Зуль-Хьиджа – ГIурбанан бутт
БисмиллахIиррахьманиррахьийм
Делан къинхетамца шена чохь доккха Iийд (дезде) долу гIурбанан бутт Зуль-Хьиджа тIекхаьчна вайна. Везачу Дала Шен Сийлахь долчу къамелехь базбина бутт бу иза. Далла дукхавезначу ИбрахIим Пайхамара (IалайхIи-ссалам) деза гIурба дина бутт бу.
Жоьжахатин цIарх вай кIелхьардахархьама, езачу хенашкахь а, кхидолчу деношкахь а Шена муьтIахь хилар вайна фарз дина Къинхетаме волчу Дала.
ХIокху безачу баттахь суннат ду марханаш кхабар а, ламазаш дар а совдаккхар.
Везачу Дала, Шен сийлахь долчу къамелехь, Къуръана чохь, шайх дуй биъна йолу итт буьйса а хIокху баттахь ю: «ХIора дийнахь сатасарх дуй буу Ас, итт буьйсанах а дуй буу Ас».
(89-гIа сурат; 1,2-гIа аят)
Дала шех дуй биъна хIума кIезиг хIума дац – еза буьйсанаш а, деза денош а ду уьш. Оцу деношкахь, буьйсанашкахь къаьсттина дика Iамалш йиначарна Дала диканца бекхам бийр бу, Сийлахь волчо Шен дашехь ма-аллара: «Ткъа диканан бекхам диканиг бен буй?!»
(55-гIа сурат; 60-гIа аят)
Деношлахь уггаре сийлахь долу, Іарафат де Зуль-Хьиджа баттахь ду. Элчано ма аьлла (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), Iарафатан дийнахь марха кхабарх лаьцна шега хаттар дича: «ДIадаханчу шеран а, тIедогIучу шеран а къинойх цIанвеш каффарат ду иза», – аьлла.
(Муслим)
Бусалбанашна гIолехь дерг ду хIокху деношкахь Делера шайна мела хилийта Делан дуьхьа дика Iамалш яр. И Дела шена тIехь декхар дуьтуш вац. Дикачу Iамалшна бекхам бина ца Iаш, мел совбоккхуш ву.
Иштта хIокху деношкахь суннат ду Дела дукха хьехор, байшна а, уьш кхобучарна а, къен-миска нахана а гIодар.
ГIурба дан луучо, гIурбанан бутт болабелчахьана, ша гIурба даллалц, шен чо-маIар цахадор, Iийд дийнахь ша гIурба даллалц юучух цакхетар. Диканиг алар, диканиг дар. Хьалха мел хиллачунна а, тIаьхьа хиндолчунна а Къинхетаме волчу Деле шена гечдар дехар.
Шайна тIехь долу Делан хьакъ (декхар) хуушболчарна, эхартана кечам беш болчарна, Делан дош къобалдиначарна Дала кечдина ялсаманин ниІматаш ду:
«ХIара ду (ялсаманин ниIматех) шуна (Далла тIедоьрзучарна) хир ду аьлларг, (Цуьнан) дозанаш лардечунна, Къинхетаме волчух кхоьруш, Иза шена гуш воццушехь, Цунна муьтIахь хиллачунна, тобанчохь долчу дагца веана волчунна. Цаьрга эр ду: ЧугIуо цунна, ялсаманина, (массо а кхерамах) маьрша долуш! ХIара ду (шена чохь валар доцуш), даима лаьттар долу де. Царна ду цу чохь шайна дезнарг. Тхоьгахь (Делехь) цара дехначул сов а ду».
(50-гIа сурат, 32-35-гIа аяташ)
Элчано аьлла (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна): «Шена чохь дика Iамал йолуш долчу денойх хIокху денойл Далла дукхадезаш цхьа а де ма дац”. (ХIокху беттан хьалхара итт де). Цара аьлла: «ХIай Делан Элча, Делан дуьхьа джихIад дар а дац?» Цо аьлла: «Делан дуьхьа долу джихIад дар а дац, шен дохнаца а, шен сица а (джихIадна) араваьлла стаг воцург, цунах цхьа хIума юха а ца дохьуш».
(Бухари)
Сийлахь волчу Дала Шена муьтIахь болчарах дойла вай. Амин, вал-хьамду лиллахIи Раббил-Iаламийн.
