Дуьххьарлера хьехархо санна дагахь лаьтташ цхьа а хила йиш яц аьлла тешна хуьлу вай школехь долуш. Амма кхидIайолчу замано а лакхарчу дешаран заведенешкахь дешаро а бовзуьйту вайна дика хьехархой, вайн дегнашкахь къаьсттина лар юьту цара. Царах ю Нохчийн пачхьалкхан университетан нохчийн а, юкъарчу а филологин институтан директоран заместитель, доцент Сельмурзаева Хеда.
Декхарш дуккха а ду цунна тIехь, хIетте а студенташна оьшу терго ян даима а кийча ю иза. Цундела цуьнан дарсе баха сатесна хуьлу студенташ.
1971-чу шеран 24-чу ноябрехь Грозненски районерчу Гикало поселкехь йина, цигахь кхиъна ю иза. 1977-чу шарахь Гикаловера юккъерчу школе деша яхна. 1978-чу шарахь дика дешарца школа чекх а яьккхина. 1991-чу шарахь ЧИГУ-н филологин факультете «Русский язык и литература, чеченский язык и литература» отделени деша хIоьттина. 1996-чу шарахь ц1ечу дипломца чекхъяьккхина университет. Цу шарахь хIокху университете лаборанткин балха хIоьттина, таханлерчу дийне кхаччалц, даржашкахь лакха йолуш, схьайогIу Х.Сельмурзаева. 1998-чу шарахь дуьйна нохчийн филологин факультетан деканан заместител ю Х.Сельмурзаева.
2012-чу шарахь филологин Iилманийн кандитатан диссертаци чIагIдина.
– Нохчашна юкъахь, нохчийн мотт хьоьхуш болх беш ю со, сан ирс сан лаамца доьзна хилла. Со деша яханчу хенахь бахара сан матте безам, хIунда аьлча сан хьехархой бара дешан Iилманчаш. Цара гуттар а хазбора и шайн хьекъалечу аларшца, ойланашца. Суна филологин некъ схьабиллинарг ву Шахгиреев Леча. Цунах лаьцна дийца, дийцина цаваллал, дуккха а дика хIуманаш ду. Хьекъале, адамалла йолуш говзанча вара и (Дала декъалвойла иза). Сан дипломни белхан куьйгалхо а вара иза. Иштта суна къилба а хилла лаьттина: Тимаев Ваха, Овхадов Муса, Саламова Раиса, Джамбеков ШаIрани, Исраилова Iайнаъ, Минкаилов Эльбрус, Мудаева Зураъ, Эсхаджиев Якъуб, Вагапов Якъуб, Вагапова Тамара, Мальсагова Лида, Арсамакова Фатима. (Царех цхьаберш кхелхина, Дала гечдойла царна. И тайпа 1илманчаш вайх д1акъастар дерриге а нохчийн халкъана боккха бохам бу).
Сан ирс хилла и нах сайн дахарехь нисбаларна, цаьрца боьзна дуккха а дахаран хиламаш бу сан, – дийцира Х.Сельмурзаевас.
Хедас шен ерриге а хан балхана дIаелла, кхечанхьа ирс а ца лоьхуш.
Балха тIехь билгалъяларна Хедина делла дуккха а совгIаташ, грамоташ, дипломаш ду. Царах цунна уггаре а мехалла хетарг ю Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана елла «За трудовое отличие» мидал.
– Нохчийн а, юкъарчу а филологин институтан директор лаьттинчу Керимов Махьмуда Хеда Рамзановне олура: «Хеда хьалха ялахь, хьан санна дика дош дIадоьдуш цхьа а вац-кх хIокху университетехь», – дуьйцу цуьнан белхан накъоста Ирезиев Сайд-Хьамзата. – Цо ма-аллара, Хедас бохучуьнга дика ладугIу студенташа а, белхахоша а.
Гуттар а студенташна юкъахь хилча дицло карахь ерг хIун зама ю, – йоьлуш дуьйцу Х.Сельмурзаевас. – Хьо а студент йолуш санна, цаьрца цхьаьна Iемаш схьайогIу.
Хь.Авхадова
№106, шот, 19-г1а сентябрь, 2015-г1а шо
