Муха хила деза нохчийн йоьIан духар? Бусалба зудчо шена духар хоржучу хенахь,
уггаре а хьалха тидаме эца деза шариIато бохург
Зудчун бедар хила еза юьхь, куьйгаш бен ца гойтуш. Бакъду, цхьайолчу малхбалерчу пачхьалкхашкахь бIаьргаш бен ца гойтуш лелош а ду зударийн духар. Иза, дукха хьолахь, бусалбачу пачхьалкхашкахь леладо. Бусалба зудчунна цкъа а магийна ца хилла корта а берзина, дегIан меженаш а оьхьуш, лела.
Иштта къобалдеш дац дегIа тIелетта коч лелор а. Цундела бусалба йоIарийн духар паргIат хуьлу.
Нохчийн йоьIан духар стеган ойла карзахйоккхуш, бIаьрг тIехIуттуш хила ца деза. Цундела малхбалерчу дукхахболчу зударша шайна тIе Iаьржа духар духу. И бос хIокхузаманахьлерчу дизайнерша башха къобал ца бо. Цара тайп-тайпанчу самукъанечу беснашкахь долу духар кховдадо зударшка. Царна юккъехь хуьлу даздаршка а, самукъанечу меттигашка а, ловзаргашка а воьдуш тIеюхуш йолу кучамаш. Йицйой ца юьту нускалан коч а.
Зударийн духар цхьана а агIор божарийчух тера хила мегаш дац.
Модехь долу бусалба духар дийцича, уггаре а хьалха вайн бIаьргашна хьалха хIутту дезачу кIадех (дарех, шипонах, гипюрах) тегна кучамаш. ТIаьхьарчу хенахь вайн мехкарийн тидам тIебаханчех, цара лело яьхначарех ю «Великолепный век» цIе йолчу кино чуьра зударшна тIехь хилларш санна бедарш. Церан беснаш, царна тIера варкъаш, тираш, хьанна а хазахетар йолуш, муьлххачу а зудчун исбаьхьалла билгалйоккхур йолуш яра.
ХIора денна тIеюхуш йолу кучамаш чекх мох болучу дайчу кIадех тегна хила еза. ТIаккха атта хир ю иза аьхкенан йовхонехь лело. Коьртаниг, уьш сийна а, Iаьржа а, таьIна мокха а хила ца еза.
Даздаршка юхуш йолу кучамаш муьлххачу кIадех а, къегина а, тIе бIаьргаш летийна а хила мегаш ду.
ХIинццалц малхбален пачхьалкхийн модин индустри халчу хьелашкахь яра, дино дуккха а хIума дихкина хилар бахьанехь. Тахана цу декъехь дуккха а хIума хийцаделла. Зударшна лерина дизайнерша хаза фасонаш а, леррина коллекцеш а кхуллу. Нахана коллекцеш, моданаш гойту.
Бусалба духар лелочу мехкарийн тахана таро ю интернет-туьканахь шайна еза коч эца. Цу чохь царна карор ю муьлххачу а кIадех йина, шайна беззачу басахь йолу хIора денна лело а, даздаршка йоьдуш тIеюха а, нускалан а коч.
Дизайнершна юккъехь шайн фантази гучуяккха хууш корматалла йолу дуккха а зударий бу. Цундела чIогIа мехала ду суьйренан модехь бусалба дино дихкина хIуманаш лардар. ТIех къегинчу беснашкахь (цIен а, цIазамийн а) йолу кучамаш магош яц. Лакхахь хьахийначу беснийн меттана магош бу сирла шекъан, сийна, розин, цIен-можа бос.
И санна йолу коч дегIана аьхна а, лело аьтто болуш а хила еза. Кучана тIехула оьхкина дукха туьтеш а, зIенаш а хила а ца еза.
Модехь йолу масех коч юьллу оха вайн мехкарийн тидаме.
1. Дарин таьIна-сийна коч. Иза чIогIа хазахета тIехь. Цо зудчун юьхь къагайо, буьйсанан беснашца а уьйш. Цул сов, тIе бIаьрг ца хIуттуьйту.
2. Баьллийн басахь долчу дарин я бархатан еха коч. Иза чIогIа еза а, хаза а хета. Цунна тIехула юха мегар ду бойнех тегна йолу тIетосушъерг. Цо кхин а исбаьхьалла лур ю кучана.
Къегаш доцчу, хIордан тулгIенан басахь долчу кIадин еха коч. Иза хIора денна а лело мегар ду.
Нускалан коч. Иза хила еза кIайн бос а болуш, еха а, чIогIа кечйина а. Хиджаб а кIайн хила еза. Цу тIехула тилла магош ю фата. Тахана дизайнерша гойтуш йолу бусалба йоIаршна лерина нускалан кучамаш дуьнен чохь а тоьлла лоруш ю.
Б.ДУДАЕВА
№106, шот, 19-г1а сентябрь, 2015-г1а шо
