Малхбалерчу а, Къилбаседа Африкерчу а пачхьалкхашкара Европин мехкашка схьаоьхучу мигранташа церан юьхь ша ма-ярра гучуяьккхина, дуьхьалара кирхьа дIа а даьккхина. Евросоюза юккъехь цхьа «вежарий» хилла цхьаьнакхетта пачхьалкхаш а, вовшашкахь долчу хьоле ца хьовсуш, ша-ша мигрантех кIелхьараяла гIерташ ю. Оха санна адамийн бакъонаш, маршонаш ларъеш пачхьалкх яц баьхна Германин куьйгалхой а шайн дозанаш чIагIдина дIахIиттина. Масех де хьалха ФРГ-н Канцлер А.Меркель дIахьедеш яра шайн махкахь мигранташ тIеэцарна лимит хIоттийна яц, оха схьа мел веанарг тIеоьцур ву, бохуш. Ткъа тахана цо дIакъевлина Австрица долу доза, сацийна оцу махка лелаш хилла цIерпошташ. Берлин дIаяьлла Шенгенан барта юккъера. Цу хьокъехь дуьйцу Alley Iehall und Rauch изданис.
Дукха сиха йоьхна Германи. Цуьнан куьйгалло дукха сиха дицдина ша Шемерчу, ОвгIанерчу, Иракерчу беженцех чIогIа «дог лозуш» хилар, къайлах-къулах «Иблисан пачхьалкхана» герзаш а духкуш. Германин вице-канцлер Зигмар Габриэль а дукха сиха вицвелла. Иза ма-вара мигранташ Евросоюзан пачхьалкхашна юкъахь цхьабосса дIасабекъа беза баьхнарг. ХIинца иза а мигранташна шайн махка богIу некъ бехкарехьа ву. Чехи а иштта чIагIъелла. Шен дозанаш чIагIдан ойла йолуш ю Франци а. Данис-м шен дозанашна хIинцале «догIа тоьхна». Европин политикаша байракх йина айбина хилла дIасадахарна маршо хиларан бакъо, ченашла хьакхийна, дIаяьккхина. ХIинца и бакъо а, и маршо а йоцуш ю.
Венгрин премьер-министра Орбан Виктора дIахьедина: «Беженцашца йолу кризис иза Германин проблема ю». Вуьшта аьлча, тхан Германица бала бац, шаьш дина худар шаьш даа бохург ду иза. Оццу хенахь В.Орбана шайн махка мигранташ ца бахкийта шайн дозанашка эскархой хьовсийна. Ткъа уьш, шайга омра дахь, мигранташна герз тухур долуш бу.
Делахь-хIета, Шенгенехь а, Дублинехь а бина барташ хIинцачул тIаьхьа боцуш бу, уьш бохийна. Европин политикаша даррехь талхош ду законаш, хьоьшуш ю адамийн бакъонаш. Царна цхьаннах а эхь ца хета, цара цхьаннах а бехк а ца лоьцу. Уьш кхоьру Iамарках, цо бохург ца дан. Церан Дела а вац, дин а дац, бакъо а яц. Цунна тоьшалла до хIокху бакъдолчо а.
Шен Iесаллица, бусалба дине болчу цабезамца дуьненахь а девзаш долчу «Chaulie Heldo» газето Европехь хIоьттинчу миграцин кризисах кхаьрдаш, шеца цхьана а тайпа къинхетаман хьаса боцу карикатура зорбатоьхна. Газето пайдаэцна Шемарчу кхо шо долчу кIентан – Айланан вастех. ХIордаца Европе кхача гIоьртина иза а, цуьнан ваша а, нана а хи чу дахана делла. КIентан дакъа тулгIено хIорда йисте кхоьссина. Веллачу кIентан сурт зорбатуьйхира дуьненарчу дукхахболчу хаамийн гIирсаша, гайтира телеканалаша, Европерчу политикашка миграцин политика кIадъяран хьокъехь лехамаш беш.
