Куьйгаэшаран мотт Iамабо

Къорачу а, хазар ледара долчу а берийн школа-интернатехь куьйган ишаршца мотт бийца Iамош ю Пайзулаева Манаш. 50 шо хан дIаелла цо цигарчу берашца къахьегарна. 

IMG-20150917-WA0014

Могашчу берашца болх бар а аттачех ца хилча, къора а, хазар ледара долчу а берашца болх бан муххале а ондда собар оьшуш гIуллакх ду.

ЦIера Нажи-Юьртара ю иза. Школа-интернате балха яхар шатайпа нисделира Манашан. Шайн юьртара школа чекх а яьккхина, пачхьалкхан хьехархойн институтан филологин факультетан заочни отделене деша а яхана, ша дешначу школе хьехархо а, пионервожати а балха яхара иза. Цигахь цо болх бен 3 шо кхочуш дара, церан юьрта вай юьйцучу школа-интернатера 2 хьехархо еача. Цаьргахь буьйса йоккхуш сецира 2 хьехархо. Хьехархоша самукъадаларца дийцира  шайн балхах лаьцна. Манаша  шайга лерина ладугIуш хиларан тидам бинчу цара балха кхайкхира иза, куьйган ишаршца хьеха шаьш Iамор ю аьлла. ШолгIачу дийнахь уьш дIабахара. Цара шега дийцинарг, аьлларг коьрте хьийзара цунна. Цига балха яха  лаьара цунна, вуьшта, Соьлжа-ГIала денна а дIалела хала хир дара. Цул тIаьхьа цхьа шо далале (1965-гIа шо) Манаша доьзал кхоьллира. И бахьана долуш Соьлжа-ГIала Iен схьаян дийзира цуьнан. ТIаккха яхара иза школа-интернате балха. Цига балха яхча, цунна хьеха Iамийнарг а, цунна гIо динарг а ю хIетахь цигахь болх беш хилла йолу хьехархо Дукузова Лайлаъ. Юьхьанца кхетош-кхиорхо яра Манаш. Шена Iамийнарг дIалоцуш а, кхеташ а иза юйла хиъначу школа-интернатан куьйгалло хьехархо хIоттийра иза. Иштта, 1976-чу шарахь Москван пачхьалкхан хьехархойн Герценан цIарахчу институте сурдопедагогикин факультетан заочни отделене деша хьажийра иза. Цигара цIаеанчул  тIаьхьа хьехархо а хIоттийра.

«Сайн белхан хьалхарчу дийнахь, къора а, хазар ледара долчу а берашна юкъахь со нисъелча, со кхечу дуьнене кхаьчча санна хийтира суна. Бераша со езаш тIеийцира.  Со кхуза балха еана 3-4 де даьлча, «балур буй-те соьга хIара болх?!» аьлла ойла йира ас. Могашчу берех тера дац кхузара бераш. Къорачунна цхьа дош Iамор а ондда болх бу. Цундела, и бераш дезаш, царах къахеташ, кхеташ ца хилча, цаьрца болх ба лур бац. Царна хьехна ца Iаш, царах хIораннан дахаран цхьа дакъа хуьлий дIахIуьтту тхо. Ас аьллачух царна жимма хазахетар хилча а, дагна хьаам хуьлу. Церан хIораннан бала, гIайгIа сих чекхйолу…», – дийцира цо.

Манаша шен балхахь  кхиамаш бахаран билгало ю цунна елла цIерш: «Россин Федерацин дешаран отличник», «Россин Федерацин дешаран сийлаллин белхахо», «Нохчийн Республикин халкъан хьехархо», и.дI.кх. Царах уггаре а мехала  хета цунна «Нохчийн Республикин халкъан хьехархо» цIе.

Делера ял, адамашкара баркалла хиндолчу гIуллакхана дIаделла  цо шен дахар. Манаш кIентан, йоьIан нана ю. Дика кхетош, гIиллакхца-гIуллакхца кхиийна цо шен доьзал. Цо гойту, Манаш дика нана а,  дика говзанча а хилар.

З.ЛОРСАНОВА

№106, шот, 19-г1а сентябрь, 2015-г1а шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: