Кху деношкахь Гуьмсан районехь Керла Нойбер юьртахь дIаяьхьира 1998–2000-чуй шерашкарчу кегийрхошлахь паргIатчу кепара охьатохархлатарехула хьалхеяккхаран турнир.
Цигахь дакъалоцуш бара вайн республикин гIаланашкара, районашкара спортсменаш. Къийсадаларш дIадаьхьира шина дийнахь. Шайн-шайн йозаллин категорешкахь хьалхара меттигаш ехира: Уматгериев Iарбис (42 кг.) – Хьалха-Марта, Б.Эпендиевс (50 кг.) – Курчалойн район, Сайдалханов Аюба (58 кг.), Жалкха, Сангериев Рукъмана (69 кг.) – Грозненски район, Вакалишев Аламбека (85 кг.) – ТIехьа-Мартан район. ШолгIа меттигаш ехира А.Муртазалиев (42 кг.) – Курчалойн район, Гастамиров Дауда (50 кг.) – Хьалха-Марта район, Рамазанов Мохьмада (58 кг.) – Соьлжа-ГIала. Хасиев ИбрахIима (69 кг.) – ТIехьа-Мартан район, Халадов Изнаура (85 кг.) ДЮСШ Гуьмсан район, С.Закриевс (120 кг.) – Курчалойн район. КхоалгIа меттигаш ехира Хасбулатов Самана (42 кг.) – Нажи-Юьртан район, Калимулаев Булата (50 кг.) – Соьлжа-ГIала, Мусостов Мохьмада (58 кг.) – ДЮСШ Гуьмсан район, Анзоров Хьамзата (69 кг.) – Хьалха-Мартан район, Ахмадов Анзора (85 кг.) – шелан район, Амтаев Зубайра (120 кг.) – Шелан район.
Оцу кхиамашка спортсменаш кхачийна, уьш Iамийначу церан тренерша: Р.Тутаевс, Х-Б.Шамшудиевс, Ш.Юсупова, И.Асабаевс, А.Бадаловс, В.Байалиев, Х.Дадаевс, И.Нагаевс.
Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, мехалчу совгIаташца.
З.ШИШХАНОВ
№106, шот, 19-г1а сентябрь, 2015-г1а шо