Ткъа «Chaulie Hebda» газето карикатура туьйхира, дуккха а адамаш карзах дохуш, дуккха а адамийн дог дохош. Иза шина декъах лаьтташ ду. Хьалхарчу декъана иштта цIе тиллина: «Европа керстанийн хиларна тоьшалла». Суьрта тIехь ваьккхинарг, хетарехь, хи тIехула схьавогIу Iийса пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) ву, ткъа иштта хи буха воьдучу кIентан когаш а ду. Iийсан суьрта бухахь яздина: «Керстанаш хи т1ехула лела». Вукхунна бухахь яздина: «Бусалбанийн бераш хи буха доьлху». Карикатурин шолгIачу декъана лакхахь яздина: «Марша догIийла, мигранташ!». И ду-кх царна адамех, тIамах бевдда кIелхьарабовла гIертачу пекъарех къахетар. И ю-кх церан юьхь, церан демократи.
Тахана оццул дукха мигранташ Къилбаседа Африкера а, Герггарчу Малхбалера а Европин мехкашка гIертар бацара Малхбузено оцу меттигашкахь дехаш долу халкъаш шайна ма-хетта Iен-даха дитинехь, цигахь шайн питана, зуламе политика дIахьош ца хиллехь, и мехкаш шайн олалли кIела дерзо ца гIиртинехь. Шеман Президента Асад Башара аьлла ма-хиллара, Шемара, Иракера бахархой идаран коьрта бахьана ду Iамарко а, цуьнца берта яханчу пачхьалкхаша а цигахь даржийна долу зулам а, цара гIолоцуш йолу терроризм а. Малхбузе а, Европа а юкъа гIерташ ца хилча тоххарехь маслаIат а, машар а хилла хир бара Шемахь а, Иракехь а, Нигерехь а, Ливехь а, ОвгIанехь а, ур-аттал Украинехь а, кхечанхьа а.
Кху деношкахь Таджикистанехь дIаяьхьначу ОДКБ-н (Коллективни кхерамазаллин хьокъехь болчу бартан организацеш) саммитехь Россин Президента Путин Владимира дIахьедира: «Шемара нах Европе дIакхалхар данне а доьзна дац Москвас оцу махкарчу бакъонца долчу Iедалан гIолацарца. Шемара адамаш уггаре а хьалха тIамах уьдуш ду, террористийн къизаллех уьдуш ду. Цигара тIом марсабоху арахьара чукхоьхьуш долчу герзаша… Нагахь санна Россис Шемин гIолоцуш дацахьара цигара хьал Ливехьчул а галдаьлла хир дара». Иза цхьаъ ду. ШолгIа делахь а, Шемарчу Iедална гIолоцуш хиларца данне а доьзна дац Ливера, Иракера, Йеменера, ОвгIанера, кхечанхьара мигранташ Европин мехкашка дIаэхар.
ХIокху чолхечу муьрехь ерриге а пачхьалкхаша шайн коьрта тидам а, ницкъ а терроризмана дуьхьал къийсам дIабахьарна тIебахийта беза. И даран метта Малхбузе террористашца цхьацца ловзарш лелош бу, къайлах-къулах церан гIолоцуш бу. Оцо долчу тIе а халчу доккхуш ду дуьненара хьал, галйохуш ю пачхьалкхийн юкъаметтигаш. «Иблисан пачхьалкх» дуьненна а бале яла тарлуш ду. Цуьнан ойла а йина, Малхбузено, къаьсттина Iамарко, дита деза шайн политикин Iалашонашкахь оцу зуламхойн боламах пайдаэцар. «Иблисан пачхьалкха» юкъахь идеологин а, тIеман а кечамах чекхбевлла дуккха а пачхьалкхашкара кегийрхой. Тахана-кхана уьш шайн-шайн махка юхаберза тарло. Цара тIаккха доккха питана даржо тарло. Оцу питанах доккха зулам дала а сахьт дац. Цундела и санна дерг ца хилийта, вовшех дага а довлуш, цхьа некъ лаха безара пачхьалкхийн куьйгалхоша, олуш ма-хиллара, хIора а юргIа шена тIеозо а ца гIерташ.
Д.АНАДЕВ
№105, еара, 17 сентябрь, 2015 шо
