Къинхьегамо ирсе винарг

IMG_1803

«Сагуш вацара аьлла паргIатвала ца веза цхьа а. Шега далуш дерг дан Iама веза» – олуш Iедал ду  ГIойтIахь вехачу Сардалов Аптин. Шайн юьртарчу №3 йолчу школехь 1977-чу шарахь доьшуш волчу хенахь бIаьргана чов йина, бIаьрса дайна ву иза. Дас-нанас дукха меттигашкахула лелийра иза лоьрийн дарбане сатуьйсуш, амма бIаьрзе виса доьгIна хиллера цунна.

1987-чу шарахь «БIаьрзечеран юкъаралла» организаце балха вахара иза. Болх а беш Соьлжа-ГIалахь хиллачу «Московская школа №1» филиалехь дешна цо. Дийнахь болх беш, суьйранна доьшуш юккъера школа яьккхира.

1990-чу шарахь хIусамнана ялийра. Кийса оьзда, собаре хилар, Дала бина боккха аьтто бара цуьнан. ХIетахь дуьйна муьлхха а халонаш тIенисъелча а доьналлица чекхдолуш схьадогIуш ду и шиъ.

1992-чу шарахь Москвана уллерчу Волоколамск гIалахь «БIаьрзечу нехан реабилитационни институте» деша вахара иза. Болх а беш дика дийшира Аптис цигахь а. Юьхьанца дуккха а халонаш нислора цуьнан дахарехь, амма цкъа а кIел ца вуьсуш хIокху хене схьавеана иза. 2000-чу шарахь, «БIаьрзечеран юкъараллера» а волий, ГIойтIарчу Культурин цIийне балха воьду. Юха а, шен корматалла кхиош дешаран некъа тIехь къахьоьгу цо. 2002-чу шарахь культурин училище деша вахара иза. «Массо а хIума Делера ду. ДIагIерта халуо ду, амма балхаца, дешарца Дала гIо до, дика накъостий а ло уллехь», – олу Аптис.

Вайна хаьа бIаьрса хилча а атта доцийла дуьненахь шен цхьа меттиг дIалаьцна ваха. Дала шен гIоьнца массо а хIума дика дIанисдо, жимма бахьанаш лелийчахьана, ког бацахь а, куьг дацахь а,  бIаьрса дацахь а дуьненчохь ша йоккху хан дуьненна а, эхартана а пайдехь яккха еза.

2007-чу шарахь Нохчийн пачхьалкхан университетан филологин факультете актерски отделени яьккхира. Нах цец а буьйлуш дика доьшура цо. Са а гуш доьшуш болчарел дика ларавора Апти. Муьлххачу сагуш волчунна хета тарло, дуьненан серло гуш ца хилча, шен кхин цкъа а самукъа а дер дац аьлла, амма Аптис шен бIаьрса цахиларна цкъа а бала ца лайна ша олу. Шен са ца го  аьлла юкъах ца битина цо жима волуш дуьйна а  шен даго хаьржина  болу некъ. Аптис хIинца массо а хIума долуш ду олу, хьалха хилла чIогIа хала, хIинца дуьненчохь йолу керла технологеш, хьелаш дацара. Брайлан  йоза а хаьа Аптина.  Аьттонаш боцчу хенахь даккхий тептарш а, книгаш а лелош хилла, доьшучохь хьехархочо дуьйцург дIаязъян кхуьуш а ца хилла бIаьрзе нах.  Амма Аптин  яздан  дезна а дац. Хьехархочо дуьйцучуьнга леррина ладугIура цо, диктофон тIе а язйой, шадерриге, ма-дарра аьлча санна,  схьадуьйцура юха.

1987-чу шарахь дуьйна белхаш  беш схьавогIуш ву Апти. ХIинца цо ГIойтIахь тIекхуьучарна йишлакхаран корматалла хьоьху. 2000-чу шарахь дуьйна цигахь болх беш ву иза. Цо Iамийна ю гIараяьлла йолу эшаршлакхархо Исаева Iайнаъ. Дуьненчохь бIе шарахь цкъа бен ца нисло, иштта дика аз долу нах аьлла кхайкхийна а ю иза. Иштта «Молодые звезды» олучу передачехь дакъалоцуш хилла ю цо Iамийна йолу Кагерманова Марха а. Аптис цхьа шатайпа адамийн дегнашка кхочуш пондар локху. Цуьнан  пондаре ладогIа  хийла баккхий нах богIу. Адамийн муьлххачу ойланан кIоргене кхуьуш санна хетало цуьнга ладогIа воьлча.

Муьлхха а шен гIуллакх ша деш ву Апти. Шен кертахь, са ца гора аьлла ца Iаш, массо хIума дан гIерташ воллуш хуьлу иза. Миччанхьа а ша ваха везаш хилча шеца цхьа а гIоьнча а воцуш, ша воьду иза шен Iасанца. Иштта хIора рузбан дийнахь маьждиге а воьду. Юьтарчу муьлххачу а  тезетахь а хуьлу иза, махе а воьду. Цо олу: «Сайх пайдабер болчу метте со-суо воьду,  новкъа хир волчу ваха а ца воьду». ТIаккха шега хьо новкъа хир волу меттиг йийца аьлча цо жоп делира: «Со новкъа кешнашкахь хир ву, шен кхин гIуллакх дан дезаш волу стаг, со сагуш вацар а аьлла, нехан баьрзнаш ца хьешийта со схьа а лаьцна лелар ву, шен цигахь дан дезарг кIел а дитина.

Са ца гуш болу дуккха а нах оьций хийлазза зиярташка а ихна Апти. Цо, шена  дага а догIий,  вовшахтухура ша санна бIаьрзе нах.

Уггаре а самукъадолу хIума хIун ду кху дуьненчохь аьлла,  шега хаьттича,  цо дийцира: – «Уггаре а сан самукъадолу меттиг, со санна бIаьрзечу  нахана соьгара жимма а  пайдабалар  ду», – элира цо. Апти бахьана долуш  юха дуьненан хазалла йовза волавеллачарех ву Дудаев Абубакар. ТIом болчу хенахь бIаьргашна юххехь герз иккхина, бIаьргаш бевлла ву иза. Цул тIаьхьа кхин цхьана хIуманах самукъа ца долура цуьнан. Аптис церан хIусаме а вахана ша лелийнарг а, лайнарг а дийцира. Цо, кIорггера ойла а йойтуш, къамелаш дира цуьнца. Дукха хан ялале Серноводске деша вахара Абубакар. ХIокху шарахь шен диплом а эцна цIавеача, Аптина баркалла ала веара иза. Сагуш мел воцчунна накъост ву олу Апти цуьнан хIусамнанас Кийсас. ЧIогIа похIма долуш стаг ву иза. Цунна чIогIа лаьа массара а Iилма Iамадойла. Юьртахь массара а лоруш, массарна а везаш ву Апти. Далла хастам бу и тайпа доьналла долу нах вайна юкъахь хилар.

ДУДАЕВА Разет

Авторан сурт

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: