«Терек» – «Уфа» – 4:1

Премьер-лигин командашна юкъахь Россехь хьалхеяккхаран чемпионатан 9-чу туран матчехь. Соьлжа-Г1алара «Терек» 19-чу сентябрехь шен ц1ахь «Ахмат-аренехь» цхьанакхийтира Уфа г1аларчу «Уфа» командица.

Соьлжаг1алахошна итт минот хан ца ийшира оцу ловзарехь счет схьаелла. Хьешийн капитана Пауревича «Терек» командера Ж.Маурисио шайн г1уданан майданахь охьатохар бахьана долуш, коьртачу суьдхочо пенальти тоха бакъо елира. Пенальти чутуьйхира оццу Ж.Маурисиос. 35-чу минотехь соьлжаг1алахой кхин а каде ловза буьйлабелира. О.Иванос генара шега дукха дика елла йолу буьрка Кудряшев Федора Маурисио Жозега кхачийра.  Цуьнан аьтто белира и чутоха. Футболисташ сада1а бахале лазийна волчу т1елатархочун Митришев Мохьмадан. И Садаев Заур меттаюкъавелира.

Шолг1а тайм йолаелча З.Садаев массийтазза нисвелира Нарубин Сергейн кевнна хьалха, амма буьрка чутоха аьтто ца болура. Оцу юкъана хьешаша пенальти яккхар бахьана долуш, С.Игбуна вайн командина гол туьйхира – 2:1.

Цул т1аьхьа соьлжаг1алахой ловзарна т1етаь1ира. З.Садаевс гол дукха хан ялале туьйхира. Вайн тренеро юкъаваьккхира Мазей Рыбуса. Цо счет кхин а алсамъяьккхира 4:1.

Цу кепара кху шарахь ц1ахь ловзуш дуьххьарлера толам баьккхира «Тереко».

27-чу сентябрехь 10-чу туран матчехь Соьлжа-Г1алара «Терек» хьошалг1ахь цхьаьнакхетар ю «Краснодар» командица.

 А.ТУРШИЕВ

№107, шинара, 22 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: