Хууш ма-хиллара Дерригдуьненан Iаьнан Олимпиада йолаяла йисина ши бутт бен хан яц. Ткъа цу кепарчу хиламе спортъезархоша а, спортсменаша а цхьана шарахь са тийсина ца Іа. Ткъа уггаре а мехалниг иза 2014-чу шарахь Іаьнан Олимпиада Россехь, Сочи гIалахь дIахьуриг хилар ду. Цу кепара спортан дезде мехкан бахархошна газа Iаламат дукха хан ю. 1980-чу шарахь Москва гIалахь аьхкенан Олимпиада 1980 хиллачул тIаьхьа ткъе итт шо сов хан яьлла.
Иштта хIора олимпиада йолалуш ламаст ду цIеран хаьштиг дIадахьар. Ткъа хIинца санна цу хаьштиго оццул беха некъ бина а бац. Вайн ма-хаъара, космосехь а хилла и. Хаьштиг дIадахьар Iаламат йоккха сийлалла ю, спортсмен велахь муххале а. Иштта, и хаьштиг дIадахьа бакъо яларца боккха кхаъ хиллачарех ву Нохчийн Республикин футбольни «Терек» командин капитан Уциев Ризван. Цунах лаьцна жимма дуьйцур ду вай.
Уциев Ризван вина 1988-чу шеран 7-чу февралехь Аргун гIалахь. Футболистан хьалхара команда Набержны Челны гIалара «Камаз» яра, цул тIаьхьа Соьлжа-ГIалара «Терек». 2005-чу шарахь соьлжагIалахошна юккъехь болабелира Уциевн корматаллин футболистан некъ. Премьер-лигехь цуьнан дебют хилира оццу шарахь ноябрь баттахь. Бакъду, «Терек» премьер-лигера охьаялар бахьана долуш, шина сезонехь спортсмен хьалхарчу дивизионехь левзира. 2007-чу шарахь зеделларг хилийтархьама Уциев Ризван шолгIачу дивизионерчу «Кавказ-трансгаз – 2005» цIе йолчу командина юккъехь контрактни бакъонаш тIехь ловза волало. 2009-чу шарахь нохчийн футболист премьер-лигехь шен шолгIачу матчехь ловзу. Оцу цхьаьнакхетарехь, тIах-аьлла гайтарна, кест-кеста команди юккъехь ловза волало иза. Цул тIаьхьа, 2010-чу шарахь, «Терекан» официальни сайта тIехь хуьлучу рогIера кхаж тасарехь Ризван уггаре а тоьлла футболист хилар къобалдира нохчийн болельщикаша. Иштта 2011-чу шарахь Р.Уциев Россин вовшахтоьхначу шолгIачу командин юккъехь левзина а ву.
АБДУЛАЕВ Адам
