Шех масал эца хьакъ йолу медйиша

IMG_1468

Соьлжа-ГIалахь йолчу Стоматологин республикански поликлиникин коьрта медйиша Мадашева Люда дика а, жоьпаллица а болх барца билгалъяьлла шен коллективехь. Поликлиникехь цо къахьоьгу 20 шо сов хан ю.

Люда Грозненски районан Iалхан-ГIалахь йина а, кхиъна а ю. Шайн юьртара №3 йолу школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа,  Соьлжа-ГIаларчу медколледжан  дарбалелоран факультете деша яхара йоI. 1992-чу шарахь иза кхиамца чекх а яьккхина,  кхин говзалла  караерзо ойла хиллера цуьнан. Оцу Iалашонца Нохчийн пачхьалкхан университетан юридически факультете деша яхара иза. Амма, тIамо юкъахдаьккхира цигахь дешар.

Колледж чекхяьккхича, стоматологин поликлинике балха еара Л.Мадашева. Юьхаьнца хирургин отделенин медйишин болх бина цо, ткъа 2001-чу шарахь дуьйна поликлиникин коьрта медйиша ю. Цуьнан декхаршна юкъадогIу белхахой къастор, уьш меттигашка дIанисбар, поликлиникин медйижарийн говзалла лакхъаяккхаран планаш кечъяр, куьйгалло билгалдоху  декхаршколлективехь болчу белхахошка кхочушдайтарна тIехь терго латтор, кхидерш. Баттахь цкъа поликлиникерчу кхиболчу медйижаршна лерина семинараш дIахьо Людас а, лаккхарчу медйижарша а.

И говзалла  харжа лаам муха кхоллабелира аьлла хаьттича, Людас жоп ло: «Цкъа цхьана хенахь сан да цомгаш хиллера. Цунна гIо дан лууш яра со чIогIа. Хьайна дукхадезачу адамана гIо-накъосталла дан йиш цахилар вуно хала хIума ду. ХIетахь ас сайна дош деллера, сайн гергарчарна, хьомсарчарна муьлххачу хенахь гIо дан йиш хир йолуш, лоьрийн дешар Iамор ду аьлла. Ткъа деша хIоьттинчул тIаьхьа со кхийтира, айса хаьржинарг «сайн» некъ хиларх».

Поликлиникин коьртачу лоьро, республикин коьртачу стоматолога, медицинин Iилманийн кандидата Умаров Алимхана а, иштта коллективерчу кхиболчу накъосташа а дика тоьшалла до Людина. «Жигара белхахо а, дика накъост а ю. Муьлхха а гIуллакх вовшахтухучу хенахь, Люда хьалхарчу меттехь ю тхан. Иза йоцуш цхьа а болх дIа ца болабо. Шен белхан декхаршца дика ларшш ю»,  – элира стоматологин поликлиникин коьртачу лоьран консультативни-экспертни балхехула йолчу заместитела Умарова Дагмарас шайн коьртачу медйишах лаьцна.

Поликлиникин коллектив  бертахь хилар а, дика говзанчаш дукха хилар а билгалдоккху Людас. «Шу массо а, леррина къастийча санна, цхьатерра хаза, оьзда, гIиллакхе ду-кх. Кхийолчу учрежденешкахь дархошца иштта юкъаметтиг гина яц тхуна цкъа а» олу тхан поликлинике баьхкинчара. Иза тхан коллективан белхан  лаккхара   мах  хадор ду. Бакъдерг аьлча, тхо цу тIе атта ца кхаьчна, оха дуккха а къахьегна, нехан тхай а хьокъехб иштта дог-ойла хилийта», – дуьйцу Л.Мадашевас. Оцу къамелаца доьзна билгалдаккха лаьа  тхан тидам тIебахана цхьа хІума – поликлиники чу ваьлча  «маьхза бахилаш» аьлла яздина тIорказ дара лаьтташ. Вайн республикехь тхуна дуьххьара гуш дара и тайпа хIума. Людас дийцарехь, пхи шо хан ю церан учрежденехь «бахилаш» маьхза йолу.

Шен балхахь уггаре а  коьрта  хІун хета  аьлла хаьттича: –  «Цхьана адамана, гIуллакхца хуьлийла иза я дикачу дашца хуьлийла, цхьажимма а гIодар сан нисделлехь, суна иза боккха кхиам хета. ХIунда аьлча, вайнехан могашаллаш ледара ю, вайн лаьтта тIехь хиллачу тIемаша, къизаллаша шайн тIаьхьалонаш йитина.  Таханлерчу дийнахь лоьро, медйишас хаза, довха дешнаш аьлча а доккха хазахетар хуьлу дархочунна, цамгаран бала дIаайъало», –  элира Людас.

А.ВАХАЕВА

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: