Соьлжа-ГIалин Заводской районерчу Къинхьегаман а, социальни кхиоран а отделехь коррупцина дуьхьал къийсам латторан болх дIахьо цуьнан хьокъехь долчу Россин Федерацин, Нохчийн Республикин законашца а, оцу балхана хIоттийначу планаца а нийса а догIуш.
Коррупцица къийсам латторна учрежденехь вовшахтоьхна белхан тоба. Дукха хан йоццуш цо дIаяьхьира коррупци ца хилийтарна лерина долу г1уллакхаш дийцаре дина йолу рогIера кхеташо.
Кхеташо дIаяьхьна иштта отделан белхахошца а. Теллира 2015-чу шеран 3-чу кварталехь коррупцица къийсам латторан гIуллакхийн план кхочушъяр.
Коррупцин долуш долчу гучудийларийн хьокъехь сихха хаам бан аьтто хилийтархьама отделехь гуччу меттехь д1атоьхна ю телефон, бахархошкара а, организацешкара а аьрзнаш а, предложенеш а дIаэца яьшка хIоттийна. Лелош ю аьрзнийн а, предложенийн а книга а.
Стенда тIехь гуччу меттехь дIатоьхна ду нормативно-бакъонийн документаш, буклеташ. Учреждене баьхкинчеран аьттонна болуш бу пачхьалкхан хьашташ кхочушдаран а, кхечу гIуллакхех лаьцна а болу хаамаш. Кхочушбеш бу пачхьалкхан хьашташ шен хеннахь а, лаккхарчу дикаллица а кхочушдаран лехамаш.
2015-чу шеран кхоалгIачу кварталехь гучу ца яьлла коррупцица доьзна талхораш даран цхьа а меттиг.
Р.ЮНУСОВА
№105, еара, 17 сентябрь, 2015 шо