Дозанал арахьара вайн «доттагIий» кхин цкъа а гIоьрти Россин халкъашна юкъахь питана таса, шеконаш, цабезам кхолла: мехкан юкъараллехь шуьйра бийцаре беш бу «Деле доIа: Исламехь цуьнан маьIна а, меттиг а» аьлла йолу книга экстремизман чулацам болуш лара езаш хиларан хьокъехь Къилба-Сахалинcк гIалин суьдо бина питане сацам а, цуьнца доьзна Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дина дIахьедар а.
Наггахь хезаш долу аьзнаш ца лерича, цхьа а вац тахана суьдо динарг къобалдеш. Дукхахболчара тидам тIебохуьйту иза билггалчу Iалашонна тIехьажийна питана хиларна. Цхьа а тайпа шеко ца кхоллало вайн регионан Куьйгалхочо динчу дIахьедаран республикехь санна, махкахь а даггара гIолоцуш хиларан.
«Деле доIа: Исламехь цуьнан маьIна а, меттиг а» аьлла йолу книга экстремизман чулацам болуш хиларан хьокъехь болу суьдан сацам, дозанал арахьа вовшах а тоьхна, махкахь рогIера питана даржо гIортар санна лору Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран Векала НУХАЖИЕВ НУРДИС а.
– Къилба-Сахалинск гIалин суьдан сацамо емал йо бусалбанийн хилла ца Iаш, динах тешаш болчеран массеран а ойланаш, – дIахьедира хIокху деношкахь Н.Нухажиевс. – Россин Конституцин 28-чу статьяс хIоранна а тешам ло ша цхьамма, я кхечаьрца цхьаьна муьлххачу а динан гIуллакхаш лелорна, я цалелорна, муьлхачу динах теша веза бохург парггIат харжа, оцу хьежамашна тIе а тийжаш гIуллакх дан. Изза бакъонаш чIагIйина адамийн бакъонийн Юкъарчу Декларацин 19-чу статья тIехь а, адамийн бакъонийн хьокъехь йолчу Европейски конвенцин 9-чу статья тIехь а. Россин дуккха а миллионаш бусалбанийн бакъонаш талхор, церан бакъонашна тешам луш долу законаш цаларар билггалчу Iалашонна тIехьажийна питана хилар бен лорийла дац.
Адамийн бакъонаш ларъяран Векал тешна ву сел беламе сацам тIеэцна суьдхо а, иск елла прокурор а дозанал арахьа шайна ахча луш болчу питанчийн Iаткъамна кIел нисвелла хиларх. Цунна хетарехь, иштта сацамаш ойла ца еш, цIаьххьана тIеоьцуш бац, ткъа билггалчу хенахь кечбеш бу. Цундела теша хала ду Къилба-Сахалинск гIалин прокурор а, ткъа цул тIаьхьа суьдхо а шаьш стенна тIекхийда бохучух кхеташ ца хиллера бохучух. Цо дийцарехь, иштта гIуллакхаш гIаланийн, я районийн суьдийн, прокуратурийн тIегIанехь къастош дац. И гIуллакх дагадаийтинарш, доладайтинарш оцу гIалина генахь бу, цигара схьа куьйгалла а деш.
Юьйцуш ерг цхьа билггал брошюра а йоцуш, ткъа бусалбанашна уггаре а дезачу Къуръанна тIекхийдар, цу тIера цхьадолу аяташ экстремизман чулацам болуш ларарца и гIуллакх дIадолийнарш а, кхочушдинарш а кхетара бусалбанийн дуьненахь мел боккха айъам гIоттур бу. Иза дуьххьалдIа парггIат динан гIуллакхаш лело Россехь бехаш болчу 20 миллион бусалбанашна Конституцис елла бакъонаш талхор хилла ца Iа. Иза дуьненарчу цхьаъ ах миллиард бусалбанашна дуьхьал дина гIуллакх ду. Схьахетарехь, Шарли Эбдос лелийна боьха ямартлонаш Россехь карла а йохуш, цхьаболчарна чIогIа лиинчух тера ду Россехь Къуръан доьхкуш ду, Исламан баххашна тIекхийда боху харц хаамаш дуьненна, ша аьлча, бусалбанашна дIагайта. Оцу гIуллакхан авторшна хетарехь, цо тIедалор ду Россина а, Iаьрбийн мехкашна а юккъехь хила болабелла барт бохорна, цигара вайн махка йогIуш йолу инвестицеш совцорна, Россин бусалбанийн регионашкахь хьал чолхе даккхарна.
Н.Нухажиевна хетарехь, иштта юьстахарчу меттигашкара суьдхо а, прокурор а хуьлийла дац оцу «проектан» авторш. Цо иштта билгалдаьккхира дозанал арахьара инструкцеш кхачаре хьуьйсуш Iаш болу бохамийн «мехаллаш» яржорхой «демократизаци» йолийначу ткъех шарахь дуккха а барамехь Iедалан структурашна юкъабахана хилар. Ткъа цигахь, хууш ма-хиллара, гIуллакх деш ю хаамаш гулбаран, бозуш боцчу мехкашкахь бес-бесара революцеш, майданаш кечъяран Iаламат яккхий центраш.
Векал тешна ву суьдо бух боцуш бина сацам лакхарчу тIегIанашкахь бохориг хиларх. Иза ца дахь, динан гIуллакхаш девзаш боцчара Инжилан чулацамна а кхана изза ала тарло. И санна дерг тIейогIучу хенахь цахилийтархьама, цунна хетарехь, динан гIуллакхашкахула сацамаш тIеоьцуш Iедалан органийн бакъонаш нийса билгалъяьхна хила еза. Оццу хенахь махкахь сел хала хIоьттина машар, барт бохорна бух цахилийтархьама хийца деза законаш Iедалан органийн дан бакъо ерг билгал а доккхуш.
Нухажиев Нурди реза ву юкъараллин, динан деятельна, РПЦ-н диаконна Кураев Андрейна хетачунна: хийца деза законаш, динан литературех дерг къастор могIарерчу суьдашна (районийн, гIаланийн, областийн) дехка а доьхкуш, иза, я важа литература экстремизман чулацам болуш хиларан хьокъехь сацам тIеэца йолу бакъо цаьргара дIа а йоккхуш. Иштта сацамаш тIеэцарна тоьаш дац юридически норманаш ши бIаьрга хьаббина кхочушъярх. Дуьненан динийн гIуллакхашкахь оьшу кIорггера бух болу хаарш. Цундела и гIуллакх леррина йолчу комиссех, я тобанех тешо деза, шайна юкъахь дакъалоцуш ерриге а конфессийн векалш а болуш. ХIинцалерниг санна йолу меттиг нисъеллачу хьелашкахь цара бинчу сацамех пайдаэца беза суьдаша.
Оцу гIуллакха тIехь кхин цхьаъ а ду адамийн бакъонаш ларъяран Векал цецвоккхуш: Сийлахьчу Къуръана тIерачу аятех дуьххьалдIа динан стихаш аьлла суьдхочо мах хадор, ишттачу меттигашкахь чIогIа мехала йолу религиоведчески экспертиза ян цо дуьхьало яр, Къилба-Сахалинск гIалин бусалбанийн юкъараллин векалша беш хилла лехам хьесапе ца эцар. Амма цуьнца цхьаьна иза даггара тешна ву питанчашна сацам боллуш некъ боьхкург хиларх, нийсоно толам боккхург хиларх.
Л.АКАРОВ
(Пайдаэцна ведомствон сайтан хаамех)
№105, еара, 17 сентябрь, 2015 шо