Меттан аьхналла йовзуьйту

Нохчийн зударий даима а хилла шайн доьналлица, къинхетамца, къинхьегамца, собарца, гIиллакхца, оьздангаллица къаьсташ. Уьш массо  хенахь а лаьттина шайн хIусамийн гIарол хилла. Цара даима а лардина «сий», «эхь», «бехк», «лерам».

Ишттачарах цхьаъ ю Нохчийн Экономикин а, урхаллин а колледжан отделенин заведующи Осмаева Роза. 1965-чу шарахь Шелан кIоштарчу, Эвтарахь дуьнен чу яьлла иза. Розин ерриге а бералла Йоккхачу АтагIахь дIаяхна. Цигара №2 йолу юккъера школа 1982-чу шарахь чекхъяьккхина цо. Доьзалехь уггаре а жима хилла Роза.

IMG-20150917-WA0009

Цу шарахь  Соьлжа-ГIаларчу хьехархойн колледже (цу хенахь училище) деша йоьду иза. Оцу шерашкахь Йоккхачу АтагIахь «Колокольчик» берийн беш схьайоьллий, цига кхетош-кхиорхочун балха йоьду.  1993-гIа шо кхаччалц доггаха  кхочушдо кхетош-кхиорхочун декхарш. Амма цу тIехь сацам ца бо.

Цул тIаьхьа Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтан филологин факультет чекх а йоккхий, экономикин а, урхаллин а колледжан Йоккхачу АтагIахь йолчу филиалан заведующин болх бо цо, циггахь нохчийн мотт а хьоьху.

Карарчу хенахь вай лакхахь хьахийначу колледжан отделенин заведующи а,  нохчийн меттан хьехархо а ю иза. Цуьнан белхан мах хадош Нохчийн Республикин дешаран а Iилманан а министерствос делла совгIаташ а, Сийлаллин грамоташ а ю. Ткъа 2012-чу шарахь дуьйна Нохчийн Республикин хьакъйолу хьехархо а ю иза. Цо дийцарехь муьлх-муьлххачу  стаге балур бац берашца болх. Уггаре а хьалха уьш дезаш,  ондда собар долуш хила веза хьехархочун  дукъ тIелаьцнарг.

– Дуьххьара сан ненан матте безам бахийтинарг цуьнан, хазалла йовзийтинарг 10-чу классехь сан хилла нохчийн меттан хьехархо Тасуева Мадина ю. Цо дуьйцура ненан меттан хазаллех, аьхналлех лаьцна. Делахь а, суо цу меттан кIоргене кхийда йолаяллалц, кхоччуш цуьнан мах хадо ца хаьара суна. П.К.Услара эрна аьлла ца хилла: «Нохчийн мотт къиэн хилар даржош болу нах, цунах цхьана а кепара кхеташ боцу нах бу. Нохчийн мотт уггаре а хьал долуш а, цIена а мотт бу, -– дийцира цо.

Зама сиха болар эцна йоьдуш ю. ХIетахь Розас берийн бешахь Iамийначу берашна юкъара цхьадолу бераш, тахана цуьнан студенташ бу. Шайн хилла кхетош-кхиорхо царна массарна а дага ца ян а тарло, уьш кегий бара, амма Розина царах хIора а дагавогIу.

З.САГАЕВА 

№106, шот, 19-г1а  сентябрь, 2015-г1а шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: