Къахьега Iемина куьйгаш

Хенан йохалла тайп-тайпана белхаш беш, даима а шен хаарш лакхадохуш,  къахьоьгучарех ву 2001-чу шарера таханалерчу дийне кхаччалц Хьалха-МартантIерчу Берийн кхоллараллийн цIийнехь прикладни искусствон хьехархочун болх беш волу Авхадов Султан.

Снимок.JPG1111111111

  Ша хьалха бинчу белхашкахь шена зеделлачух пайда а оьцуш, Iамадо цо бераш. 1971-чу шарахь Соьлжа-ГIалин мехкадаьттан институте деша ваханчул т1аьхьа,  цигахь 4-чу курсехь  доьшуш волуш, Соьлжа-ГIаларчу (Ремонтно-наладочное предприятие) заводехь болх бан волавелла иза.  1977-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн Радио-технически заводе дехьаваьлла. Цигахь инженер-технологан даржехь болх бина.

1980-чу шарахь дуьйна «Чечингпромстройматериалы» КСМ-1 ЧИГУ+-П-н заводехь болх бина. Миччанхьа болх беш хилча а, шена т1едехкинчу декхаршца дика ларош схьавеана Султан. Балхаца ларорна делла тайп-тайпана совгIаташ а ду. Къаьсттина еза хета цунна Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас елла Сийлаллин грамота.

Иштта, кхиамца болх бо цо тахана. Дешархошца каникулашкахь а,  дешаран хенахь а тайп-тайпана белхаш бо, царна  тайп-тайпана кег-мерса хIуманаш ян Iамош.

Шайн юьртарчу маьждиган кертахь а, иштта кхийолчу меттигашкахь а синтарш дийгIина цо шен дешархошца цхьаьна. Иштта олхазаршна баннаш деш, уьш бIаьста хуьйцуш, гIуллакх а дина цара.

Султанан дешархоша  йина хIуманаш районан гайтамашкахь хуьлу, дукха хьолахь хьалхара меттигаш йоху цара.

– Болх даггара бича, сиха карабоьрзу, дика ка а долу. Заводашкахь болх бинчул тIаьхьа сайна мел Iеминарг, тайп-тайпана механизмаш вовшахтийсар а,  пхьола дар а, иштта кхидолу хIума а Iама луучунна дIадала лаам бара сан. Кхин дIогара даккхий хIуманаш ца Iамадахь а, кегийчарна ков-кертахь оьшу гIуллакх дан а, шайн дахарехь пайдехь хиндерг а Iамо  аьтто хуьлу сан, – элира Султана тхоьца хиллачу шен къамелехь.

  Хь.БАХТАЕВА 

№107, шинара, 22 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: