Вайн дайша лелийначу хазачу гIиллакхех лаьцна дерг гулдеш, Iалашдеш, кегийрхошна иза марздеш къахьоьгуш ю Халкъан кхоллараллин туьшан методически а, клубийн а отделан хьаькам Демильханова Билкъис.
Хьалха-Мартан районан ГIойтIарчу ДемильхановгIеран Асламбекан а, Зайнапан а доьзалехь кхиъначу бархI берах (йиъ йоI, виъ кIант) цхьаъ ю Билкъис. Цу юьртахь дIаяхана цуьнан жималла а. Цигара №2 йолу юккъера школа кхиамца чекх а йоккхий, 1976-чу шарахь иза деша йоьду Нохчийн пачхьалкхан университетан къоман отделене.
1982-чу шарахь университетера дешар чекх а доккхий, Билкъис ша дешначу школехь нохчийн меттан, литературин, оьрсийн меттан, литературин хьехархочун балха хIутту. Шена тIедиллина долу муьлхха а декхар хьанал кхочуш дан Iеминчу цо, бераш, шен болх дукха а безаш, къахьоьгу цигахь. Цунна тоьшалла ду цо Iамийначу бераша республикехь дIабаьхьначу къийсамашкахь толаман меттигаш яьхна хилар.
Б.Демильханован юьртахо а, гергара а волчу Халкъан кхоллараллин туьшан директора Даудов Рамзана нохчийн а, оьрсийн а меттанаш хууш, говза белхахо везара шена аьлла, туьше балха кхайкхира Билкъис. Юьхьанца болх бира экспедиционни отделехь коьрта говзанча йолуш. Дика белхахо хиларна, школин директорна ца лаьара Билкъиса школера болх дIатосийла. Цундела пхеа шарахь шиннахьа болх бира. Мероприятеш дукха хила йоьлча, лара цаярна, 2012-чу шарахь школера болх битира.
«Тхан болх чIогIа самукъане бу, – дуьйцу Билкъиса. – Нохчийн къомо бIешерашкахь дуьйна ларъеш схьаеана йолу фольклор (назманаш, легендаш, туьйранаш, эшарш, иллеш, и.дI.кх.) гулъяр, Iалашъяр, кегийрхошна юкъахь дIасаяржор, марзъяр. Вайн республикерчу районашка командировкашка оьхуш, баккхийчу нахаца къамелаш деш гулйо оха и материалаш».
«Дуккха а агIонаш чулоцуш бу оха беш болу болх, – кхидIа а дуьйцу Билкъиса. – Дуьненан а, Къилбаседа Кавказан а халкъийн кхоллараллин фестивалаш вовшахтуху оха. Иштта дукха хан йоццуш Аргунерчу Культурин цIийнехь дIаяьхьира Къилбаседа Кавказерчу халкъийн кхоллараллин «Мир в радуге культур» фестиваль, дакъалоцуш Къилбаседа Кавказера пхи регион йолуш. Иза хIора шарахь дIахьош ю. Халкъан кхоллараллин коллективаша фестивалашкахь гойтуш йолу программаш чIогIа хаза хуьлу. ХIора коллективо шен къоман культурин исбаьхьалла гойту. Масала, вокал, хореографи, хор, театральни сценкаш.
Уьш дIайирзинчул тIаьхьа гайтамаш хуьлу. Фестивалаш кхаа дийнахь дIахьош елахь, оха хьешацIийне буьгу дакъалацархой, юург а, царна оьшуш дерг а хуьлуьйту. Гала-концертаца ерзайо фестивалаш. Кубкашца, дипломашца, мехалчу совгIаташца декъалбо дакъалацархой…
Иштта ламасте дирзина ду Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо А-Хь.Кадыров винчу денна лерина патриотически иллийн «Даймехкан Турпалхо» а, Къилбаседа Кавказерчу регионашна юкъахь дIахьош йолу «Лаьмнийн Iадаташ» фестивалаш дIаяхьар.
«Бекарг-хIутосург (март-апрель) беттанашкахь дIахьо «Дуьххьара гота яккхар» фестиваль. ХIокху шарахь иза дIаяьхьира Шелковски районехь. Говр-ворданахь нускал а далош, цуьнга мотт а бостуьйтуш, гота яьккхинчунна уьстагI а луш дIадаьхьира и гIуллакх. Юьртахь доккха дезде хилира цунах. Юьртан къинхьегамхошна а, къинхьегаман ветеранашна а совгIаташ делира.
Иштта, оха вовшахтуху гайтамаш, бевзаш болчу гIуллакххойх тематически, литературни суьйренаш, поэтийн, яздархойн юбилейш билгалйоху.
Тхан юххера зIе ю районашкарчу Культурин цIеношца, ярташкарчу клубашца. ХIора дезачу денна лерина аьлча санна мероприятеш хуьлу тхан. Баккхий нах вовшах а тухий, цаьрга хьалхалерчу дахарера масалш а доладойтуш, дIаяздо оха вайн дайша лелийна хаза гIиллакхаш (царна гинарг-хезнарг, хилларг-лелларг, маслаIат дина а, турпалалла, майралла гайтина а меттигаш). ЦIера арадаьхначу хенахь баккхийчу наха дийцинарш а гулдо. И дерриге а юкъалоцуш книга ю арахеца кечъеш. Шира иллеш, эшарш ноташца дIаязъеш ю. Церан книга а арахеца дагахь ду тхо. Оха къахьоьгу кегийрхошна пайда хир бацара-те олий. Дайн Iадаташца вовшахтухучу гIуллакхашка даима а кегийрхой кхойкху оха, баккхийчу наха дуьйцург царна хазийта. И гIуллакх дIадирзинчул тIаьхьа кегийрхоша, цкъа а шайна ца хезнарг хези шайна, дукха хIума хии шайна олий, баркаллаш олу тхуна. Иза а боккха кхиам бу аьлла хета суна», – бохура цо.
ТIейогIучу хенахь шаьш дан леринчух лаьцна а дийцира Демильханова Билкъиса. «Карара бутт чекхболуш Къилбаседа Кавказерчу гIалагIазкхийн кхоллараллин фестиваль дIаяхьа дагахь ду тхо, – элира цо. – Нохчийчу йогIуш ю ХIирийчуьра, Дагестанера, Ставрополера, иштта Шелковскера, Неврера этнокультурни туьшан векалш. Царна юкъахь ю ногIийн, гIалагIазкхийн, оьрсийн, гIезалойн коллективаш…»
2012-чу шарахь бекарг беттан 25-чу дийнахь Культурин белхахочун дезачу дийнахь нисъеллера Халкъан кхоллараллин туьшан 75 шо кхачаран юбилей. ХIетахь вайн республикехь дIахьош дуьненаюкъара фестиваль яра, дуккха а регионашкара коллективаша дакъа а лоцуш. Цу дийнахь регионан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана «Нохчийн Республикин культурин хьакъйолу белхахо» сийлахь цIе елира Демильханова Билкъисна. Шена деллачу совгIатех уггаре а деза совгIат хета цунна иза.
Билкъисан ши йоI ю 36 а, 32 а шераш долуш. Цу шиннан виъ кIант а, ши йоI а ю.
Л.ИБРАГИМОВА
№106, шот, 19-г1а сентябрь, 2015-г1а шо