Россин Федерацин Президентан В.Путинан майхьлера 2013-чу шеран №600 йолу Указ кхочушдаран Iалашонца тIеэцна ду №185 йолу федеральни закон. Иза кхочушдарехь Нохчийчохь долу хьал а довзуьйтуш, тхан хаттаршна жоьпаш делира Нохчийн Республикин гIишлошъяран а, хIусамийн-коммунальни бахаман а министран декхарш ханна кхочушдеш волчу Сакказов Iалимус.
– ХIун Iалашонца тIеэцна ду №185 йолу федеральни закон?
– Россин Федерацин Президента 2012-чу шеран 7-чу майхь №600 йолчу Указна куьг яздар бахьана долуш Россехь тIеэцна ду №185 йолу леррина федеральни закон. И закон тIеэцарца юкъадаьлла ду дуккха а петарш йолчу цIеношна капитальни ремонт ян езар а.
– «Дуккха а петарш йолчу цIеношна капитальни ремонт ян езар» хIун бохург ду?
– Советан Iедал долчу хенахь петарш Iедалан долахь яра. Бахархой царна чохь ханна Iаш лоруш а болуш. Тахана, Россехь, петарш бахархойн долахь ю. Уьш бахархойн долахь хиларо уьш декхаре бо тхов а, петаршна тIевогIийла а шайн чоьтаца къепехь латтор.
– Билггал хIун тIедужу бахархошна цу декъехь?
– Нохчийчохь дуккха а петарш йолчу цIеношна капитальни ремонт яр Iуналлехь латторан Iалашонца кхоьллина ши организаци ю: Соьлжа-ГIалина а, махкана а лерина. Бахархоша яла езачу налоган барам хIоттош ю и организацеш. Цара вайн республикехь цхьана квадратан метрана хIоттийначу налоган барам бу 6,5 сом. И барам цIеношна капитальни ремонт эшаран анализ йой бен хIоттош бац: цу юкъадогIу ремонт яр а, ремонт яран хан а. Кхузахь суна ала лаьа, вайн махкахь хIоттийна долу и 6,5 сом Россехь уггаре а лахарчех хилар.
– Лакхахь вай хьахийна йолу ши организаци бахархошна хьалха хIун дан декхарийлахь ю?
– Уггаре а хьалха и ши а организаци махкана а, бахархошна а хьалха декхарийлахь ю цIеношна капитальни ремонт яран график хIотто. График шина декъах латта езаш ю: карарчу ханна а, тIаьхьалонна а. ТIаьхьалонна лерина йолу график Нохчийчохь 2043-гIа шо кхаччалц лерина ю. Цу организацийн шолгIа декхар – бахархошкара церан цIеношна ремонт ярна лерина йолу налог схьаэцар ду. КхозлагIа декхар – хан тIе ма-кхеччинехь, ремонт ян организаци лахар а, цо беш болу белхаш тергонехь латтор а.
– Цу шина организацина Iуналла деш Iедалан муьлха орган ю?
– Тхан министерствон декхар дара и организацеш кхоллар. Цул тIаьхьа гIуллакх Правительствон кара дIаделла. Цо цу организацин куьйгалхо хIотта а во, хийца а хуьйцу. Иштта Правительствос цу организацеш бертахь тIеоьцу карарчу ханна лерина йолу ремонтийн график. ТIаьхьалонна лерина йолу график Правительствос дIакховдорца Нохчийн Республикин Куьйгалхочо тIеоьцуш ю.
Ткъа дерриге а бахархойн дахар аьхна а, бегIийла а хилийтаран дуьхьа ду.
Интервью дIаяхьнарг –
И.ХАСАХАНОВ
№105, еара, 17 сентябрь, 2015 шо
