцу декхаршца кхиамца ларош схьавогIу ХI.Закаев.

И. МАТАГОВ

 №105, еара, 17 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: