Халонех ца къехкаш, шена оьшург юьстах тоьттуш, буьйсанна наб ца еш, ма хала кхиабо нохчийн зударша шайн доьзалш. Цундела хир ю-кх иза динехь а еза лерина. Ларамаза дац иза. Дукха бу, къасттина нохчийн зударшна юкъахь, шайн са, могашалла ца кхоош, доьзал кхиийнарш, царах цхьаъ ю Грозненски районан Чурт-ТогIера яхархо Умарова Разет.
Разет йина 1930-чу шарахь Шаройн районан ЦIеси юьртахь. Жимчохь дуьйна атта дахар гина яц иза. Нохчийн, гIалгIайн къаьмнаш махках дохучу хенахь, кхиъна йогIу йоI хилла Разет. Цу хенахь дуьйна халонийн чам а, хиъна цунна, ирсан дакъа девзина. ТIехь да воцуш, хала кхиийнера кхеран нанас шен доьзал. 4 шо кхаьчна йолу Нуржан, мацалла ца лайна, кхелхира. Доьзалехь йоккхах ерг хиларе терра Разетан, шен нанна гIо деш, жимчохь дуьйна къахьега дийзира. Лайна бала, гина хало дагаеъча, хорша йогIу шена боху Разета. Шен берхIитта шо кхаьчначул тIаьхьа УмаровгIеран нус хилла, хIусамненан хала дукъ тIелецира цо. Нохчийн къам Казахстанера цIа доьрзуш, кхеран доьзал Невран районан Левобережни юьртахь сецира. Цигахь ши шо хан а ца яьккхира РазетагIара. Дика тракторист а, комбайнер а волу кхуьнан хIусамда Умаров Алгери, иштта белхалой Чурт-ТогIехь оьший хиъча, шен доьзал оьций, цига дIавоьду. Ша пенси яххалц цу юьртахь Ленинан цIарах йолчу колхозехь хьелийозархочун болх бина Разета, ткъа кхуьнан хIусамда Алгерис цу колхозехь шоферан а, комбайнеран а белхаш беш къахьийгира. ВорхI беран нана хиларе терра, мукъа хан кIезиг нислора Разетан. Ткъа бераш даккхий хила доьлча-м, цаьргара накъосталла хуьлура суна бохуш, дуьйцу цо.
Дахар мел хала хиллехь а, хьаналчу рицкъаца ворхI доьзалхо хьалакхио а, цаьрга хIоранга школехь а, цул тIаьхьа лаккхарчу дешаран заведенешкахь а дешийта а ларийра Разет шен хIусамдеца.
ХIинца-м доьзал кхиийна паргIатъяьллера ша аьлла хеттачу хенахь, дог Iовжош, тIамо шен дегIе нисвелла кIант вийра кхуьнан (Дала гечдойла цунна). Цуьнан доьзал а бисира Разет бIаьрахьежа.
Тахана хIора а доьзалхо дIанисвелла, шен-шен белхаш беш ву. Дукхахберш медицинин дешар дешна, стоматологаш бу. Iалимхан Соьлжа-ГIалахь стоматологин поликлиникехь коьрта лор ву, ткъа Райман Алма-Атахь лоьран болх беш ю, иштта Апанди а ву стоматолог, ткъа Ровзан рентголог ю. Дахаран халонаша зийнехь а, тахана Разетана ша ирсе хета, ша хьегна къа эрна ца хиллийла хаьа. ГIиллакхехь, оьзда, наха лоруш, нахана, доккха дацахь а, дан гIо долуш, шайх вуон дош ца олуьйтуш доьзал хилар ирс ду. 19 берийн бер ду кхуьнан. «Лулахь я хийла кхечу юьртарчу суна вевзаш воцчу стага, Дела реза хуьлда, Дала меле дуьллийла ахь цу тайпа оьзда, гIиллакхе доьзал кхиор, тхан гIуллакхе чIогIа дика хьаьжира Iалимхан я Апанди аьлча, суна берриге а бахам сайна схьабелча санна хета», – дуьйцу йоккхачу стага.
И ду-кх дуьненахь эрна хан яьккхина цахиларан тоьшалла. Цо гойту-кх ненан, йисъйиллича санна, къежбелла корта, хебаршка дахана жима ши куьг цу хьоле эрна кхаьчна цахиллийла…
З.ЛЕЧИЕВА
№106, шот, 19-г1а сентябрь, 2015-г1а шо