Итон-Кхаьллан районерачу лерамечу зударийн могIарехь бу ЧIиннахара йижарий СалуевгIар Овра а, Сайдат а. Цхьаьннан 75 а, вукхуьнан 73 а шо ду цу шиннан. Йоккхахйолу Овра «ког баккхарна» жимма ледара елахь а, жимахйолчу Сайдатан мукъа хан кIезиг хуьлу. Бехк а бац, Сайдат нана а, денана а, ненанана а, марнана а, стунана а ю. Цундела кхуьнан декхарш алсам хуьлу. Денана кечлуш ю шен воккхахволчу, 24 долчу кIентан кIантана зуда ялон, ткъа 8 бутт болу кIентан йоI Сумая а шена терго езаш ю.
Шен берех лаьцна ца дийцахь а, берийн берех лаьцна дийца дукха ду цуьнан. «Уьш бабин бIаьрса а, дилха дог а, мерза са а ду», – къера ю Сайдат. Атта дахар ца хилла йижарийн. Кхеран доьзалехь 8 бер хилла оцу Iаьржачу Iуьйранна хIорш шайн цIийнах бохуш. ЮргIанна юкъахьарчийна, 2 шо долу Сайдат йисина хилар гучуделира, цхьана ханна йолчу меттера кхечу метте хIорш дIакхаьчча. Дукха къахьийгира девашас, шаьш схьадаьхкинчу метте Iедало юха ца вохуьйтуш. Эххар а, Делан къинхетам бахьана долуш, деваша тIекхаьчча, хилларг хIун ду цахаарна, бIаьргаш детташ, шен юргIанна юккъехь тийна Iаш хиллера Сайдат. Шайна тIехIоьттина къемата хIумма а доцург хетта, воккхавера деваша вешин йоI схьакарийча. Беха некъ тIаьхьабисинчул тIаьхьа, Казахстанерачу Ленгерехь 13 шо даьккхира.
– Деллахь, Казахстанехь хала зама ма текхира оха а, наха а, – боху йижарша, – амма нохчийн зудчун Де тIекхочуш, оцу эрчаллех дийца дог ца догIу. ХIара мохк вайна юхабеллачу АллахI Далла бу хастам. Ца кIордош, Дела реза хуьлда баха лаьа вайн республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, шен къоман яхь йолу дика кIант хиларна, шен нана а, йижарий а, уьш санна шен къоман зударий а дукхабезаш, хиларна. Цхьа шо бен дац Сайдат юьртан юккъерчу школехь библиотекаран болх бечуьра цIахь сецна. Кхуьнан 54 шо белхан стаж ю. Царах 50 шо дIаделла цо шен юьртахойн берашна книгаш езийта бечу балхана.
– Балхах а, гIуллакхах а къаьхкина дац тхо цкъа а, – боху йижарша, – хIинца а даха дезаш ду. Тхан деда Мусостов Сола 107 шарахь ваьхна! Оццул дукха шераш-м ца оьшура, цхьа иттех шо а тоьар ду, – бегаш бо йижарша.
Гергарлонан зIенаш юзуш, нахаца уьйраш ца хедош, дахарх баккхийбеш, хIора дийнан хама беш а, и бахьана долуш, Далла хастам беш а масал хилла беха йижарий СалуевгIар. Уьш Нохчийн зударийн денца даггара декъалбо оха а.
Т.Алиева
№106, шот, 19-г1а сентябрь, 2015-г1а шо