Муртазаев Сайдмохьмад
ГIурба а, гIурбанан Iийд а
АллахΙу Акбар, Воккха ву АллахΙ-Дела, хьаьжойн дегнаш Сийлахь долчу Делан цΙен тΙе дирзина ду. АллахΙу Акбар, Воккха ву АллахΙ-Дела, уьш, ихьрам дихкина, такбийр деш, лаббайка доьшуш бу. АллахΙу Акбар, Воккха ву АллахΙ-Дела, хьаьжой КаΙбатна гонаш дохуш тΙаваф деш, Ιаьржачу тΙулгана барташ дохуш бу. АллахΙу Акбар, Воккха ву АллахΙ-Дела, уьш Сафаний, Марватний юкъахь дΙасауьдуш, Замзам-хи муьйлуш, Макъамна тΙехьа хΙуьттуш, ламазаш деш бу. АллахΙу Акбар, Воккха ву АллахΙ-Дела, хьаьжой Ιарафатехь лаьтташ, Муздалифатехь буьйса йоккхуш, Минахь тΙулгаш кхуьйсуш, гΙурбанаш деш, шайн кортош дошуш бу. АллахΙу Акбар, Воккха ву АллахΙ-Дела, бусалбанийн синош Сирлачу Мединате кхача, Элчанна (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) зерате хΙитта шовкъ йолуш ду. АллахΙу Акбар, Воккха ву АллахΙ-Дела, бусалба нах хΙокху дезчу дийнахь цхьаьнакхеташ, вовшийн декъал беш бу. АллахΙу Акбар, Воккха ву АллахΙ-Дела, уьш ламазаш деш, Ислам-динехь шаьш нисбарна Далла хастам беш бу. АллахΙу Акбар, Воккха ву АллахΙ-Дела, ийман диллинарш Къуръанаш доьшуш, Делан дикане сатуьйсуш, Цуьнан Ιазапах кхоьруш, Иза резавар лоьхуш, дика Ιамалш еш, доΙанаш деш, Далла хьесталуш бу.
АлхьамдулиллахΙ, хастам Далла бу, дерриге а хΙума Шен карахь дерг ву Иза, Шен комаьршалла йоккха ерг ву Иза, Шен лен рукуΙ, сужуд, тасбихь, доΙа, марха кхабар, закат, Ιийд, дерриге а Ιибадат, Ша цхьаъ веш долу тавхьид Шен дуьхьа дерг ву Иза, дерриге а хΙума Шена хьалхахь жима а, гΙаддайна а дерг ву Иза, Ша цхьаьнггара а хΙума оьшуш воцуш, хьалдолуш верг ву Иза, дерриге а хΙума шорта болчу Шен къинхетаме хьашт долуш верг ву Иза, АллахΙу Акбар, АллахΙу Акбар, АллахΙу Акбар, Воккха ву АллахΙ-Дела.
Вай Далла хастам бо, Цо вайх бусалбанаш дарна, Элчанийн эла волчун суннатца а, цуьнга Ша доссийна долчу Къуръанца а дика долчу шариΙате а тΙех сийлахь долчу дине а вай нисдарна. Вай Далла шукра до, Веза-Воккха ву Иза, нийсонна тΙехь лаьтташ, харц долчух дΙадоьрзуш долу муъминаш Цо вайх дарна. Делан ниΙматашна шукра динарг декъал хир ма ву, ца тешаш, керстаналла динарг дакъаза вер ма ву, нийса хьукма деш волу АллахΙ хΙоранна а бекхам бийр болуш ма ву, дерриге а халкъ Шега доьрзур долуш верг, Ιамалашкара хΙумма а Шена оьшуш воцуш, хьалдолуш верг, Веза-Сийлахь верг Цхьаъ ма ву.
Вай, дог тешна, тоьшалла до АллахΙ воцург кхин Дела цахиларх, Иза Ша Цхьаъ хиллачу хьолехь. Ιийдан денойх Шена муьтΙахь болчарна хазахетаран денош, самукъадаккхаран мур бина Цо. Ма самукъане хуьлу марха кхаьбнарг иза достучу хенахь, ма баккхийбе хьаьжой, Хьаьж-цΙенна тΙаваф деш, лаббайка доьшуш, Ιарафатехь лаьтташ, гІурбанаш дойуш, хьаьждаран фарзаш а, суннаташ а кхочушдеш. АллахΙу Акбар, АллахΙу Акбар, АллахΙу Акбар, Воккха ву АллахΙ-Дела.
