Школехь доьшуш йолуш дуьйна яра Липа лор хила лууш. Ирачу хьекъалца билгалъюьйлу йоI дика кхетара, адмашна уггаре а оьшуш говзалла иза хиларх. Лазаро йийсаре лаьцна, деэшначу стагана сихха гIо-орца кхачо гуьнахь хилар мел доккха ирс ду муьлххачу стагана а. Цул мехала хIун хир ду кху малх кхетачу дуьненахь. Цундела 1977-чу шарахь кхиамца Йоккхачу АтагIара №3 йолу юккъера школа чекхъяьккхина, иза хIирийн махка кхечира Буру-ГIаларчу медицинин институтехь деша Iалашо юьхьарлаьцна. Школехь дика дешна хиларе терра, кхиамца экзаменаш дIаелла, студентка хилира вайн турпалхочух.
Институтехь а Iаламат сутара доьшура цо, дарбанийн Iилманан къайленаш йовза лууш. Дешна ца Iаш, масех курс чекхъяьлча, балха яхара, медицинин институтехь Iамош долу Iилма балхаца «дуца» лууш. Цунах боккха пайда белира Липина. Белхан зеделлачо билгалдаьккхира лоьраллехь даго къобал деш муьлха харш ду. Бакъду, юьхьанца шалха лелхара къона ойла. ЙоIана цкъа кардиолог хила лаьара, тIаккха неврологехьа дIагIертара ойла. Эххар а неврологина тIехь сацийра йоIа шен ойла. Буру-ГIалахь кхиамца институт чекхъяьккхина йоI цIайоьрзуш иза хилла яьлла невролог яра, вертебральни неврологехь говзанча ларалуш. Дийца оьшуш дац и тайпа говзанчаш вайн махкахь даима ца тоьуш хилар. Цундела диплом схьаэцна цIайогIуш лаьтташехь иза республикански больнице балха хьажийра. Хазахеташ бора Липас шена дукхабезаш хаьржина болх. Иза даима елалой, екхалой хуьлура дархошца. Собаре ладугIура хIоранга. Сихо йора цунна дарба лаха. Лазарх ца кхеташ меттиг нисъелча, ийза ца луш дагайолура белхан зеделларг алсам долчу лоьрех. Дархошна дукхаезара шайн къона лор. Малхаца къийсало цуьнан елакъажар а дарбане хетара царна. Ткъа лозучу метте лоьро дайн куьг хьаькхча лазар хаъал дайлуш хетара. Дог-ойла ир-кара хIуттура, кадечу замано хьаьшна могашалла юха йогIуш санна хетара. Цкъа а балхахь ша кхоо дага ца деана Липина. Дархочунна гIо-накъосталла оьшучохь дукхазза больницера ара ца йолуш де-буьйса доккхуш меттигаш яьхкина. КIезиг дац вайн махкахь цуьнан хьаналчу къинхьегамо лазарх хьалха даьхна, могашчу дахаре юхадерзийна адамаш. Шайн доIанашкахь хаддаза цара Деле йоьхуш ю дарбане куьйгаш, бух боцу хIорд санна комаьрша дог-ойла, бохамашка хьашалур йоцуш синаондалла, халонашка каглур йоцуш нуьцкъала амал йолу говза лор Бакриева Липа. Иза гайтира ХХ-ХХI-гIий бIешераш хотталучу муьрехь Нохчийчохь къинхетамза кхирстинчу тIеман цIаро. Дукха адам махках даьллера цу буьрсачу муьрехь шайн декъаза синош довдийна. Лоьраш кIезиг бацара лаамаза махках даьллачу халкъана юкъахь. Бакъду, Липа ца яхара цхьанхьа. Делера йоцург Iожалла хуьлийла доцийла хууш иза цIахь сецира ша схьаяьллачу къоме боьссина бала цуьнца цхьаьна Iовша. Кхузахь билгалдаккха луур дара хьалхара тIом болалуш Липа марехь хилла хилар. Цуьнан карахь жима шиъ бер дара. ДIаяхча цунна цхьаммо бехк буьллур бацара. Амма цкъа мацах безаш ша юьхьарлаьцначу балхана букъ цуьнга ца тохабелира. Харцоно, ямартлоно лаг лаьцна Iазапе лаьцна шен къам дIа ца тасаделира цуьнга. ТIеман къизаллехь Липин оьздачу цIийнан неI цкъа а къовлуш яцара. Лоьран гIо-накъосталла эшнарг мичча хенахь а неIаре хIоттарх цкъа а «хIан-хIа» аьлла яц иза. Лор даима кийча хилла деэшначунна орцах яла.
