Схьабиллина 15-чу сентябрехь Соьлжа-ГIаларчу А.-Хь.Кадыровн цIарахчу музейхь.
Хьалхуо музейхь дIабаьхьира нохчийн а, ногIийн а этнографин гайтамаш. Уьш дIахьо федеральни Iалашонан «Россин культура – 2015» программин гурашкахь, иштта А.-Хь.Кадыровн «Культура йоцург къам дац» аьллачу кхайкхамца.
Гайтамехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат, Невран муниципальни районан администрацин куьйгалхо Кашлюнов Владимир, иштта кхиболу хьеший.
Мероприяти дIайолош Умаров Джамбулата а, Кашлюнов Владимира а, кхечу хьешаша а зезагаш дехкира А.-Хь.Кадыровн хIолламна хьалха.
Цул тIаьхьа комплексан конференц-залехь Умаров Джамбулата а, Кашлюнов Владимира а журналисташца пресс-конференци дIаяьхьира.
Умаров Джамбулата гIалагIазкхий декъалбира «Казачий курень» гайтам схьабелларца. Цо элира нохчаша гIалагIазкхий шайн вежарий а, йижарий а лоруш хилар. Хьалха ярташна а, станицашна а юкъахь тайп-тайпана юкъаметтигаш хиллехь а, таханлерчу дийнахь, цхьана а хIумане хьаьжна доцуш, нохчий, гIалагIазкхий бертахь бехаш хилар.
Кашлюнов Владимира баркалла элира кхоллараллин коллективашна культура Iалашъярна. «Дахаран кеп хийцаеллехь а, бIешерашкахь цхьаьна даьхначу къаьмнашкара схьаэцна йолу культура дIатаса йиш яц. Иштта дезденош хIора дийнахь аьлча санна дIахьо республикехь. Вайн республикин хьалхарчу Президентана А-Хь.Кадыровна лиънарг а дара иза. Цунна хаьара ша стенна тIегIерта а, иштта хила дезий а, хир дуйла а», – тIетуьйхира В.Кашлюновс.
Пресс-конференци дIаяьллачул тIаьхьа Дж.Умаровс, В.Кашлюновс, комплексан директора Ахмадов Iабдул-ВахIаба цIен аса а хадийна, схьабиллира «Казачий курень» гайтам. Цигахь дара г1алаг1азкхийн духарш, пхьегIаш, куьйга говзаллин белхаш, иштта г1алаг1азкхаша шайн дахарехь пайдаоьцуш болу гIирсаш.
Моздокера еанчу пачхьалкхан «Терекан казакаш» ансамбло эшарш а локхуш, хелхарш а деш, вайн республикин дистанционни дешаран туьшахь доьшучу Арзалиев Идриса, Мацагов Микаила, Таймасханова Аминас эшарш локхуш, байташ йоьшуш дIадаьхьира и гIуллакх.
Гайтаме хьажа аьтто хир бу 15-гIа октябрь кхаччалц.
Л.ДАУТОВА
№105, еара, 17 сентябрь, 2015 шо