Иштта вай, дог тешна, тоьшалла до вайн Эла Мухьаммад, Цуьнан лай а, Сийлахь Элча а хиларна, ша хесто хьакъ волу тΙехдика Эла хиларна. Цо аьлла (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна): «Ийман диллинарг бен ялсамани чу гΙур вац. Минахь дохуш долу денош (ташрийкъан кхо де) дааран-маларан денош ду». Веза-Дела, къинхетам белахь, маьрша а виталахь тхан Эла, хьан Элча волу Мухьаммад, уггаре а диканиг жайна Ахь шега доссийна верг, догдикаллин масал, нийсонан пайхамар верг, уггаре а хаза гΙиллакх долуш, Делан халкъах массарал комаьрша верг, Дела хьехорехь, Цунна хастам барехь, хьаьж-гΙурба дарехь тΙехдика хилла верг. Делан къинхетам а, маршо а хуьлда цунна а, цуьнан доьзалшна а, цуьнан асхьабашна а, дика Ιамалш ярца царна тΙаьхьабозуш болчарна а.
ХΙай Делан леш, Дала бусалба нахана хΙора шарна деза ши Ιийд билгалдина, цаьрга шайн цΙеначу динан билгалонаш гучуяхийта. Марха достучу дийнахь шайн догΙмаш тΙера, ялтанех дикачух, къен-миска нахана гΙоьнна, сахь-закат даккхарца омра дина, гΙурбанан дийнахь гΙурба дерца омра дина. Лекха волчу Дала шена гергавуьгучех сийлахь Ιибадат ду гΙурба дер. Иштта Ιийданашкахь ламаз дар а, хутIба дешар а тΙедиллина Комаьрша волчу Дала, муъма нах дезчу дийнахь Шена хьалха цхьаьнакхетийта, цара йиначу Ιамална царна ял яла, динан хьехаме цаьрга ладогΙийта, цуьнан тΙедахкарш царна довзийта.
Ιийде дахкар суннат ду божаршна а, зударшна а, кегийчарна а, баккхийчарна а, могашболчарна а, церан ницкъ кхачахь, цомгашболчарна а, аз айдарца такбийр деш, хьалххе цΙера арабовлуш, Ιийд ламаз даллалц юучух-молучух ца кхеташ, сих ца луш, гΙаш, бедарех керланиг я цΙенаниг юьйхина, бусалба динан сийлалла гойтуш, бусалбанашца къинхетаме, цатешачаьрца къовламе болуш.
Ιийде вахана, цуьнан маьΙнех кхиънарг, шен ницкъ ма-кхоччу дика Ιамалш ян сихо еш хир ма ву, Дела хьехор, Элчанна (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) салаваташ дахкар дукха деш хир ма ву, хΙора фарз ламазна тΙаьхьа такбийр деш хир ма ву. Делан дерриге а халкъан Эла хилла волчу Мухьаммадан (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) суннат кхочушдеш, ша зуьйш волчу Делан дуьхьа шен кΙант ИсмаΙил гΙурбанна вен реза хилла волчу, цуьнан махина Дала ялсаманичуьра ка баийтина, деза гΙурба дина волчу, я жуьгтийн а, я керста а динехь воцуш, цΙена бусалба хилла волчу ИбрахΙим пайхамаран (Делера салам хуьлда цунна) тΙаьхьавозуш гΙурба дуьйр ду цо, болх Деле буьллуш, Делах тоам беш хир ву иза. ГІурбанан хан Іийд ламаз а, шиъ хутІба а чекхдаьллачул тІаьхьа йолалуш ю, цул тІаьхьа догІу кхо де дІадаллалц лаьтташ ю.
Айхьа гΙурба дийча, цуьнан кхаа декъах цхьаъ чохь дитий, цхьаъ совгΙатна лой, кхоалгΙаниг бусалба нахах къен-миска болчарна сагΙина ло ахь, иза шарІо магийна долу дΙасадекъар ду хьуна, хьан гΙурба нузар (нийят) дина дацахь. Хьан хьашто чΙогΙа елахь, кΙеззиг дерг дΙадекъа, дукхахдерг чохь дита а мегар ду хьуна, амма беркатна цхьа кΙеззиг дерг, доΙах, масала, чохь дитина, дукхахдерг дΙаделча сийлахь ду хьуна – дΙаделларг эхартана дисина ларалуш ду.
Цхьамма, хΙара уьстагΙ ас гΙурбанна буьйр бу аьлла, я хΙара сан гΙурба ду аьлла, дешнаш аьллехь, я Делан дуьхьа гΙурба дуьйр ма ду ас аьлла нузар (нийят) дина, гΙурба дер шена тΙелаьцнехь, цо а, я цуьнан доьзало а оцу гΙурбанах хΙума даа мегар дац. Дешнаш ца аьллехь, нузар ларалуш дац.
