Россин Федерацин Президента 2008-чу шеран 4-чу февралехьлерчу Указца Россехь хIора шеран 3-чу декабрехь билгалдоккху Юристан де. ХIетталц юристашна лерина цIей хилла дац вайн пачхьалкхехь. 2009-чу шарахь дуьйна дIадолийна «Шеран юрист» Россин юридически лаккхара совгIат далар.
Юристан говзаллин коьрта Iалашо нийсо яр ю. Дуьненахь башха дукха яц цу тайпа жоьпалле, лераме, чолхе говзаллаш. Юридически декъа юкъабогIучу белхахойх – суьдхойх, адвокатех, прокурорех, пурстоьпех доьзна ду кхочуш дан ма-дезза законаш кхочушдар а, бакъонаш ларъяр а. ТIаьхьарчу шерашкахь Россин дешаран министерствехь коьртачех цхьаъ хилла лаьтта къоначу юрист хаарш лаккхара долуш кечбаран проблема. Лаккхарчу дешаран юридически учрежденеш дIаяхар а (церан барам лахадаккхар), юристан говзаллина заочни дешар ца магор а ду хьехош. Дешаран министерствон хаамашца, Россин лаккхарчу дешаран учрежденешкахь юристан говзаллина доьшуш 700 эзар сов студент ву. Царех мелла а говза, похIме хьакъболу говзанчаш хиларе сатуьйсу.
Шайн говзалла дика евзаш болу юристаш Нохчийчохь а бац кIезиг. Царех цхьаъ ву Нохчийн пачхьалкхан университетан «Граждански бакъонан а, процессан а» кафедрехь болх беш волу Гулаев Бекхан. Иза вина 1998-чу шеран 19-чу июлехь Грозненски районан Первомайски юьртахь. Циггахь 2005-чу шарахь кхиамца школа чекхъяьккхина, Нохчийн пачхьалкхан университетан юридически факультете деша хIоьттира Бекхан. 2010-чу шарахь тIехдика дешарца университет чекхъяьккхина, лакхахь билгалбаьккхинчу балха хIоьттира. КхоалгIа шо ду иза цигахь балхахь волу. Кафедрехь ассистент хиларал сов, бахархошна маьхза гIо деш йолчу юридически клиникехь а къахьоьгу Б.Гулаевс.
«Бераллехь, сайн накъосташа цхьаъ дича, цаьргахьа гIо доккхура ас. Жимчохь дуьйна тайнера суна юристан говзалла. Цундела, дахаран некъ харжарехь шеконаш ца хилира», – дуьйцу Бекхана. Юридически Iилманийн кандидат хила Iалашо йолуш ву иза.
Юридически клиникин куьйгалхочо Хазбиев Тимура а, белхан кхиболчу накъосташа а дика тоьшалла до Гулаев Бекханна. Оха декъалво Гулаев Бекхан а, вайн республикин кхиболу юристаш а Россин Юристийн денца. Лаьа балхахь кхиамаш хуьлийла а, шайн дахаран Iалашонашка кхочийла.
А.ВАХАЕВА