ДIадаханчу кIирнах Къилба-Сахалински суьдо дезачу Къуръана тIерачу суратийн хьокъехь бинчу сацамна шаьш реза цахилар дIахаийтира «Эхо Москвы» радион официальни сайта тIехь кхаж тесначара. Дагадоуьйту Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Къуръанан сураташ тIехь долу «Деле дехар: исламехь цуьнан маьIна а, меттиг а» книга экстремистски ларар чекхдериг цахилар дIахаийтина хилар.
Радион журналисташа шайн ладогIархошна хьалха хIоьттина иштта хаттар дара: «Кадыров Рамзанна а, Къилба-Сахалински суьдана а юкъахь болчу къовсамехь бакъ мила хета шуна, аьлла?». Харжамашкахь дакъалецира 130 эзар гергга стага. Жам1аш дича 83 процент респонденташа бакъ вира Нохчийчоьнан Куьйгалхо. Баккъал Россех дог лозуш болу нах бу уьш.
Хууш ма-хиллара Кадыров Рамзан ву бусалба дин лело паргIато а, аьттонаш а хилийтарехьа къахьоьгуш. Ша бакъволу бусалба стаг хиларе терра цо Россехь а, цуьнан дозанал арахьа а дуккха а маьждигаш дина, иштта цхьа а деза де ца долу цо буоберийн, мискачу нехан бIаьрг ца белош, дог ца хьостуш.
Нохчийчоьнан Куьйгалхочо дIахьош йолу цIена политика новкъа ю Россин мостагIашна. Массо а агIор питанаш даржо цхьацца бахьанаш лоьху цара. Цундела Россин бахархой цунна тIехIиттар Iаламат мехала ду.
Дин а, Дала даздина даийтина долу Къуръан а лардарехь ша шен дахар дIадала кийча хилар дIахаийтина республикин Куьйгалхочо. Цо билгалдаьккхира: «Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас а, эзарнаш цуьнан накъосташа а терроризмаца а, экстремизмаца а къийсам латторехь а, бусалба дин Iалашдарехь а шайн дахар дIаделла. Цу новкъа д1аваха кийча со а ву. Ас цхьаьнгга а забарш лелайойтур яц Дала даздина даийтинчу Къуръанца».
Р.РАМЗАНОВ
№105, еара, 17 сентябрь, 2015 шо