ГΙурбанна юьйш ерг эмкал елахь, иза пхи шо кхаьчна хила еза, бежана я газа елахь, ши шо кхаьчна хила еза, уьстагΙ шо кхаьчна, я шо кхача герга долуш хила беза. ХІара вай хьахийнарш бен, даьхни гІурбанна магийна дац.
ГΙурба, жижигна эшам беш долу сакхт шеца доцуш хила деза, лерг даккхаза, цΙога хадоза хила деза. ШарΙо гΙурбанна ца магош ерг хьайбанах гΙелъелла, гΙора дайнарг а, телхина, кΙеззиг бен яжар доцуш, цхьана меттехь хьийзаш ерг а, шен сакхталла билгалдолуш, бΙаьрг сакхт ерг а, шен астагΙалла билгалдолуш, астагΙ ерг а, шен цамгар билгалйолуш, гирзаш даьлларг а, жижигна эшам бар а, озалла а тΙедохьуш йолу муьлхха а цамгар ерг а ю.
Лерг даьттΙарг, я лергана Ιуьрг даьккхина ерг мегар ю, маΙа кагйина ерг, яьΙна ерг мегар ю. Яхка езаш ерг, узуш ерг ен магийна ю, азъелла, гΙаддайна яцахь.
Доьзал мел боккха белахь а, уьстагΙ цхьана цΙен тΙера тоьаш бу, эмкал я бежана ворхΙанна тΙера ю. Хасапхочунна (хаспдийриг) гΙурбанан дакъа лур дац, сагΙина хьажийнарг бен, цо бинчу белхан мах кхин хир бу. ГΙурбанан неΙ-цΙока йохка мегар дац, сагΙина яларх а, шена йитарх а хΙумма а дац.
Стагана, гΙурба ша дер, ша ца дехь, дуьйш хьажар, урс ирдар, деле хьалха хьайбане садаΙийтар иза ларар, цуьнан пусар дар мелехь ду.
Иштта гΙурба дуьйш лардича мелехь долуш пхиъ суннат ду: «БисмиллахΙи» аьлла, Делан цΙе яккхар.
Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Салават диллар. ГΙурба къилбехьа дерзор. Такбийр (акбар) дешар: «АллахΙу Акбару, АллахΙу Акбару, АллахΙу Акбару, ла илахΙа иллаллахΙу в-АллахΙу Акбару, АллахΙу Акбару, ва ЛиллахΙил-хьамду», кхоалгΙа «АллахΙу Акбару» аьллачул тΙаьхьа «Кабийран Вал-хьамду ЛиллахΙи касийран, ва СубхьаналлахΙи букратан ва асылан» юкъадалорца такбийр совдаккхар дика лерина ду. Деле гΙурба къобалдар доьхуш доΙа дар: «АллахΙумма, хΙаза минка ва илайка, фатакъаббал минний». Веза Дела, хΙара Ахь суна делла долу Хьан ниΙмат ду-кха, гΙурбанна хΙара охьадиллина, Хьуна гергахилар лохуш ву-кха со, къобалдехьа соьгара бохург ду цуьнан маьΙна.
ХΙокху дезчу дийнахь бедарех керланиг, цΙенаниг тΙеюьйхича мелехь ду. Вовшашна а, цомгашболчарна а, баккхийчарна а зерате хΙоттар мелехь ду, къен-миска нахана а, буо-берашна а, церан доладечарна а гΙодар мелехь ду, деца-ненаца, доьзалца комаьрша хилар мелехь ду. Дагца а, маттаца а, дикачу Ιамалшца а Дела хьехор, Къуръан дешар, Делан Элчанна (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) салаваташ дахкар, шайна юкъахь салам даржор, вовшийн декъалдар, Дала гΙурба къобалдойла алар мелехь ду. Динах а, гΙиллакхах а ца вухуш, самукъадаккха мегар ду. Вовшийн къинтΙера довлар, хаза дош алар, динах а гΙиллакхах а ца доьхчахьана, вовшийн самукъадаккхар а мелехь ду. Дала шена рицкъанца аьтто бинарг, ченаша вуьзна, месаш хьирчина воцуш, Делан ниΙмат шена тΙехь гучудоккхуш, шен духарх тоьлларг тΙе-кога дуьйхина, хаза хьожа йолу Ιатар тоьхна, цхьанна а куралла ца еш аравалар мелехь ду, Делан салам хиларо аьлларг диц ца деш, «Шен даг чохь мискъала зарратал куралла ерг ялсамани чу гΙур вац», – бохуш долу.
