Хонкарна уллехь хIордкема хи буха дахар бахьанехь 22 мигрант кхелхина, орцанна кхаьчначу службаша ши бIе сов стаг хIорда чуьра схьаваьккхина.
***
Францерчу Альпа лаьмнашкахь хьаьтта кIел нисвелла, кхелхина ворхI альпинист.
***
Шемарчу Алеппо гIала минометаш йиттина «Иблисан пачхьалкхан» гIеранаша. Цигахь лаххара а 20 стаг вийна, 30 стагана чевнаш хилла.
***
Курдистанан белхалойн партин тIемалоша, цкъа хьалха эккхийтар а дина, тIелатар дира Хонкаран бIаьхойн машенийн коврана. Оцу бохамехь 14 бIаьхочунна чевнаш хилла.
***
Иерусалимерчу Аль-Акса маьждигехь юха а тасадаларш хилла палестинхойн кегийрхойн а, Израилан полицин а. Шина а агIор лазийнарш бу.
***
США-рчу Калифорни штатехь хьаннаш ю йогуш. ХIинцале яьгна 53 эзар гектара тIера хьаннаш. ЦIе цхьамогIа ярташка а кхаьчна, иттаннаш цIенош дагош. Кхерамечу меттигера дIакхалхийна 20 эзар сов стаг.
***
Мигранташа сийсош ю Европа. Уьш бахьанехь вовшашна юкъахь йолу юкъаметтигаш «шелъелла» Венгрин а, Болгарин а, Сербин а, кхечу пачхьалкхийн а куьйгалхойн.
***
Украинин куьйгалло дийцарехь, махкахь дIахьош ду эскарна модернизаци яр. НАТО-н стандарташна, лехамашна жоп луш хила декхар ду Украинин эскар. КесталгIа хир дуй-те иза?
***
Душанбехь (Таджикистан) дIаяьхьира ОДКБ-н (Коллективни кхерамазаллин хьокъехь болчу бартан организацеш) саммит. Цигахь дакъа а лецира, къамел а дира Россин Президента В.Путина.
***
Россин Президента В.Путина шен Указца Россин Турпалхо еза цIе тиллина космонавтана-зерхочунна Рязанский Сергейна.
***
Россин цIерпоштнекъийн куьйгалло дийцаре деш ду Бразилехь 7–10 миллиард доллар мах болу цIерпоштнекъаш дахкаран хьокъехь долу гIуллакхаш.
***
Москвахь болх бан болабелла «Импортозамещения» цIе йолу дуьненаюкъара гайтам. Цигахь шаьш арахецна сурсаташ а, товараш а гойтур ду юьртан бахаман а, промышленностан а векалша.
№105, еара, 17 сентябрь, 2015 шо