Вайна массарна а хууш ма-хиллара луьста диначу авиатохарша къинхетамза охьааьтта, лаьттаца дIашарйинера Соьлжа-ГIала. Кхин йолу гIишлош санна охьааьттера больницаш, поликлиникаш. ШолгIа тIом дIабаьлча массарел хьалха болх бан йолаеллачарех ю тIемалойн госпиталь. Хьалхара тIом дIабаьлчхьана Соьлжа-ГIаларчу №19 йолчу берийн бешахь дIатарйина яра иза, шен хилла гIишло тIамо хIаллакйина. ШолгIачу тIамехь и берийн беш дикка йохийна яра. Делахь а цуьнан коьрта лор Дудаев Рамзан каде хьовзар бахьнехь, корашка телат а тоьхна, 2000-чу шеран бIаьсте ялале госпитало шен болх дIаболийра. Цу муьрехь госпиталехь болх бан схьаеара Бакриева Липа. Вайн махкахь вевзаш волу невропатолог Жамаев Куьра куьйгаллехь волчу отделенехь дIаболийра цо болх. ТIеман хьелашкахь беш болу болх иза шатайпа башхалла йолуш хуьлу даима – дагахь доцу лазарш, чолхе чевнаш, молханийн къелла. И дерриге а гина бу вайн лоьраш. Цу инзаре халачу зерех кхиамца чекхбевлла бу. Хийла стаг лечуьра хьалхаваьккхина церан дарбанечу куьйгаша. Хийла наб йоцуш буьйсанаш чекхлилхина вайн лоьраш дархойн могшаллина гIаролехь лаьтташ. Ишттачу хьуьнаречу лоьрех цхьаъ ю Бакриева Липа. Госпиталь тIемалойн ю аьлла цIе хиларх, кхин больницаш цу чолхечу муьрехь болх беш ца хиларна, алсам маьрша нах кхочура цига дарбане сатесна. Уьш берриге а вайн махкахой хилар а, Нохчийчохь долу чолхе хьал тидаме оьций, цкъа а цхьа а стаг юха ца верзийна кхузахь шайн «профил» яц аьлла. Ткъа дархой мел дукха бара цу хенахь вайн махкахь Iийначарна хууш ду. ТIеман кхийсарша синтем байина, лармичохь шелонаш текхна, шортта лаьттинчу сингаттамаша охьатаIийна, кхин а мел дукха дара цомгаш хила бахьанаш. Цу шогачу бахьанех дика кхетара Липа. Нанас дена йиначу йишас санна хьостий тIеоьцура цо хIора дархо. Эсалчу къамелаца сатедора. Сирлачу кханенах дегайовхо кхуллура. ХIоранна лерина дарба лохура. Хазачу хабаро дайдо олу ах лазар. Липа даима кIеда-мерза ю шен дархошца. Цкъа Бакриева Липина тIекхаьчна, кхо лоьралла лелийна дархо цкъа а кхечу гIаланашка ваха ца гIерта дарба лаха. Иза юх-юха Липа йолучу схьагIерта, лоьран багара йолчу оьздачу Iаьнаро, цуьнан догцIеналло Делан диканах дог ца дуьллийтуш. Доккхучу дуьненчохь хила доьгIнехь дарбий-молхий кхо лохур дуйла хууш.
Дерриге а дуьненна хууш, де-дийне мел долу гена йовлуш лаьтта вайн махкара луьрачу тIеман лараш. Хазачу йоIал тоелла, хазъелла дIахIоьттина Соьлжа-ГIала. Керлачу гIишлочу йирзина Нохчийн Республикин тIемалойн госпиталь а. Тахана неврологин отделенехь заведующи ю Бакриева Липа. Даима санна хьанала болх беш ю иза, шен беркатечу куьйгакIел къона лоьраш болуш. Дуккха а шерашкахь хьанал болх бина гулделла зеделлерг ца кхоош дIало цо лоьрийн къоначу чкъурана. Дика лор, хаза зуда, къинхетаме нана ю иза. Ша санна оьзда, ийманехь кхиош кхоъ бер ду цуьнан. Цхьаъ бен воцу кIант воккха хилла, юрист болх беш ву. Йоккхах йолу йоI ненан лорах яха ойла йолуш, Нохчийн пачхьалкхан университетехь доьшуш, лоьрийн говзалла караерзош ю. Ткъа жимах йолу йоI ворхIалгIачу классан дешархо ю. Ша схьаяьллачу къоман оьздачу гIиллакхашкахь кхиош, тайна, бертахь доьзал бу Липин. Кхечу агIор хуьлийла а дацара, уггаре а хьалха ийман, барт, безам баьрчче даьккхина бехачу доьзалехь. Нохчийн зударий даима хилла хьуьнаре. Ткъа лаккхарчу тIегIанехь корматалла йолуш Бакриева Липа санна цIенчу даггара къахьоьгуш и зуда елахь, иза халкъана, махкана юьхькIам бу. Цунах а, цуьнан бертахьчу доьзалах а вай дозалла дан хьакъ ду.
ГАЗИЕВА АЗА
№106, шот, 19-г1а сентябрь, 2015-г1а шо