Варийлахь, варийлахь, хΙай бусалба, хΙай гΙурба ден аьтто боцуш верг, хьайн гатделлачу хьолана а, карахь доцчу хΙуманна а гΙайгΙане ма хилалахь – Веза-Сийлахь верг Шена луучунна рицкъа луш ву хьуна, халонал тΙаьхьа аьтто беш ву хьуна, хьолаца а, мискаллица а Шен леш зуьйш ву хьуна, нехан доьзалш токхонехь гича, хьайн доьзалан хьокъехь холчу ма хΙотталахь! Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) лайначу халонийн цуьнан цΙийнан наха а, асхьабаша а хьегначун ойла елахь. Уггаре а чΙогΙа дуьненан бала лайнарш, халонаш хьегнарш пайхамарш бу хьуна, царал тΙаьхьа эвлаяаш бу хьуна, царал тΙаьхьа дика нах бу хьуна. Къинхетаме волчу Дала «Миска нах Сан доьзалш бу» аьлла хьуна, Делан салам хиларо миска нах ялсаманин охΙла бу аьлла хьуна. ХΙара дуьне а, хΙокху дуьненан дахар а Дала чуьркан тΙоман меха лерина делахьара, Дала кху чохь керстанан а, зуламхочун а карахь цхьа хΙума хуьлуьйтур ма дацара, цаьрга цхьа хин къурд бойтур ма бацара. ГΙурба дан хьан ницкъ ца кхачахь, хьуна хоийла Делан салам хиларо тоьллачех шиъ ка гΙурбанна бийна хилар, цхьаъ шена а, шен доьзална а тΙера, важа шен умматан мискачу нахана а тΙера – шен умматан къинхетаме да хилла ма ву иза, Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна.
Хьо Ιийд ламазе цхьана новкъа вахча, юхавирзича, кхечу новкъа гΙолахь, бусалба вежаршца цхьаьнакхетархьама, хьайна дуьхьалкхетча, миска нехан лерамбархьама. ХΙара санна долчу дийнахь къаьсттина комаьрша ву бусалба стаг.
Амма хьо, хΙай хьолан да, дуьненан аьтто хьайгахь берг, ахь хΙокху дезчу Ιийдах Ιосаллин а, бохаман а мур ма белахь – бохамаш бийраш Далла ца беза хьуна, Делаца гамвелларг тоьлар вац хьуна. Хьайна Дала деллачу хьолах къаьркъанна а, шовкъе долчу ловзарш тΙехь харж еш болчу нахах а, шайтΙанан гΙоьнчех а дΙакхетий, исрап ма делахь, сийлахь долчу лаьтта тΙехь, езачу хенашкахь хьаьжой Далла хьалха лаьтташ, шайн вежарий ийманехь нисбар Деле доьхуш болуш, Иза хьайна оьгΙазвоьду белхаш ма лелабелахь, корта бахош долу хΙума, иза муьлхха делахь а, хьайна хьанал дай, бусалба нахана луьйш, гΙийбаташ деш, дакъаза ма валалахь.
Делан салам хиларо гΙурбанах дерг шега хаьттича: «Шун да хилла волчу ИбрахΙиман суннат (динан Ιадат) ду иза» – аьлла. Тхуна цунах хΙун хир ду? – аьлла шега хаьттича: «ХΙора чоьнна дуьхьал дика яздийр ду», – аьлла. ТΙаккха, «тΙаргΙа?» аьлла хаьттича: «ТΙергΙан хΙор чоьнна дуьхьал дика яздийр ду», – аьлла.
АллахΙу Акбар, АллахΙу Акбар, АллахΙу Акбар, Воккха ву АллахΙ-Дела.
«Далла тΙе ца кхочу церан (гІурбанан даьхнин) жижиг а, цΙий а, Цунна тΙекхочу шуьгара (Делах) кхерар (муьтΙахь хиларца йолу дика Ιамалш). Иштта Цо уьш (даьхни) муьтΙахь дина шуна, Цо шу нийсачу новкъа дахарна, шуьга Дела вазвайтархьама, ахь кхаъ баккха Дела цхьаъвиначаьрга (эхартна уьш декъалхиларца).
(Аль-Хьаьдж сурат; 37-гΙа аят)
Лекха волчу Дала ийманехь нисдалар лойла вайна! Амин, вал-хьамду лиллахІи раббил Іаламийн.
МУРТАЗАЕВ С.
№105, еара, 17 сентябрь, 2015 шо