Газах, серлонах мах шен хеннахь дIабала беза

ХIусамийн-коммунальни хьашташ кхочушдарх  бахархоша  ахча далар  хьалхачул дикка  тоделлехь а, и гIуллакх хила дезачу  тIегIанехь  дац. Цундела республикин куьйгалло хаддаза болх бо хьашташ кхочушдарх бахархоша мах шен хеннахь а,  буьззинчу  барамехь а дIабаларе  кхачарехьа. Оцу гIуллакхана  лерина  яра  Нохчийн Республикин  Куьйгалхочо Кадыров Рамзана  хIокху деношкахь  Соьлжа-ГIалахь  дIаяьхьна  кхеташо.

ggggggggggggggg

ГIуллакх дийцаре дарехь  дакъалецира  Нохчийн Республикин Правительствон  Председатела Эдельгериев  Абубакара, республикин  Куьйгалхочун,  Правительствон  Администрацин  Куьйгалхочо  Кадыров  Ислама, республикин  промышленностан, энергетикин  министра Таймасханов ГIаласа, официальни кхечу  наха.

Кадыров Рамзанна довза лиира  энерготаронаш латтош болчарна  декхарш дIатакхаран  гIуллакхан оперативни штабан белхан  жамIаш.

«Бутт хьалха Правительствон  декъашхошца  а, ведомствийн, гIаланийн  куьйгалхошца  а дийцира  оцу  гIуллакхех лаьцна. ХIинца  довза  луур  дара  хIетахь  дуьйна  дIаяьллачу хенахь  бинчу  белхан  жамIаш», – элира цо.

Белхан тобанан куьйгалхо хиллачу  ГI.Таймасхановс билгалдаьккхира  электричествоца  а, газаца  а кхачояран  системехь  йолу  проблемаш дIаяхарехь  хIокху тIаьххьарчу  баттахь  боккха  болх дIабаьхьна хилар.

«Ша аьлча, вайн таро хилла пайда луш электроэнерги дIахецаран  барам  10,8 процентана  алсамбаккха. Цуьнга терра 8 процентана алсамдаьлла ахчанаш гулдар. Цул сов, бина  болх бахьана  долуш вай  11  процентана  лахдина электроэнергин  дараш хилар.  ХIусамийн-коммунальни  хьашташ  кхочушдаран декъехь  проблемаш йолу  дерриге а гIуллакхаш къастийна довллалц  кхидIа а жигара  болх бан  ойла  йолуш ду вай», – элира цо.

А.Эдельгериевс билгалдаьккхира энерготаронийн хьесап дар  вовшахтохаран  гIуллакх къаьсттина тидам тIебахийта  безаш хилар. Цо дийцарехь, оцу декъехь  болу болх ледара дIахIоттийна бу.

«Дикка  тобан  безаш бу  контролерийн  болх. Иштта  дикка тодан деза энерготаронех ечу  харжийн  хьесап  дар а. Хьакъ доллу  гIуллакхаш ца дахь, вай дикачу гайтамашка  кхачалур дац», – элира цо.

Кадыров Рамзан резахилира оперативни штабан балхана.  Цо билгалдаьккхира хIусамийн-коммунальни  хьашташ  кхочушдаран  декъехь  йолу  проблемаш  дIаяхарехь   дика тIаьхьенаш лун йолу  гIуллакхаш кечдан дезаш хилар.

«Хьалхарчу  рогIехь, меттигерчу  электрокомпанийн  куьйгалхой  декхарийлахь бу хIусамийн-коммунальни хьашташ  кхочушдарца доьзна долу  хьал  тодаре  хьашт долуш  хила, бакъо  йоцуш электроэнергех пайдаэцар ца  хилийта. Иштта нисдан деза энерготаронаш  латтош болчарна  декхар такха дезарца  долу хьал. Республико  билггал  пайдаэцначу  энерготаронийн  барамах бен мах лур  бац вай», – элира цо.

Цуьнца цхьаьна республикин Куьйгалхочо энерготаронех пайдаоьцучаьрга  дийхира царех ахча  дIадаларан  низам  тодар.

«Бахархоша а, организацеша а шаьш  пайдаэцначу  энерготаронех  ахча  дIадаларан низамах  йозуш ю хIусамийн-коммунальни хьашташ кхочушдаран  дикалла. Цунах дика  кхета веза электротаронех пайдаоьцуш волу хIора   вахархо, учрежденин куьйгалхо. Вай  бахархошна  вешан таронашка  хьаьжжина  гIо дан  гIерташ ду. Нохчийн Республикехь  эзарнаш адамашна  гIоленаш йо коммунальни хьашташ  кхочушдарехь. Амма хIусамийн-коммунальни  хьашташ  кхочушдар маьхза дан йиш яц  вайн. Иза вайх дозуш дац. Цундела адамаш декхарийлахь  ду  оцу  гIуллакхех кхета  а, газах, электросерлонах, кхечу кепара  коммунальни  хьашташ кхочушдарх  шен хеннахь  ахча дIадала а», – элира цо.

 Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон пресс-служба 

№105, еара, 17 сентябрь, 2015 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: