21 сентябрь (1883 шо). Веданахь вина Саракаев ИбрахIим-Бек (кхелхина 1934-чу шарахь) , яздархо, журналист, «Нохчийчоьнан лаппагIанашкахула», «Нохчийчоь а, Шемал йийсаре вигар а» книгийн автор.
25 сентябрь (1966 шо). Шуьйтахь вина Исаев Хьусайн (кхелхина 2004-чу шарахь), пачхьалкхан а, юкъараллин а деятель, экономикин Iилманийн доктор.
25 сентябрь (1914 шо). Соьлжа-ГIалахь вина Батукаев ХIарон (кхелхина 1999-чу шарахь), нохчашлахь дуьххьарлера корматаллин режиссер, Нохч-ГIалгIайн АССР-н халкъан артист.
25 сентябрь (1975 шо). Соьлжа-ГIалахь схьайиллина троллейбусан дуьххьарлера маршрут.
27 сенятябрь (1913 шо). Кхелхина нохчийн гоьваьлла обарг Харачойн Зеламха (вина 1872-чу шарахь Веданан кIоштан Хорача юьртахь.
27 сентябрь (1953 шо). Вина Димаев Iела, композитор, иллиалархо, Нохчийн Республикин халкъан артист.
29 сентябрь (1999 шо). Нохчийн Республикехь дIайолийна контртеррористически операци (чекхъяьлла 2009-чу шеран 16-чу апрелехь).
30 сентябрь, 1949 шо. Юккъерчу Азехь вина Овхадов Муса, филологин Iилманийн доктор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин декъашхо-корреспондент.
№107, шинара, 22 сентябрь, 2015 шо