ХIокху деношкахь зIенан, хаамийн технологийн, шуьйрачу коммуникацийн декъехь терго латторан Федеральни службин Нохчийн Республикехь йолчу урхаллехь республикин шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалша дакъалецира Субботин Вадимца хиллачу видеоконференцехь. Онлайн рожехь дIаяьхьира конференци.
Цигахь вайн республикерчу Къилбаседа Дагестанерчу а, ГIалгIайчуьрчу а, Кхарачойн-Чергазийчуьрчу а, Къилбаседан ХIирийчуьрчу а шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалша дакъалецира.
Видеоконференцехь йийцаре йира газет я журнал арахецаран бакъонаш а, уьш талхор нислуш хилар а. Вай лакхахь хьахийначу меттигашкарчу журналистийн таро хилира Роскомнадзоран урхаллин куьйгалхочуьнга Субботин Вадиме шайна хаа луург хатта. Тайп-тайпана, мехала хаттарш делира цуьнга. ХIора жоьпана дуьззина жоп лора цо.
Шен къамелехь цо билгалдаьккхира, цхьадолчу газета, журнала тIехь редакцин адресах дерг нийса яздина ца хуьлуш хилар. Церан адресашна а, логотипашна а тIехь леррина терго латто езаш хилар тIечIагIдира Вадима.
Интернета чухула зIене бевлла хиллехь а, цхьана зала чохь гулбелча санна жигара дIабаьхьира видеоконференцин болх.
З.ЛОРСАНОВА
Авторан сурт
№107, шинара, 22 сентябрь, 2015 шо