МахкатIерчу юкъарадешаран школехь нохчий махкахбаьхна 70 шо кхачарна леринчу цхьаьнакхетарехь цу заманан эшарш локхуш яра Махметхаджиева Лайлаъ. Пондар тIаьхьабалош цо локху догделхон эшарш хезча, тIунделла бIаьргаш йовлакхца дакъош гора чохь гулбелла баккхийнаш. Ткъа «Оха дити шу урамаш, кхин ца лела чIагIо йина», – дешнаш хезча, тийначу чохь белхар делира. Лайлаан дагтIера декачу озо йийсаре лаьцнера гулбелларш, церан сих чекхдолура цуьнан массо а дош…
МахкатIерчу ГанаевгIеран СаьIидан, Тамин боккхачу, исс йоI, цхьа кIант кхиийначу доьзалехь, пхоьалгIаниг яра Лайлаъ. Шайн да-нана санна экаме, наггахь бен багара дош ца долуш кхуьучу берашна юккъехь каде хиларца къаьстара иза. Харцахьа хилар а, бартана сиха хилар а дацара йоьIан амалехь, амма эшаршца гергарло дара. И бахьана долуш, ша стага тергал ца йо аьлла хетачу заманчохь цIахь а, урокех мукъачу хенахь школехь а хаддаза декара йоьIан зевне аз. Хьехархоша тидамехь латтайора иза, цо дакъалоцура школехь дIахьочу классал арахьарчу кхетош-кхиоран балхахь. Амма кхуьнан доьзалехь эшаршца а, хелхаршца а гергарло долуш стаг вацара, боккха доьзал хене баккхархьама хIора аьхка нанас лелош ах гектар тонка а, цхьа гектар хьаьжкIаш а хуьлура. Букъ саттийна колхозан балхахь къахьоьгучу дений-нанний даима а гIо-накъосталла дечу берашна а генахь дара Лайлаан хаарш а, лаамаш а. Царна бераллин ловзар дара иза.
ЙоьIан аз тосаделлачу, цу хенахь юьртан клубан куьйгалхо хиллачу кхуьнан юьртахочо Ахмадов Жабраила дIакхайкхира Лайлаэ. 8-чу классехь доьшуш йолчу кхунна, генара гIуллакх хетара шен озах дахаран некъ нислур бу аьлча. Краснодарехь культурин институтан клубоведени а, Соьлжа-ГIаларчу культурин училищен хоран отделени а чекхъяьккхина, искусствон белхан алссам зеделларг долчу Жабраилан ницкъ кхечира йоьIан дагахь искусстве безам кхолла а, цунна Дала делла похIма бераллин ловзар хилла доьза ца дайта а. Тахана и денош дагалоьцучу Лайлаа дуьйцу:
– Сан боккха лерам болуш ву Жабраил. Муьлхха а музыкин гIирс бевзара цунна, и лакха а хаьара. Ткъа суна иза доккха хIума хетара. Цо Iамийра суна пондар лакха а. «Хьан лерса ду муьлхха а мукъам лацалуш, цундела пондар а Iемар бу», – олура цо. Иштта хила а хилира.
1986-чу шарахь Соьлжа-ГIаларчу культпросветучилищен «Руководитель самодеятельных театральных коллективов» отделени деша яхара Лайлаъ. ТIеэцаран экзаменаш дIайоьлхуш, оьрсийн яздархочун И.Крыловн «Зингаттий, цаьпцалггий» басня йоьшучу Веданан районерчу йоьIан тидам бира комиссин декъашхоша, иза драматически артистан хаарш долуш хилар билгалдира цара.
– Кхиамца чекхделира сан дешар,– дагалоьцу Лайлаа, – хала даьхкина 90-гIа шераш дара уьш. Искусство дукхаезарна, Краснодарерчу культурин институтан режиссуран факультете яха лаам бара сан. Амма цIахь доккха ши стаг – да-нана а, тIехIоьттина кегарийн зама а хиларна, ойла еш яра со. Дешар дIадерзоран дипломан спектакль «Малиновкехь ловзар» цIе йолу комеди хаьржинера оха. Оцу спектаклехь Трындычихин роль ловзош яра со. Цуьнга хьаьжначу сан хьехархочо Игорь Семеновича элира: «40 шарахь ас болх бинчу театрехь хьан ловзаре кхочуш и роль ловзийнарг ца хаьа суна. Делахь а, Лайлаъ, хьан хаарш хьан цIахь алсам оьшур ду, хьайн похIмица хьо ехачу юьртахь къоман культура айъа еза ахь».
Сан хьехархочунна дика хаьара со кхидIа а деша лууш юьйла, амма дуьне а, и зама а дика евзаш хиллера цунна. Цо аьлларг дина цIайирзира со.
Веданан районан культурин отделехь хормейстеран а, режиссеран а, режиссер-постановщикан а, исбаьхьаллин куьйгалхочун а белхаш бина цо. Карарчу хенахь Селман-Тевзинахь юьртан клубан директоран болх беш ю иза. Ша ма-баххара, «одноштатни» белхахо ю Лайлаъ, амма юьртарчу школерчу берашца уллера гергарло леладо, царна юккъехь похIме бераш карадо, уьш шен-шен кепара хьаста а, ша бечу балха юкъаозо а зеделларг тоьу цунна. Шен «берийн» цIерш ехира Лайлаа, уьш бу: Даршигадова Падам, Ибрагимова Хьава, Товдарханова Милана, Исмаилова Хьава, Тайсумова Хеда, Агаева Сацита, ТоршиевгIар Докка а, Аминат а, Ахмадова Раяна а, иштта кхиберш а.
Лайлаъ кхоллараллин белхахо хиларе терра, ша эшарш а, иллеш а яздан корматалла йолуш ю. Цуьнан «мехкарийн» эшарш нохчийн халкъан кхоллараллех тера ю, масала:
Цхьа Iуьйре яра сан йита йиш йоцуш,
Цхьа суьйре яра сан йита йиш йоцуш,
Цхьа безам бара сан бита йиш йоцуш,
Со цунах ма ели, сан нийса нийсархой…
Веданан районехь а, цуьнан ярташкахь а хуьлучу дезчу денойн жигара дакъалацархо ю Лайлаъ.
Махметхаджиеван болх мехалчу совгIаташца билгалбаьккхина республикин культурин министра а, профсоюзийн куьйгалхочо а, районан куьйгалхоша а.
– Со цецйолу шен махкахваьлла кхечу махка воьдучух а, кхечу къомах волчу стаге маре йоьдучух а, – дуьйцу Лайлаа. – Кхечу махкахь, кхечу къомах волчунна хIун бевзар бу Къоьзан Iам а, Чермойн я Пешхойн лам а? Уьш сан синъондаллин тархаш ю. Уьш цабевзарш сан даге кхочур вац. Сан нана, йиша йоцуш байлахь йисича а, сайн лаьмнаш, Даймохк, сайн къоман адамаш диталур дацара соьга. Уьш безамца, даггара маракъуьйлу ас…
САРАЛИЕВА Табарак
№106, шот, 19-г1а сентябрь, 2015-г1а шо
