Шен матте лерам хилча…

Вайн къоман маттаца  йолу  юкъаметтиг шелъелла йогIуш хиларх кхетачунна халахеташ ду гуобаьккхина лаьттачу туьканашна, кхача буучу меттигашна, школашна, ерриге а юкъараллин учрежденешна, доцца аьлча, дIа бIаьрг мел кхетачу меттехь деша таро ерг алссам оьрсийн а, мелла а кIезиг ингалсан а, Iарбийн а маттахь яздина а, церан дукхаллина юккъехь наггахь бен нохчийн маттахь яздинарг цахилар а.

жипег

 Вайна кхечу къаьмнийн мотт-йоза хаар вон ду бохург а, иза ца оьшу бохург а, и хаар халахетар а дац иза. Амма вайн маттахь яздина гайта мегарг а, дийца мегарг а кхечу маттахь хилча башха хир ду аьлла хIунда хета техьа?

Кхечу къаьмнийн  а, кхечу пачхьалкхийн а вайн къоме болу лерам цуьнан шатайпаналла бахьана долуш ду. Ткъа и шатайпаналла,  вайн къоман гIиллакх-оьздангаллех йоьзна ю. Ткъа къоман гIиллакх-оьздангалла цуьнан матто цхьана билггалчу хоршахь латтош а, мотт бахьана долуш яьхна а, ехаш а хиларан шеко яц.

Дависарг, дуьненан юкъаралла тахана санна кхиъна йоцучу хенахь дикачу агIор девзаш а хилла, тахана дуьне а интернет-мазанца доьзначу заман чохь, вайн дикачу гIиллакхех, маттах, махках дозалла дан таронаш йолчу хенахь, вешан доцург муьлхха а мегаш муха хир ду вай? Кхеташ ду, вайн къомо дукха халонаш лайна паччахьан заманахь а, советан хенахь а: махкахдахар а, тIеман къизаллаш а.

И халонаш вай нохчий долу дела лайна хилар ма хаьа вайна. Тахана царах чекхдевлча, нохчий хилла диса ца мега вай?

Вешан къоман мотт бийцар а, цуьнан пусар дар а паччахьан тIедилларца кхочушдаре довлар, вай ледара довлар дуй-техьа?

Ойла яйша, махкахой, Iалхан-ГIаларчу машенийн чкъургаш тоечу пхьалгIина тIетоьхна нохчийн маттахь йоза хилча, кхечу махка кхаьчча санна хIунда хета, оцу пхьалгIин да бакъволу нохчи хилар а, цо шен мотт ларар а, кхечу маттахьчул а цара дечу гIуллакхийн чулацам бастар а ма го оцу йозанца.

Иза ма ду вайна оьшург, вешан мотт бийцар, безар, цуьнга лерам хилар.

Т.САРАЛИЕВА

Авторан сурт  

№107, шинара, 22 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: