Адам кхиорехь ненан мотт Iаморан маьIна

цIе йолчу темина лерина семинар дIаяьхьира кху деношкахь «Республикин берийн а, кхиазхойн а кхолларалла кхиоран» туьшахь.

семинар

Кхузахь гулбеллера республикин ерриге а районашкара «Берийн кхоллараллин цIенойн» куьйгалхой а, говзанчаш а. Туьшан директора А.Басхановс гулбеллачаьрца цхьаьнакхета кхайкхинера Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Администрацин а, Правительствон а динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан Департаментан директоран заместитель Эльмерзаев ИсмаьIал а, нохчийн яздархой Яричев Iумар а, Кусаев Iадиз а, журналист Саралиева Табарак а.

Маршаллин дашехь А.Басхановс билгалъяьккхира шайн Iалашо:

– Хууш ма-хиллара, хIора шеран апрель баттахь вешан ненан маттах лаьцна дуккха а дийца а дуьйций, юха цхьа хан яллалц, дуьтуш Iедал ду вайн. И ламаст дохон ойла йолуш а, вуьшта а, ненан маттах лаьцна хIора дийнахь дийца дезарал сов, вешан къоман мотт – нохчийн мотт, и дуьххьара ненера хазарна, «ненан мотт» олий, вай билгалбоккхуш болчу матто, адам кхиорехь кхочушден маьIна дийцаре дан а йолчу Iалашонца кхайкхинера оха шуьга. Дела реза хуьлда, кхуза дахкарна.

– Вайн къоман бераш кхиорехь доккха дакъа дIалоцуш адамаш ду шу, – билгалдаьккхира I.Яричевс, – тхуна санна, шуна а лазаме ду нохчийн мотт бовр бу боху эладитанаш. Дуьнен тIехь эзарнашкахь хиллачу меттанех цхьана бIене кхочуш мотт бен цабисар хууш ду.  Шеко йоццуш, мотт бахийта, иза бийца беза, цуьнца пачхьалкхан учрежденешкахь документаци лелон еза, иза интернетехь а, телефонехь а хила беза. Оцу гIуллакхех ах а кхочушдеш бац нохчийн мотт. Амма вайн къомана и мотт белларг АллахI Дела ву, Цунна лаахь и бехар бу. Ткъа вайн декхар ду и мотт бахийта бахьанаш лелор.

Шен къоначу шерашкахь нохчийн меттан хиллачу сий-ларамах а, тахана долчу хьолах  а лаьцна дийцира I.Кусаевс. Цо билгалдаьккхира:

– Вайн маттах а, вайн къомах а дог лозуш Сулейманов Ахьмад санна болу кIентий алссам белхьара, мотт лийр бацара. Амма дицдан ца деза, цуьнан бала кхаьчнарг а, цунна лерина Де билгалдаьккхинарг а  Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан хилар. Цуьнан накъостий хила декхар ду вай а, Дала мукъ лахь, вай дан а ду. Вайн мотт бехар болу агIо лелор ю-кх вай ницкъ кхочучу кепара.

И.Эльмерзаевс элира:

– Делан дош ду: «Оха шу къаьмнашка а, тайпанашка декъна, шу вовшашна довзийта», делахь-хIета: дуьнен тIера дерриге а адамаш а, церан меттанаш а цхьабосса деза ду Далла хьалха. Цундела, царна юкъахь коьртаниш а, сийлахьниш а хержа йиш яц вайн. Амма вовшашна довзархьама меттанаш Iамо деза, тIаккха а, шен ненан мотт кIорггера хууш хилчий бен ца Iамало уьш а боху Iилманчаша. Мел дукха дийцича а, шен ненан меттан марзоне кхечу къоман маттахь кхачалур вац. Бийца а, беза а беза ненан мотт.

– Мотт доьзалехь бийцарца, цуьнан лаккхара мах хадор дега-ненера а, хьехархошкара а делахь, берашна безар бу шайн къоман мотт, цара и буьйцур а бу, – билгалдаьккхира журналиста Т.Саралиевас, – амма дахарехь и оьшуш бац – оьрсийниг а, ингалсниг а оьшу вай баьхча а, ваьш бийцарца я ца бийцарца масал гайтича а, вайн тIахьенашкахь цуьнга сий-ларам хир бу аьлла ца хета.

Нохчийн мотт берашна а, кхиозхошна а безийтархьама, цуьнан сий айдархьама а шаьш дечу гIуллакхех лаьцна дийцира хIокху туьшан методиста Аздамирова Хедас а, психолога Умарова Марема а.

Вайх муьлххачунна а хаа деза, къоман гIиллакх-оьздангаллин чIагIо  маттаца йоьзна хилар. Мотт   дIабаьлча дIаер ю и чIагIо, тIаккха хир дуй-те вайх дуьненна а девза нохчийн къам? Дала ма гойтийла и де цхьанна а. Цуьнан дуьхьа къахьега а, хьокъалла доллу  гIуллакхаш  кхочушдан а деза вай, билгалдаьккхира семинаре гулбеллачара.

Т.Алиева   

 

№107, шинара, 22 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: