Вайн дахар кхолладелчахьана юкъараллехь лоруш а, везаш а хилла куралла йоцу дика стаг. Хьолаца а, бахамца а стаг совъваьлла хиларх, лулахошца, юьртахошца йолчу цуьнан уьйре хьаьжжина йоккхуш хилла цуьнан цIе. Цу хьокъехь дуккха а ду вайн литературехь яздина. Стеган амалехь куралла хилча, цо цунна шена деш долу зен а го вайна. Далла уггаре а ца езнарг ю куралла. Делан Элчано а (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) магийна яц куралла. «Делан ийман а, шайтIанера йолу куралла а цхьаьна даг чу тарлур яц», – баьхна эвлияаша а.
Дуккха а дика нах хилла вайнахана юкъахь – доьналла, яхь йолуш. Царна юкъахь шайн цIарах халкъо назманаш а, иллеш а, эшарш а яьхна Iеламнах, Iилманчаш, эвлияаш хилла. Хьал, бахам, дарж долчарна хьесталуш, гIийла-мискачарна базлуш а ца хилла уьш. Я цара лехна бац адамашлахь шайна ца богIу лерам.
Иласхан-Юьртарчу Шайхо (Дала къайле тойойла цуьнан) дехна боху шен мурдашка: «Шул миска, шул гIийла, шул декъаза Делан лай вара ша, Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) умматана ислам-динан нийса некъ гайта веана, ца богIу хестамаш, ца богIу лерамаш беш, шен Далла а, шен Пайхамарна а (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьалха юьхьIаьржа ма хIиттавахьара со», – аьлла. Куралла йийца а ца оьшу, хестамаш а ца безна царна.
Тахана, халахеташ делахь а, дуккха а кура нах бу вайна юкъахь. Мел лакхарчу даржехь стаг велахь а, цунна хьеставалар а, шена шел гIийланиг цо хьеставалийтар а, шиннан а хьекъал цахилар ду.
«Хьекъалх тилча бен юссур яц адаман даг чу куралла, – олура Нохчийн халкъан яздархочо Айдамиров Абузара, – хьекъалх тиллачуьнгахь собар а, кхетам а хир бац. ТIаккха тилларг, галваьлларг, сонтаниг бен кхин мила хир ву куралла еш верг»
Тахана кегийрхой ийманехь кхетош-кхиорехь дуккха а гIуллакхаш ду вайн махкахь деш. Халахета, социальни дакъошкахь болх бечу нахаца гIиллакх ца хIоттийча, шайна тIевеана стаг чехийча. И санна меттигаш кIезиг ца нисло. Царна дицло шаьш бахархойн хьашташ кхочушдан охьаховшийна хилар, и нах ца хилча, шайн болх соцург хилар.
Стаг лакхарчу даржехь вара аьлла, иза эла а хеташ, ша лай ца хетта цхьана а нохчичунна. Тахана, бакъдерг дийцича, жимма хийцаделла цу декъехь дерг. Таро, бахам, хьал, дарж шайчул тоьлашха я лакхара долучарна хьалха цхьаберш хьестало, царна хьалха охьатеIа. Лайн амале доьрзу церан лелар.
И санна волчунна хаа деза, дуьненахь ша санна долу адамаш алссам хилар. Царна юкъахь лерамца билгалвала хьаьгнехь, ийманаца, гIиллакх-оьздангаллица, даггара долчу шен диканца бен и дан ницкъ кхочур боций хаа деза. «ЦIарна лелош дерг, серла ца долуш дисина вайн халкъалахь, иза мел доккха дика делахь а», – боху халкъан кицано.
Кегийрхошка вай дуьйцучун ойла яйта цхьа масал дало лаьа. Россин областийн центрех цхьаъ йолчу Владимир-гIалин коьртачу урамехь лаьтта гIезалоша дина бусулбанийн маьждиг. Некъаца вогIуш нисвелла, нохчийн жима стаг вахана оцу цIийне, делкъа ламаз дан. Тиша а, тIелхигбаьлла а гина бухатесна куз. Ша вирд даьккхина ваьлча, чоьнан барам а баьккхина, вахана шиъ куз беана цо. Хьо мичара, мила ву хаьттича, нохчийн нахах волу Делан лай ву аьлла, дIавахана шен цIе а ца юьйцуш.
И санна гIуллакхаш дуккха а до нохчаша вайн махкахь а, цуьнан дозанал арахьа а. Кхин а цхьа масал дало лаьа ишттачу гIуллакхех лаьцна. Ткъех шо хан ю Соьлжерчу Хамсата юьртарчу маьждига чохь нуй-горгам а деш, цу чохь цIано латтайо. Ша деш долу гIуллакх цо Делан дуьхьа дой хаьа цуьнан хьал-бахам гиначунна. Дага тIехь куралла йолчу стага цкъа а дийр дац иштта гIуллакх.
И санна нах бизнесменашна юкъахь а бу. Зеделла ду бизнесехь гIуллакх дечу наха, шайн цIерш ца йохуш, маьждигийн, ламазийн цIенойн а, кешнийн, зератийн а дола деш хилар. КIезиг яц цомгашчу, заьIапчу, гIийла-мискачу нахана ахчанца а, юучуьнца-молучуьнца а гIо-накъосталла дина меттигаш. Иза ду Дела дуьхьа дерг, иза ду кхана догIу долчу Къематан дийнахь адамна карон дерг а, иза ду шайн сица куралла йоцучу наха деш дерг.
Цкъа а ца дицло 1970-чу шерашкахь дуьненан чемпион хиллачу Бисултанов Асламбеках юьртахойн буьзна бIаьрг. Спортехь лаккхарчу кхиамашка кхачарх иза доттагIашца, юьртахошца ша хьалха хилларг висарна, цуьнга куралла ца йоссарна дара иза.
Б.ДУДАЕВА
№105, еара, 17 сентябрь, 2015 шо