ХIирийн халкъана а, махкана а беркате хуьлда Т.Агузаров

Кхул хьалхарчу номерехь  оха  аьлла ма-хиллара 13-чу сентябрехь  Россин 84 регионехь  харжамаш дIабаьхьира. Оцу дийнахь  Къилбаседа ХIирийчоь – Алани Республикин Куьйгалхо  хаьржира  Агузаров Тамерлан. Цуьнан инаугурацехь  дакъалецира Россин Федерацин  Президентан  Къилбаседа Кавказан  федеральни  округехь юьззина  бакъонаш йолчу векала Меликов Сергейс, Къилбаседа Кавказерчу регионийн куьйгалхоша. Царна юкъахь къаьсттинчу  тидамехь  вара  Нохчийн Республикин  Куьйгалхо Кадыров Рамзан.

005

Даздарш чекхдевллачул тIаьхьа мехкан хаамийн гIирсийн журналистийн хаттаршна  жоьпаш луш, вайн республикин Куьйгалхочо элира: «Агузаров Тамерлан жоьпаллечу  белхашкахь алссам зеделларг  гулдина  ву. Иза хьекъал а, хьикмат  а долуш стаг ву. Дика вовшахтохархо  а ву.  Къилбаседа ХIирийчоь керлачу  кхиамашка кхачо  хьуьнар долуш куьйгалхо  ву иза. Тамерлан Кимович ас даггара декъалво оцу дарже  харжарца, лаьа цуьнан ондда могашалла, аьтто, ирс хуьлийла, хIирийн халкъ маьрша, зовкхе  дехийла. Со тешна  ву Т.Агузаровн куьйгаллица  республика  керлачу лакхенашка  кхочург хиларх».

Кадыров Рамзана иштта тидам тIебахийтира хьалха Къилбаседа ХIирийчоь – Аланин  Куьйгалхо  лаьттинчу Мамсуров Таймуразца шен доттагIаллин юкъаметтигаш хиларна. «Цхьаьна болх бечу хенахь сан дика  юкъаметтигаш тасаелира Т.Мамсуровца. Иза кхеташ вара Къилбаседа Кавказехь  машар а, синтем  а, зазадаккхар а  хилар регионийн куьйгалхоша  цхьаьна, бертахь,  вовшех  дага а довлуш  гIуллакхаш дарх, субъекташа  экономикехь,  политикехь,  социальни декъехь  цхьаьна  белхаш  барх  доьзна  хиларх», – элира цо.

Билгалдаккха деза  Агузаров Тамерланехьа кхаж теснарг Къилбаседа  ХIирийчоьнан  Парламентан 66 депутат  хилла хилар. Кхаж тасар къайлах  дара.  Кхаж  тасарехь дакъалецира 68 депутата. Цу тайппана, цхьабарт  хуьлуш  республикин Куьйгалхо  хаьржина волчу  цо  регион а, халкъ а кхидIа а  кхиорехь беркате  гIуллакхаш  дийриг хиларан шеко яцара С.Меликовн а. Цо  иза шен  къамелехь  дIа а хаийтира  Т.Агузаровс  махкана а, халкъана а тешаме хила чIагIо йинчул  тIаьхьа.

Билгалдаккха деза  Къилбаседа ХIирийчоь – Алани  Республикин  хьалха  хилла  Куьйгалхо Мамсуров Таймураз кIирандийнахь (13-чу сентябрехь) республикин Парламентан депутат хаьржина хилар.

 

С.ХАМЗАТОВ

 №105, еара, 17 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: