Иракан коьртачу шахьарахь – Багдадехь тIекIал шозза эккхийтар дина. Оцу бохамехь 24 стаг кхелхина, 120 гергга стагана чевнаш хилла. Царах дукхах берш вуочу хьолехь бу.
***
Къилба Суданехь экстремистийн боламан декъашхоша эккхийтар дар бахьана долуш лаххара а итт стаг кхелхина, лазийнарш шозза алсам бу.
***
ХIокху деношкахь Чилехь мохкбегийна. Цигахь итт стаг кхелхина, 15 стаг лазийна, бIеннаш цIенош дохийна. Бохамах ларвеш Iедало ханна цхьа миллион гергга стаг кхерам боцчу меттигашка дIакхалхийна.
***
Букина-Фасо пачхьалкхехь политикин карчам хилла. Iедал дIалаьцначеран а, царна дуьхьал болчеран а тасадаларш хилла. Цигахь кхо стаг вийна, иттаннаш лазийна. Iедал дIалаьцначара дозанаш дIакъевлина, махкахь комендантски сахьт кхайкхийна.
***
Ливин тIеман-хIордан ницкъаша Россин танкер а, цуьнан экипаж а дIалаьцна. Россин МВД-с оцу мехкан Iедале лехам бина катоьхнна танкер а, цуьнан экипаж а паргIатъяккхар тIедожош.
***
Мигранташ бахьанехь чолхе хьал хIоьттина Европин цхьамогIа пачхьалкхашкахь. Сербин а, Венгрин а дозанехь полицис къиза йиттина мигранташна. Хорватехь а дина изза. Цигахь цхьа мигрант вийна.
***
Европа а, США а вовшех дагаюьйлуш ю Россина 2016-чу шарахь а политикин а, экономикин а санкцеш яран хьокъехь.
***
ТIамах бевддачарна лерина Шемахь дуьххьарлера четарийн лагерь схьайиллина Россис. Цигахь дIатарвина 500 шемахо. Царна хIинцале кхачоян йолийна кхачанан сурсаташца, бедаршца.
***
Францин къоман Гуламо (парламент) къобалйина «Мистралаш» бахьанехь Россина компенсаци даларан хьокъехь долчу законан проект. Цуьнца нийса а догIуш, Россина цхьа миллиард доллар гергга ахча дала дезар ду Францин.
***
Польшехь бохийна Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болчу хенахь и мохк паргIатбоккхуш кхелхинчу Советски Союзан шозза турпалхочунна, инарлина И.Черняховскийна хIоттийна болу хIоллам.
***
Россин Президента В.Путина Сочехь кхеташо дIаяьхьира 13-чу сентябрехь мехкан 21 субъектехь хаьржинчу регионийн куьйгалхошца.
***
В.Путин хIокху деношкахь цхьаьнакхийтира Нохчийчоьнан Куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца а, ГIалгIайчоьнан Куьйгалхочуьнца Евкуров Юнус-Бекца а. Цара дийцаре дира Къилбаседа Кавказ экономикин кхиоран хьокъехь долу гIуллакхаш.
***
Россин кхечу мехкашца долчу гIуллакхийн министр С.Лавров Сочехь цхьаьнакхийтира Хонкарарчу шен коллегица. Цу шимма дийцаре дира Шемара а, Хонкарара а хьал.
№109, шот, 19-г1а сентябрь, 2015-г1а шо