Кишиев Кунта-Хьаьжин цIарах йолчу Россин исламан университетехь хIокху деношкахь даздаран хьолехь 30 стагана дипломаш дIаделира. Къаьсттина мехала хета царна юкъахь 12 йоI хилар. Оцу даздаршкахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин бусалбанийн динан урхаллин куьйгалхо, муфти Межиев Салахь-Хьаьжа, республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан директор Дадаев Ризван, Нохчийчоьнан Куьйгалхочун хьехамча, «Некъ» телерадиокомпанин директор Шахидов Адам, Кунта-Хьаьжин тIаьхьенах волу Кунтин Сайфудди, къурайшийн тIаьхьенех волу Сайдаев Сайд-Хьусайн, кхиберш.
Дипломаш дIадаларна лерина цхьаьнакхетар дIадолийра университетан мутаIелама Радуев Асламбека Сийлахьчу Къуръана тIера сурат дешарца. Цул тIаьхьа цхьаьнакхетар дIахьош волчу Дадахаев Мохьмада дош делира хIокху университетан ректорна Мутушев Iабдурахьимна. Шен къамелехь цо билгалдаьккхира тахана Кунта-Хьаьжин цIарах йолу университет йолчу меттехь хьалха набахти хилла хилар а, Сталина таIзарш латточу муьрехь кхузахь тоьпаш етташ, Iазап хьоьгуьйтуш вайн Iеламнах байъина хилар а. ХIетахь цхьанна а дагахь а ца хилла иттаннаш шераш дIадевлча, хIокху меттехь исламан дешаран туш схьа а йоьллур ю, адамийн парггIат, цхьаннах а ийза а ца луш, бусалба дин Iамо а, бусалба дин лело а йиш йолуш хир бу бохург. Амма хIара де тIекхачаре сатийсина вайн дайша. ХIара де тIекхаьчна Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа бахьана долуш.
Иштта, Iабдул-Межидан Iабдурахьима билгалдаьккхира университетах хIинцале беркат дала доладелла хилар. «Хууш ма-хиллара, стохка, университетан пхи шо кхочуш, кхузахь дешна ваьлла 19 мутаIелам, ткъа кху шарахь – 30. Хазахеташ ду оцу 30 мутаIеламах 12-мма университет цIечу дипломаца чекхъяьккхина хилар. Царах ялх жима стаг ву, ялх йоI ю. Оцу кхиамашка кхочийла хир дацара Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана хаддаза тхан гIайгIа, терго еш яцахьара. Дела реза хуьлда цунна», – элира I.Мутушевс.
Цул тIаьхьа цуьнан пурбанца дипломаш дIаделира цхьаьнакхетаре баьхкинчу безачу хьешаша (лакхахь цIерш яьхна болчу).
Уьш дIаделла девлча вистхилира Кунтин Сайфудди. Цо йолу университет чекхъяьккхинчаьрга элира: «Аш чекхъяьккхина везачу эвлаяан шайхан Кунта-Хьаьжин цIе лелош йолу университет. Бакъонца дика устаз хилла иза. Тахана дуьйна шуна тIедужу доккха жоьпалла. Шайна кхузахь деллачу Iилманах, адамаш нийсачу некъа тIе хIиттош, республикин зовкхан дуьхьа пайдаэца беза аш. Вайн Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), вайн эвлаяаша хьехна некъ бу иза», – бохура цо.
Университет чекхъяьккхинчеран цIарах къамел дира масех минот хьалха цIен диплом схьаэцначу Ханыкаев Аслана. Шен къамелан юьххьехь цо даггара баркалла, Дела реза хуьлда элира шайна деша бегIийла хьелаш кхоьллинчу а, аьтто бинчу а Нохчийчоьнан Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, университетан ректорна Мутушев Iабдурахьимна а, берриге а хьехархошна а. Дикачу дас санна мутаIеламийн дола, Iуналла, терго йира цара массара а.
Республикин Куьйгалхочунна а, Кунта-Хьаьжин цIарахчу университетан ректорна а, берриге а хьехархошна а баркалла а олуш, мутаIеламийн дай-нанойн цIарах вистхилира Эльсанукаев Ваха.
Цхьаьнакхетар дерзош, регионан муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас доIа дира.
С.ХАСАНОВ
№105, еара, 17 сентябрь, 2015 шо